ТIекхочийла долу линкаш

Нохчий бохош лайца йилхира стигал


Советан Союз -- Нохчий цIерабаьхна де, 23Чил1944.

Советан Союз -- Нохчий цIерабаьхна де, 23Чил1944.

Нохчий бохочу 1944-чу шарахь, Сталинан Iедало къоме кховдийна харцо халонга яьлча санна, цу Iай дуьххьала лайца йилхира стигал а бохуш даре до къаноша.

Кхузткъе итт шо кхочу нохчийн къам дохийна Сибрех, Юккъерчу Ази, дIахьажийна. Ирча, къематде санна, дохадар дагадогIучех цхьаъ ву Теркйист кIоштера къано Ибрагимов Ката. ГIаж таккхол мел верг цхьана метте дIагулвира салташа бохуш, долийра цо къам дIакхалхорах шен гIайгIане къамел.

Ибрагимов Ката: «Диъ сахьт даьлча Iуьйранна дIагулдира тхо цхьанаметте бераш а, зударий а боцурш. ТIаьхьо а тхо а гулдира. Со-м I4 шо а долуш воккха стаг вара.тхуна хьалххехь хууш цхьа хIума дацара. ЧIогIа къайле йинера цара къам дохадарх. Цу дийнахь бен ло деъна дацара цу шарахь.

Сарралцш,бода боллалц арахь кхебир-кх цара тхо. Сарахь Iамерикан студеббекерш машенаш тIе а теттина Новр кIоштан Ищери дIадигира цIерпошт тIедотта.»

Корр: ЦIерпошт муха дагайогIу хьуна, шаьш дIабина некъ?

Ибрагимов Ката: «Зударий, бераш, баккхийнарш, кегийнарш -массо тоттий шайн доьзалшца дIа чубух-кх.Къестор дан а дац-кх Зударий ,божарий…Iалалай,вададай , Юуш яц, молуш яц дIа-дIа-дIа. дIадоьлхуш ду-кх.

Цхьа хан яьлча, цхьана кепара пеш хIоттийра шалон чохь. Дечин туьллуш. ЦIерпошт сацийча охьахьалхар адам…арадахар гIуллакх…Цкъа а шаьш цаленийнарг, лелор доцург лелийра.

Хьалавала тIаьхьависча, тоьпийн баххаш детташ ницкъ бора. Шалон тIехь Iуьрг а даьккхина хьашт –дезарша луьстура. Петухов станцехь охьадиссира. Мацалла, шело чIогIа лайна. Амма къаьсттина чIогIа ницкъ мезаша бора.

Ирча эхь дара, чухула лелаш хаа а луш , цара хьийзавар. Дан хIума дацара. Цара ваахь а садетта дезаш дара. Цу станцера стерчий доьзначу салазаш тIехь кхин а бIе чакхарма некъ тоьхна, дIакхевчир-кх тхо.

ТIаккха бухарчара чу ца оьцуш хьийзира. Чудитча «враги народа» бохуш Iе ца дуьтуш. Эххар а Степанова бохуш яра йисина Iаш цхьа зуда цо дIадигир-кх шайга. Сой ,наний, кхо йиший дIадигира цо хIорш тоьур бу шена аьлла».

Корр: Ката, оцу мезех муха цIандели шу?

Ибрагимов Ката: «ХIоранна а банеш яра церан, чIогIа дика. Оха тхайн бала балхийча цу чохь тхан хIумнаш дIа а оьхкина,цара дагийр-кх уьш. Шашлык а ялур йолуш йовха мА яра цу чохь. БIаьстенга девлча арадаха хьовзийр тхо.ТIаккха тхо тоьланаш а йохуш, таттаделла лаьттах дахар-кх.»

Корр: Юучуьнца мел ницкъ хилира шуна? Мел яхъелира шуна хуьлуш йолу гIело. Мацаллица а,дан амал цахиларца а.?

Ибрагимов Ката: «Делан къинхетамца цара дIакхиссинчул тIаьхьа церан бошмашкахь картолаш лехьайора оха, схьа а охкура. Хеча йоьхкина а ца йиъча ма ца йолура. Бежний кхаба деза аьлла тхуна шинар делира дебийта аьлла. Оха мацаллина дан хIума а ца хилла, и дIа а доьхкина, ялта ийцира.

ТIаккха тхан да коменданто вадийна лелийра чувуллур ву, вуьйр ву ша бохуш. Валлай биллай чIогIа къахьегийтира дега. Хьайна лаахь чу а волла, хьайна лаахь вен а виэ,ас доьзална дан амал а ца хилла дина динарг.

Ибрагимов Ката: «Хьан и дохка бакъо яцара»,- коменданто аьлча дас аьллера: «Сан и дохка бакъо яц, мацалла вала бакъо ю юй? Бераш мацалла делча ас хIун до цу аттах?» 1950 –чу шарахь дукха ялташ а кхиъ садоIийла елир-кх».

Корр: Нохчийн къомо уггар къа-бала лайна хан дохадар хилла аьлчи бух болуш хир дуй?

Ибрагимов Ката: «Дуьненчохь къематде догIур ду олу-кх. суна хетарехь и къематде кхин а атта хила мега-кх . Оццул хала дара и лан.»

Соьца нохчийн къам дохадар хьокъехь къамел дина Теркйист кIоштера Ибрагимов Катас чIагIдарца, кхин балане хуьлий те жоьжахатий аьлла хоьтуьйтуш, хало –эрчонаш лан дезна вайнехан Сибрехахь даьккхинчу 13 шарахь, нохчаша ма аллара аьлчи текхначу сахьийзамечу 13 шарахь.
XS
SM
MD
LG