ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь дагалецира нохчийн къоман бохам


 Венехь дагалецира нохчийн къоман бохам.
Венехь дагалецира нохчийн къоман бохам.

Нохчийн къам дIадохийна 70 шо кхачарна лерина пресс-конференци дIаяхьира Венерчу Австрерачу журналистийн а, яздархойн а цхьанакхетараллехь.

Нохчийн къам дIадоходийна де кху шарахь Сочера Олимпийн ловзарш дIадерзарна леринчу даздаршца цхьаьнанислуш ду. Доллу дуьне цу спортан шатлакхе хьоьжучохь цу дуьнено башха тергал ца деш дуьссуш бу дIабохийначеран а, церан тIаьхьенийн а Iийжам. Иза, и Iийжам, биц ца балийтархьама, и биц бан йиш ца хилар дийцархьама а гулбеллера Венерчу Конкордиа пресс-клубехь цхьа могIа австрихойн а, нохчийн а Iилманчаш а, юкъараллин жигархой а.

И вовшахкхетар хьалха-тIаьхьа даьккхинарг вара Венера нохчийн политологин Iилманча волу магистр Чапханов Руслан. Цуо иштта дийцира Маршо радионе ша и цхьанакхетар вовшахтохаран Iалашонехь лаьцна.

Чапханов Руслан.
Чапханов Руслан.
Чапханов Руслан: „Вай къам дIадохийна де ду тIедогIуш дерг. Тезета санна вай вовшах а кхетта, и санна долу хIума вайна кхин тIе ца кхачийта хIун дийр дара теша аьлла дуьйцуш, вай хIун бехк болуш бинера вайн и бохам бохург дийцаре дан Iалашо яра тхан. И вовшакхетар даххьал дIахьош хилча, лакхарчу тIегIанна тIехь дIадахьа лаьара суна. Кху Венехь а, Австрехь уггаре а тоьллачех хIусам а яра и пресс-клубан хIусам.

Цигахь дакъалаьцнарш а бара дуьненна а бевзаш болу нах. Сюзанна Шолль массарна а евзаш журналист а, яздархо а ю. ХIанс-Георг Хайнрих дуьненчохь цIе йоккхуш Iилманча ву. Цигахь хилла йолу Йоханна Атсманторфер пхи шо хьалха шен Iилман болх вайн дIадохарах лаьцна язйина Iилманча ю, чIогIа дика а язбинера цуо и болх. Иштта цу кепара уггаре а тоьлашха болу специалисташ вовшахьтоьхнера оха цигахь вайн хьал ма-дарра дийцархьама“.

Гуламехь дакъалоцуш хиллачех цхьаъ вара Европахойн-нохчийн юкъараллин президент волу профессор Шарнер Берта. Таханлера вовшахкхетар шозза а маьIне ду элира цуо шен къамелехь, хIунда аьлча, хIара де нохчийн кхам дIадохор дагалацарна лерина хиларал сов, хIинца нийса I0 шо кхаьчна Австрехь дуьххьара нохчийн къоман векалш, тоба санна, юкъаралле а бевлла, цара Венехь митинг дIаьяхьана.

Шарнер Берта: „ Итт шо хьалха дуьххьара, цхьа бертахь тоба а хилла, кху Австрехь юкъаралле бевлира нохчий, къам дIадохийначу дийнахь митинг а еш. ХIетахь дуьйна хIора шарахь иштта митингаш дIахьош ю нохчаша Венехь чилла беттан 23-чохь. Австрехь бехачу нохчийн диаспорин коьрта вовшакхетар хуьлу цунах. Иза вуно мехала ду. Кхин цхьаъ ду. Кху шарахь 70 шо кхочу нохчийн къам дIадохийна. Иштта итт шо кхочу Европарламенто и къам дохор геноцид яра аьлла сацам 2004-чу шарахь тIеэцна а. Цундела а мехала ду вай тахана кхузахь вовшахкхетар“.

Пресс-конференцехь дакъалоцуш яра евзаш йолу австрихойн журналист а, яздархо а Шолль Сюзанне. Дуккхаъ шерашкахь меттигерачу телевизионан корреспондента санна Оьрсийчохь болх бина йолу Шолль Сюзанна хийлаза хилла Нохчийчохь. Малхбузерачу журналисташлахь уггаре а дукхоха ДегIастанарчу тIамех а, цу тIеман тIаьхьалонех а язйинчера могIаршлахь ю иза.

Шолль Сюзанна: „ Цхьа хIума хьахон луур дара суна - и къам дIа а дохийна, цу къомана дуьхьал сел къиза зулам дина хилла ца Iаш, хIетахьлерчу Советан Iедало нохчийн къомах болу массо а салтий а, эпсарш а тIамтIера схьа бохуш, дIабохийна хилар а дара вуно доккха зулам, Советаша шаьш шайна дуьхьал дина долу. ХIунда аьлча, хууш ма-хиллара, нохчий вуно дика а, майра салтий а, тIемлой а бара цу хенахь а, даима а. Нохчийн тIемалой цу ШозлагIчу дуьненан тIамехь дакъалоцуш ца хиллехьара, Советан пачхьалкхан тIеман эшамаш дуккхаъ дукхох хилла хир бара ала йиш ю вайн“.

Къам дIадохор дуьйцучохь ца хьахош ца дисира Австрехь а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а карарчу хенахь бехачу нохчийн хьал а. ХIунда аьлча, элира Шолль Сюзаннес, нохчийн мухIажаршна политикан тховкIело ца луш дацаре жоьпаш даларан коьрта бахьана – иза меттигаречу хьукматхошна цу махкахь хиларг хIун ду я адамаш лайнарг хIун ду ца хууш хилар ду. Иттанаш я бIешераш хьалха хилларг хьовха, вайн заманахь хилларг а бохуш дийцира цуо.

Шолль Сюзанна: „Таханлерачу хьолах лаьцна аьлча - суна цундела а хета хIара вайн гулам мехала, - кху Австрехь хьукматхойх цхьа а вац, Нохчийчохь хилларг девзаш, я мацах хилларг а, я хIинца дерг а. И ду тховкIело йоьхучеран дехаршна жоп ца даларан бахьана а, мухIажарш шаьш схьабаьхкинчу юхахьежоран бахьана а.

Диц дан мегар дац цу мухIажаршца болх бечара – церан кхолламаш уьш кху Австре схьакхаьчча буьйлалуш бац, цигара листа ца беза уьш, дуккхаъ хьалхарчу заманчуьра дуьйна листа беза. Дийцина ца валлал дукха ду нохчийн шайн исторех лаьцна дийца, хIинцалерачу церан кхолламех а, хьолах а нах кхетон йиш йолу хIумнаш ду уьш. Хийла ас иштта хIума мухIажаршца болх бечу хьукматхошка дийцича, уьш цецбовлу, тхуна иза хууш ма дацара, олий“.

Кух деношкахь Европа мел ю нохчийн диаспоршкахь къам дIадохош я дохийначул тIаьхьа Сибрехахь а, Юкъерчу Азехь а байинарш а, баланаш, мацаллла а, шело а лайнарш а, цкъа а ДегIаста цIехьа ца боьрзуш, хийрачу лаьттахь биснарш дагалоцуш дIахьош болчу гуламех а, дагалецамийн цхьанакхетарех а цхьа дакъа дара Венерчу цIеяхханчу Конкордия прессин клубехь дIадаьхьнарг.
XS
SM
MD
LG