ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь Оьрсийчоьнан кхечу мехкашкахьчул дукха бу заьΙапхой, кΙелбисина нах. Лаьттинчу тΙемийн къаьхьа жамΙ ду иза. Оцу нахана баха оьшу хьелаш а ду махкахь ледара, масала, даима а хьегΙачу лазаршна дуьхьал молханаш латтор.



Цхьаболчу лоьраша чIагIдарца,чекхдала герга дахана молха тIе а дохьуш, оьшуш мел долу молханаш дарбанан цIийнашкахь долуш ду. Царна хетарехь, цхьаццанхьа хьарамлонаш лелош, лазархошна дIа ца кхочуьйтуш хила а тарло молханаш, вуьшта, боху цара, уьш лазарнешкахь ходуьйтуш дац.

Ишта хьажам болучех ву соьца къамел дина цхьана кIоштера коьрта лор.

«Массо дарбанан цIийнашкахь нислуш хIума ду цкъацкъа, цхьана ханна цхьадолу молханаш кхачош, хьо керла барт бина валале. Вуьшта, дархочунна оьшу молханаш кхузахь хуьлуш ду. Кхечанхьа дерг ала ца хаьа суна, амма ас сайх жоп лур ду. Ас молханаш дIакхочуьйту.леррина цу гIуллакхна лоьрайиша ю сан жоьпалле йина. Ас ур-атталла куьйга кIел долчу молханийн чот а дIауллуьйту лазархошна ган йиш йолуш».

Дархошна молханаш латтор хьокъехь соьга дуьйцуш волчу цхьана дарбанан цIийнан коьртарчу лоьро дийцарехь, цкъацкъа цакхетар нислуш меттиг йогIу кхечу кIошташкахь зераш а дайтина, лазархо схьавеъча.

Лазарненан коьрта лор: «Кхин цхьа хIума а ду. Кхечу кIошташкахь шайн могашаллина зераш а дина, молханаш а яздойтий, схьабогIу цхьаберш. Царна юкъахь суна а, масала, цкъа а хезна доцурш а хуьлу.Тхоьгахь уьш ца хуьлуш меттиг а нисло. Молханаш лагIдала доьлча, хьалххе гIаIгIа бан беза-кх лоьро. Коьртачу декъана лазарнешкахь молханаш долуш ду. Уьш дIакхачийтар, цакхачийтар - иза кхин хаттар ду».

Нохчийчохь цхьанне а къайле яц, лоьраша молханаш шайна санехьа дерзош хиларан. Къаьсттина чIогIа иза тергалло Соьлжа-гIалин лазарнешкахь. Кхузахь, беш хьулам а боцуш, хецца бахархошка шайгга оьцуьйтуш ду мел оьшу молха. Масала. Соьлжа-гIалин ИссалгIа дарбанан цIа олучу лазарнехь. И бохург дац Нохчийчохь заьIапхошна а, лазархошна а маьхаза молханаш даллане а ца ло бохург. Шена тIеязбина Iедало маьхаза молханаш луш болу заьIапхой болчу аптекехь хьаькам ву соьца къамел дан реза хилла соьлжгIалахо Сапар.

Сапар: «Ас кхузахь молханаш дIалуш дукха бу. Уьш тайп –тайпана ду. Рецепт хилча бен духкуш доцурш а ду царалахь, психотропни олуш ду-кх уьш».

Маршо Радио: Хьалха хьо волчу схьахIуьттуш, молханаш хоьттуш, дукха заьIапхой бар-кх. ОьгIаз а оьхуш, девне а буьйлуш, стенна хьедо цара молханаш бохуш, беза а буьйш, арз дан кхерам а туьйсуш...

Сапар: «ТIаьххьара кхеташонехь тхан хьаькамо схьааьлла-кх тхоьга, 150 млн сом ахча делла, молханаш оьцур ду аьлла, кестта хир ду аьлла молханаш. ХIинцца ахча делла-кх. Кху баттахь, хье а ца деш, молханаш хир долуш ду-кх».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG