ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъаза экзамен


Оьрсийчоь -- Пачхьалкхан юкъара экзаменан хаттарш чохь долу кехат схьадостуш ю хьехархо, 27Стиг2009
Оьрсийчоь -- Пачхьалкхан юкъара экзаменан хаттарш чохь долу кехат схьадостуш ю хьехархо, 27Стиг2009

Еарриг а Оьрсийчохь санна пачхьалкхан юкъара экзамен дIалуш бара Нохчийчура школа чекхйоккхуш болу дешархой. Цу гIуллакхе бIаьрг тухуш Теркйистехь масех школехь хилира тхан корреспондент Хасимиков Iусман. Кхеташ дацара экзамен дIалуш берш дешархой бу, я церан гергарнаш бу бохуш дуьйцу цо.

Кху стигалкъекъачу беттан 27-чу дийнахь кхечу кIошташкахь санна,уггар халчех ларалуш йолу оьрсийн мотт экзамен дIаелла нохчийн ишколашкахь а.Нийсам-ма чекхъяьлла аьлча хила там а дера бара,стенна аьлчи экзамен дIаелларш,бIаьрзечо ца алахь, дешархой бу ала хала долуш сурт дара тергаллуш дерг.

Нагахь экзамен дIаяла чувахнарг бIе стаг велахь,арахь ,ишколан кетIе сийсош, 5-6 бIе дай-наной а,гергарниш а, царал а дукха юй те аьлла бIокъажош машенаш а хуьлура экзамен йолччу ишколехь.

Царна юкъахь хилла-м хир бу шайн кIентан я йоьIан хаарех теша а тешаш,шек а боцуш, сапаргIат Iийнарш а. Амма дукхахберш ,бIаьрга сара кхетча санна хьийзаш бара берийн метта экзаменаш дIалуш.Къаьсттина дуьне тIарал гатделла хьийзарш наной бара шен-шениг толаме кхачо гIерташ.»Экзамен дIаяларан» кеп ишта яра.

Хьалххе бинчу бартаца ишколан чуьра хеттарш тIехь долу кехаташ араидош цхьаберш бу,цу хеттаршна жоьпаш луш арахь кхин говзанчаш бу,мах белла а,баланза а балийна.Жоп карийна хаттар цу дела сохьта чу кхачадо.Доцца аьлчи,тIаьхьалонна саготта,лол бетташ дIасауьдучу зингатийн хьесапехь,синтем боцуш готте хьийзаш дара адам а,шайн «кIорнеш» ирсе кхачо гIерташ.

ХIуъчара дийцарехь Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь санна дIалуш ю Нохчийчохь а ЕГЭ олу цхьа экзамен.лаккхара баллаш езачара мах а луш балийна бу хьехархой шайн йоIана я кIантана гIо дайта.Оьшуш йолчу баллашка хьаьжжина 5 эарна тIера 20 эзарне кхаччалца а ,кхин а лакхара а хуьлчух тера ду луш долчу ахчанан барам.Оьрсийн мотт экзамен дIаелла ларало 26 балл баккхахь.ТIаккха кхоъ дуьллу. Цунах,кхааннах, тоам бечех ю соьца къамел деш йолу шиъ.Церан цхьанна йиша.вукхуьнан ваша вара экзамен дIалуш.

Ма-дарра аьлчи кIезиг хьехархой-говзанчаш бац экзаменаш дIалу муьрехь нахана гIо а деш,цу кепара «ахча деш».Бакъду,цхьа шай а ца доккхуш дешархошна гIо дийраш а бу. Иштачех ву Ножай-юьртан кIоштера хьехархо а. Цхьанха чу а вулий.экзамен дIаяллалц берашна ша гIо деш долу 3-4 шо а дера ду,амма ур-аттал мала туьканара хи деъна а шена-м ца елла церан дай-наноша хIумма а бохуш дуьйцура цо.

Кхеташ долчу бахьаненна сан цIарца йийца йиш яц цхьа ишкол а,я къамел дан резахиллачеран цIерш йохийла а дац.Шен вешин кIантана орцах ваьлла ву хIинца соьца къамел деш волу филолог. ДIаяьлла экзамен хьуна муха хийтира? ХIун эр дара ахь цунах? Цо делла жоп ишта дара.

Цхьаболчара тидарехь ЕГЭ олу экзамен юкъаяккхарх галдаьллехь бен тоделла хIумма а дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG