ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIинца хIун ун даржийна Нохчийчохь?


Нохчийчоь -- 17-чу школера "бурчан" газах цомгуш хилла дешархой бехкина дарбан цIийне, Соьлж-ГIала, 20Заз2013
Нохчийчоь -- 17-чу школера "бурчан" газах цомгуш хилла дешархой бехкина дарбан цIийне, Соьлж-ГIала, 20Заз2013

Нохчийчохь цхьана а Ιедало я хьукматаша а дуьззина бахьана толлуш а доцуш лаккхара лаьтта баларш, кест-кеста яьржа кхечунхьа хуьлуш а йоцу цамгарш. Оцу хьоло яьхна дарба лоьхучу нохчех оьрсийн мегаполисаш.



Оьрсийчохь, масала, 1000 берах хьалхарчу ялх дийнахь леш дерг 8-9 бер бен дацахь, Нохчийчохь изза гайтам 20 кхоччуш бу. Оццул башхаллаш йолуш терахьаш далийна дукха хан йоццуш Москох дIабаьхьначу лоьрийн гуламехь.

Берашлахь баларш оццул дукха хилар цхьабосса кхеталуш дац махкахь. Iедалша бохург а, могIарерчу бахархошна а, лоьрашна а хетарг а, стигаллий, латтий санна, морзахдуьйлуш ду.

Нохчийн могашаллин министаралло, бераш далар бахьанаш далош, гIардаьхна терахьаш. Цо хеназа бер даларан коьрта бахьана ду, шен хен-хенахь лоьрашна тIе а оьхуш, наной царех дагацабийлар, лоьраша мел хьоьхург тидам-тергоне цаэцар.

ШолгIа бахьана лору министараллехь мехкарий, кийра чIагIбелла а балале, хенал хьалха маре эхар. Цу тIехь Iедало цхьалхо яьккхина, 18 шо кхачаза йолчу йоIана маре яхар доьхкуш сацам тIе а эцна.

Бераш даларан кхоалгIа бахьана дузу лоьрийн урхаллехь шайн белхойн говзалла ледар хиларца.

Кхеташ долчу бахьаненна, официалан тIегIанахь Нохчийчохь баларш а, цомгашнаш а дукха хиларан бахьана ду аьлла хьахош дац тIамо бина тIеIаткъам. Делахь а къамеле баьхча, бахархоша а, лоьраша шаьш а коьртачу бахьанех цхьаъ ду олу тIемаша нахана бина тIеIаткъам.

ТIемаша экологи бехъярца кхеточех ву махкахь берашлахь а, кхиазхошлахь а дархой дукха хилар ас цIарца ца вуьйцу лор, невропотолог. ХIора а бер даларан бахьанех кхиа махкахь тIетаьIIина дIахьош болх бу. Цо кхеторехь цхьана а беран Iожалла зерах хьалха юьтуш яц. Амма тIамо йина хьунаш, бехйина экологи лору цо махкахь цамгарш яржаран коьрта бахьана.

Ткъа Iедало-м, Iорадохуш цхьа бахьанаш а долуш, хеназа бераш кхалхаран цхьадолу бахьанаш цкъачунна хьуламехь дуьтуш ду. Наха бечу леткъамашка ладоьгIча, хеза, лоьраш дуьхе а ца кхуьуш, кху бахьаненна делла аьлла хадам боллуш чIагIдан йиш а йоцуш, леш ду бераш, бохуш.

XS
SM
MD
LG