ТIекхочийла долу линкаш

Эшарий те церан дуьхьа яла, Наташа?..


Нохчийчоь - Саратова Хеда, бакъонашларъярхо. 30Тов2010

Нохчийчоь - Саратова Хеда, бакъонашларъярхо. 30Тов2010

Диъ шо кхаьчна нохчийн бакъонашларъярхо, «Мемориал» юкъарлонан белхахо, журналист Эстемирова Наташа йийна. Тахана а къастийна дац мила ву бехке, хьанна эшна и майра стаг ен. Официало яржийна верси бакъ хеташ вац наггахь а я Нохчийчохь а, я Оьрсийчохь а...



Эстемирова Наталья йийнарш лахар сацийна аьлла, хаам баьржира деношкахь. Оцу хьокъехькъамел динера «Мемориалан» куьйгалхойх волчу Черкасов Александра.

Цо бахарехь, талламхо гIоьртинера бакъонашларъярхо йийна нах нохчийн низамхошлахь карон. Иза хIинца дIасацийна Iедалша, бохура Черкасовс.

Амма талламан комитето сихонца жоп делла, деа шаре баьлла болу и таллам сацонза дIахьош бу, аьлла.

Эстемирвоа Наталья ерна бехке ву аьлла, тIемало Башаев Олхазар вийца ваьккхира масех шо хьалха. Ткъа цунах теша бух бац нехан. Зерхоша ДНК-тесташ йинера бакъонашларъярхо йийна меттехь карийначу тоьшаллашца а дустуш. Амм уьш а, кхидолу тоьшааш а хIаллак дина. Иза ларамза дина дац, боху «Мемориалан» лидерша а, Эстемирова Наташица цхьана болх бинчу кхечу цуьнан накъосташа а.

Бакъогнашларъярхочо Саратова Хедас шена талламчаша дуьйцучуьнга ладогIа а ца лаьа элира Маршо Радиога.

Саратова: «Талламо бен болх, цара интернете йоху материалаш еша а дог ца догIу. Цара дуьйцург дош доцийла сайна хаьан дела. БашаевгIара йийний, "иза дарий", "важа дарий", бохуш, дуьйцу хIуманаш тIаьхьа кхиа лууш дуьйцуш дац. Наташин накъостий ду бохуш долчу тхан дегнаш чохь Iаткъам лаьтта тхайн хIума а дан аьтто бацарна».

Тахана бакъонашларъярхойн аьтто бац Эстемирова Наташин а, и санна эгначийн а сий дан. Мацца а цкъа, шайн йиш хир ю церан хьакъ ма-дду сийдан, теша Саратова Хеда.

Саратова: «Оха кхайкхош ца леладахь а, дитт доьгIна а, тIулг биллина а, иза мичахь ду а ца олуш, хIума до. Дала мукъалахь, цхьа де хир ду, Наташа а, и санна дахаран некъах дIахаьддарш а базбан аьтто болуш. И хан йогIур ю аьлла, чIогIа тешна ю со».

Эстемирова Натальийца ехха цхьана лелла, белхаш бина йолчу Саратова Хедина тахана а диц ца ло иза йийна де. Шега цуьнан йоIа диъ шо хьалха телефон тоьхча, сингаттам боьссира шена тIе, элира цо.

Саратова: «Селхана Iуьйрана 11 сахьт даьлча дуьйна дагаоьхуш Iийна со цуьнан йоIа соьга телефон тохар: Хеда, мамин ший а телефон дIаяйъина ма ю, хьуна ца хаьа иза мичахь ю, аьлла. Диъ шо хьовха, кхин а итт шо далахь а и сингаттам дIабер бац тхоьгара. Иза дика накъост яра, дика агIо бара. Дала бекхам бойла иза диначарна..».
XS
SM
MD
LG