ТIекхочийла долу линкаш

Бераш - цхьабосса, таронаш - бес-бесара


Нохчийчоь -- Деша йолалуш ю Фатима, Соьлж-ГIала, школа № 60, 01Гез2012

Нохчийчоь -- Деша йолалуш ю Фатима, Соьлж-ГIала, школа № 60, 01Гез2012

Бераш школе доьлху хан йолаелла доллучу дуьнентIехь, амма Европехь а, Нохчийчохь а тайп-тайпана бу и мур, кеп-кепара ю дай-наноша ен харжаш. Амма оьшург нисдан атта дацахь а, хаза хан ю бер деша дIаьажош ерг. Муьлхачу хьелашкахь школе доьлху нохчий бераш Декъастахь а, Европехь а теллира Маршо Радионо.


Цхьана агIор вуно хаза гIайгIанаш ю уьш - шен доьзалхо ишколе вахийта кечван да-нана арадолучу муьрехь царна хьалха хIуьттуш ерш. Доьзалхо воккхахилар, цуьнан дешарца болу кхиамаш, цу кхиамашца боьзна болу сатийсамаш - и дерриге а карладолу Гезгамашин-бутт болабала масех де диссинчу хенахь, школе ваха везачунна тIе-когадоха а, дешаран гIирс кечбан а арабевллачарна.

Венехь ехачу Дадаева Ровзанан веа доьзалхочух шиъ школехь доьшуш ву. Iедало уьш деша бахийта оццул гIо дешшехь, хIетте а атта дац, бохуш дуьйцу Ровзана, оьшург кхоччуш вовшах а тоьхна, и ши бер школана кечдан.

Дадаева: "Кхин башха тIеюхучу хIуманашна сагатдан ца дезаш, цхьа Делан къинхетам бу, кхузахь и форманаш лелон ца езаш берийн. Шен ерг тIейоьхна, дIавахча мегаш ду школе. Эцца къолам а, тетрадь а, кхиболу а гIирс оьцуш хуьлуш долу зен бен доцуш, киншкаш Iедало схьало. Гезгамашин-баттахь бераш школе доьлхуш Iедало пособел сов кхин а 100 евро ло, ишколан гIирс эца».

Доллучу дуьнентIехь а дешаран киншкаш ишколашкахь мехаза дIасайоькъуш ю. Ур-аттала Оьрсийчоьнан доккхахдолчу декъа тIехь а ду изза хьал. ХIунда аьлча, болх бечу наха лучу ясакхах пачхьалкхо ечу харжашна юкъа йогIуш и школашкахь бераш Iамош йолу киншкаш а, цу кепара берийн дай-наноша шаьш лучу ясакхца тоххарехь мах дIабелла лара мегар ду царех. Бакъду, Нохчийчохь мах шозза бала безаш хуьлу.

Школе оьхучу кхаа беран нана ю Соьлжа-гIалин яхархо Мадаева Тумиша. Кху тIаьхьарчу деношкахь и кхо бер ишколе кечдар бен кхин гIайгIа яц шен, бохуш, дуьйцу цо. Царна оьшург дукха ду, ткъа Iедало деш шина шайна гIо а дац . Мелхо а, хIора шарахь керла-керла хIума юкъадоккху, дай-наношка харжаш алсам яйтархьама, бохуш, дуьйцу цо.

Мадаева: "Сан кхоъ доьзалхо ву школе вахийта везаш. Маситта де ду со кху базархула лела, царна гIирс вовшахтухуш. Духаршна-м кху шарахь базар ваха а ца дезара, школе схьа а еъна, тахханехь дIаэца, тахана дIа ца эцахь, кхана Гуьмсе даха дезар ду шун уьш эца, аьлла, хьовзийна, делахь а, дацахь а, лулара даьккхина а, сагIа аьлла а, схьаэцнера ас. ХIинца киншкаш эца араяьлла ю со.

ЯлхалгIачу классерчу кIантана стохка эцна йолу цIена киншкаш кхушара цул тIаьхьа вогIучунна а ца магайо-кх. ХIора шарахь керла-керла схьаэца езаш ю уьш. Йорах ма яц уьш, 200- 300 сом доьху, уггаре а йоархчух а 120-150 сом доьху».

Амма киншкашца ерг цхьаъ хилла ца Iа бераш ишколе оьхучу нохчийн нанойн гIайгIа. Уггаре а яккхийчарех харжаш царна школе кхоьху леринчу хормица долу духарш эцарца йоьзна хуьлу. Масех эзар сом деза цхьана берана цхьана дешаран шарна чкъор эца.

Мадаева: «Стенна оьшу и хорманаш? Шен ерг тIе а йоьхна, цIена а, иту хьаькхна а хилчхьана, йита мегар дацара теша, и харжанаш а ца еш, аьлча, Европехь а ю, боху, иштта хорманаш школашкахь лелош. Дера яц-кх Европехь-м. Хила мега дIога Ингалс-махкахь, ширачу школашкахь. Кхин-м дац. Шайна луъуш долу маьрша духарш ду-кх лелош.

Хорма хиларх тоьаш ма дац Европехь, Ингалсехь а санна. Школаш а е иштта цара санна, база а е цигахь санна, Iама а де. Цигахь санна хила деза-кх тIаккха Iамор а, хьехархой а».

Дозанал арахь бехачу нохчийн цIахь болучийн хуьлучу харжийн башхаллаш гуш хуьлу, и бер кхион Iедало Европехь а, Нохчийчохь а ден гIо дуьстича. Австрехь баттахь луш долу берийн пособи цхьа бIе кхузткъе итт евро ду, - соьмашка даьккхича, ворхI эзар сом гергга, - ткъа Нохчийчохь берана луш дерг ши бIе соьме а ца кхочу.

Венерчу Дадаева Ровзана иштта дуьйцу.

Дадаева: "Берана луш дерг 170 евро ду кхзахь. Цу тIе цара и 100 евро тIедиллича, иза а оццул сиха дIадолу школан гIирсана. Ойла йо-кх ас, вайн цIахь и киншкаш эца езаш а хилча, луш дерг 200 сом бе а ца хилча, ма къа ду-кх, и хьажа а деш, цунах бер школе дахийта дезачу цу вайн зударийн, олий. И хорманаш а, и киншкаш а иштта кхузахь эца езаш хилча, хIун дийр дара теша, олий, хета-кх суна».

ТIедоха-когадоха а эцна, тептарш а Iалашдина, дешаран гIирс а эцна ваьлча а, долуш дац нохчийн да-нана шайн школе оьхучу доьзалхочунна харжаш йина.
ХIора дезде, хIора вина я йина де тIе моссаза кхочу, совгIаташ дан деза хьехархошна. Дукхахьолахь и ша йина я вина де хьехархочо ша дIакхайкхадо берашка, шена хIарий-хIарий еза цу доккхачу денна, олий, совгIат билгал а доккхуш.

Мадаева: «Iамаде цулле а берашна, берашкара ахчанаш а ца дохуш. Винчу дийнахь а, 8-чу мартехь а суна телевизор еза, суна хIуманаш юьтту машен еза, суна микротулгIенийн машен еза, суна зезагаш ма эцалаш, суна кампеташ а ма эцалаш, бохуш а ца лелаш берашка. Иштта хIуманаш дуй Ингалс-махкахь школашкахь? Дера дац! "

И саннарг Европехь хьовха, цхьанна а кхиинчу пачхьалкхахь я юкъараллехь хила йиш йолуш хIума доцийла дийца а оьший те? Сирладерг, цIенадерг, нийсадерг берашна хьеха дезаш болчу хьехархоша шаьш цу берийн ховхачу кхетамехь коррупцин, харцонан, кхаьънаш даларан зирхтоссуш хилар? Уьш цара бераллехь дуьйна хIума дIа ца елча, дахарехь чекх вер вац бохучу кхетамца кхиош хилар?

Венерчу школе оьхучу цхьайтта шо долчу нохчийн йоIа Мадинас иштта дуьйцу шайн школехь хьехархошна совгIат даларх лаьцна.

Мадина: «Хьехархошна совгIаташ ца оьцу, эцча а тхоьгара хьехархочо дIа ца оьцу. Вайн классехь цхьана кIанта хьехарочунна цхьа киншка эцнера Керлачу Шарна. Ткъа тхан хьехархочо иза дIа ца ийцира, дан ца мега совгIаташ хьехарошна, аьлла».

Ткъа Соьлжа-гIаларчу школехь доьшучу цхьайтта шо долчу Раянас иштта дуьйцу.

Раяна: «Сарташ а ло, сахьт а ло, кампеташ а ло. Йинчу дийнахь чIуг а ийцира оха. 8-чу мартехь шоколадин гIутакхаш а ло».

Цу шина масална тIе тоьхна кхин хIун эр ду? Цхьа жамI, цхьа гIайгIане бакъдерг доцург: дешица-детица кхелина гIаланаш мел йоттарх, цу гIаланашкахь дуьнентIехь уггаре а даккхийчех, нур-лепа, маьждигаш дарх, цу маьждигашкахь хIинций-хIинций ламаз дан веъначу мехкан куьцгалхочо сагIийна ахча таса мегара-кх, аьлла, сатуьйсуш Iачу наха мел хенаш яхарх, нагахь санна школехь дуьххьара ша йоккхучу гIулча тIера дуьйна схьа берана гуш харцо, гIело, шалхенаш, кхаьънаш даларан а, эцаран а сурт хилча, цу берийн хиндерг сирла а, цIена а хир ду бохучух теша хала ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG