ТIекхочийла долу линкаш

Мархийн бутт дIабалар, даиманна санна, лакхарчу тIегIан тIехь даздеш ду нохчаша. Коьрта агIо ю оцу дезачу денна къийсамехь санна стоьлаш кечъяр. И хIума новкъа а дацара, амма, дукхачу наха тидам бо шаьш тIех сов йина яахIуманаш, телхаш дIакхуьссуш хиларан.

Марха муьлхачу дийнахь досту ца хууш хуьлу нохчийн зударий Рамадан беттан тIаьхьарчу деношкахь. Махкахь амал а хилла схьадогIуш дара хIинццалц, я цхьа де хьалха, я цхьа де тIаьхьа марха дастар. Делахь а кху шарахь цхьана дийнахь даьстина массара а. Массо а хIума кийча йолуш Iара зударий, къийсамехь санна яахIума ян. Марха кхана досту аьлча, оцу буса, сахиллалц кхачанна тIехь болх бо цара.

Цхьаболчеран иза, шолагIчу дене дIадоьду. Стол кечйина яьлча хийла зуда юьстах а юьйлуш хьоьжу ша бинчу балхе. Наггахь стоьлан тIера хIума хуьйцу меттигашца. Муьлхачу стоьлан юкъахь оцу дезачу дийнан коьрта сурсат хуьлу ананас. ХIинцалц иза хадош ца хуьлура дукхачу наха, тIаьххьарчу шерашкахь, карайо иза, яийта дакъош а дина охьайиллина. Стоьлаш, исбаьхьаллийца кечйо тахана, амма дукха тIех сов хIума хуьлу царна тIехь, бохуш, халахетарца дуьйцу Зарган цIе йолчу Соьлж-ГIаларчу яхархочо.

Зарган: « ХIинца стоьлаш хаза кечйо къоначу зударша. Массо а хIума хуьлу цу тIехь лаьтташ. Дала и нцикъ а хьуьнар делла-кх царна. Амма, юуш а , кIезга хуьлу. Са ца къерало нехан. Тоххарлерниг дац хIинца. Хайра доцуш дIакхуьссучу хIуманна кхоам хета суна. Нехаш дIакхуссучохь го суна иза, цара вахьюьтту чоьрпеш а, дIакхуьссу беепигаш а».

Хьалха, марха дастар нохчашна уггаре а хьалха вовшен уьйраш чIагIъяр а, самукъадаккхар а дара. Марха достучу деношкахь стоьла тIехь лаьтташ тайп-тайпана даар хуьлура, Европера а, Азера а схьаэцна. Нохчийн иштта а къе долчу даарех, наггахь бен ца хуьлу бохуш, дуьйцу Зарган цIе йолчу йоккхачу стага.

Зарган: «Хьалха дакъийна а, керла а жижгиййца ахьар галнаш йора. Берам а , чоьрпа а хуьлура. ХIинца, мел долу хIума туьканерачу хIумане даьлла. Хингалш а, чIепалгаш а дора хьалха, межаргаш а, сискалш а йора. Адамашкахь могашалла а яра».

Мел хийцамаш хиллехь а, марха дастар, баккхийчарна а, кегийчарна а дукха хазахета. Дийна шарахь ца гина волу гергара стаг ган аьтто хуьлу оцу деношкахь. Луларчу гIалгIайн-м, масала, оцу кхаа дийнахь, йоIан тIехьийзачу кIентан бакъо ю цуьнан цIа а веана, цуо хIотточу кхачанан чам баккха. Дуьйцу Падам цIе йолчу зудчо.

Падам: «Хьалха чIогIа самукъадолура марха достуш. ХIинца-м, башха иштта а ца хета. Нохчаша, хьалха санна яа хIума ца йо. Тхо кегий долуш, яа хIума еш, 3-4 дийнахь дIа ца дуьйшура. Куьйгаца йора яа хIума. Дама а тухий, шеар а юккъахь долуш, кампеташ йора. Хьовла дора, бIараш бора. ХIинца еш ерг, оьцуш ю, атта долун дела».

Марханаш дIадовлучу хенахь, къоманна юккъахь долу цхьацца сакхташ а гучудовлу. Къаьстина, хаало иза базаршкахь тIетухучу мехаца. Массо а хIуманна лакхабоккху иза, 10-12 процентана. Кхин дIа а дуьйцу Падам цIе йолчу зудчо.

Падам: «Кхо де хьалха, мел йолчу хIуманна мах Iтетуху. Кхечу миеттигашкахь, иза вахьа боккху. Мелехь хира ма дара иза вахьваьккхича».

Мархашна мехаш тIе ца деттийта Iедалш а, диндайша а кхайкхамаш бора хIинцалц. Амма низамашца шена луу мах хIотто йиш ю хIора стеган. Марханаш дIадевлча, мехаш юха а охьобовлу. Мах хьалабаккхара реза йоцуш къамел до Заргана а.

Зарган: «Вай махкахь тIетуху мах. Червленный станицехь йоьвзаш гIумкий ю суна. Цуо боху соьга, шаьш мах вахьбоккху бохуш,ткъа, аш нохчаша иза тIетуху. ХIума юьхкучу нохчашна цу дийнахь дезде хуьлу. Дуйнаш а буу».

Мухха делахь а, мархийн беттан йозалла лах ца ло юкъараллехь.

XS
SM
MD
LG