ТIекхочийла долу линкаш

Къайленехь дуьсу лаьмнашкарчу нехан баларш


Нохчийчоь - Лаьмнашка деттачу герзаш кIел кест-кеста нисло хьонке лела бахархой.

Нохчийчоь - Лаьмнашка деттачу герзаш кIел кест-кеста нисло хьонке лела бахархой.

Нохчийчоьнан Ιедалша кху тΙаьххьарчу беттанашкахь тΙех къа ца хьоьгу махкахь тΙемаш беш эскаршкара маьршачу нахана хуьлу дараш довзуьйтуш. Ишттачех ду, масала, дела денна тΙе ракеташ а, яккхий тоьпаш а еттачу Ιашхойн лаьмнашкахь хьонке лелачу нахана хуьлу зенаш хьахо Оьрсийчуьра хаамийн гΙирсаш бицбалар а. Иштта нисделларш Ιора доху могΙарчу наха шаьш.



"Урал" тайпа машенахь хьонке боьлхучу нахана тIе эскархоша герзаш диттина
ТIехьа –Мартанан кIоштахь, цхьаъ вийна,5-6 лазийна бохуш дуьйцу бахархоша.

Оьрсийн эскархоша я ницкъаллин структураша дина аьлла,гIардаьккхина хIума а доцуш, цхьана билггалчу меттехь, юьртахь могIарерчу бахархошна бохамаш лелхар кхузахь тамаше дац. Дуьххьал дIа, ишта меттиг нисьелча, хаамийн гIирсаша Iора ца доккхуш дуьтуш ду цIеххьана итайпа зулам далар. Цуьнан могIарера лара догIу ТIехьа –Мартанан кIоштарчу Бумтана гергахь хьонка лахьо боьлхучу нахана деношкахь юха а ( и саннарг, цхьаъ вуьйш, важа лазош нисделира дахначу кIиранах) эскархоша цIий Iанор.

Цу хьокъехь шена хуург дийцира ТIехьа-Мартананцу кIоштехь ехачу 45 шо долчу Заремас.

Зарема: «ХIоршша-м, цхьаъ вен а вуьйш, лазийна. Лазийнарг 6-7 стаг ву. Вала цхьаъ велла, и спортсмен. Вуьйш - цхьаьннан пхьарс баьккхина, вукхуьнан бIаьрг, кхечунна настарх кхетта.».

Маршо Радио: Машенахь хилла уьш? Муьлхачу машенахь?

Зарема:
"Урал" машенахь хилла. Цуьнца бен лаьмнашкахула ца лелало. Уьш-м Iедалера бакъо а йолуш, куьйга пIелгийн ларш дIа а елла лелаш бу хьонка боккхуш, дукха хенахь дуьйна. Массарна хууш дара уьш цига лелаш буйла, юьртдегара яьккхина бакъо а ю церан».

Маршо Радио: Муьлхачу меттехь нисделла царна герз тохар?


Зарема: «Бумта чуволлучохь. Iуьйранна ду иза, исс сахт долучу хенахь. Хьонке боьлхурш дукха хьалхе ма боьлхий. Тайп –тайпанарчу ярташкара бу уьш».

Маршо Радио: Наха хIун боху? ТIемалошца уьйр йолуш хила-м ца боху?

Зарема: «Дера ца олу. Хьонка баккха баханчу церан хIун догIур ду тIемалошца. Бераш ма ду уьш, 16 шо долуш а, 18 шо долуш а. Шайна сискал яккха, мацалла ца бала, наношка ца деха, арабевлла ма хилла уьш. ТIейоха бедар эцна а, цIерачарна гIо дан лелаш хилла хьонке. Цара хIун дина гIазакхашна? Цхьа да тIе ца витина-кх цара. Вала воллуш, сауьйзуш Iаш и спортсмен воллушехь, дарбан цIийне ца вигийтина цара, сурташ а дохуш, шаьш дийриг дина довллалц лоьраша тIе ца вигийтина эскархоша кIант».

Маршо Радио:
Цхьа а тайпа дуьхьало ян ца гIоьрта бахархой?

Зарема: «Ца баьхьа нах. Цхьа дуьхьало ян а, хIума дан а адам ца даьхьа, валлай ца даьхьа-кх».

Заремас дийцарца, велларг ТIехьа-МартантIера Бексултанов Iусман ву. Дийцарехь иза ларамаза, тренировкаш еш, дегI дахчо вада араваьлча нисвелла хилла хьонка баккха боьлхучарна юкъа.

Зарема: «О-о вай,нахана чIогIа халонга даьлла и кIант валар. Массара а, чIога дика кIант вара бохуш, вуьйцу иза»

Билггал ала-м ца хаьа шена, бохура Заремас, лазийначех цхьаьннан Гайтукаев цIе хуьлчух тера а ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG