ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхой цIехьа беха гергарнаш хьаннашка кхуьйлу Ιедало


Нохчийчоь -- Орган чIожахь, 05Ман2010
Нохчийчоь -- Орган чIожахь, 05Ман2010

Нохчийчохь дуккха а хΙуманаш хийцаделла шолгΙа тΙом лагΙбелчхьана. Амма адамийн бакъонаш ларъярехь хилла хийцамаш банне а бац. Хьалха а санна, талхош ю уьш. Цхьа а доза доцуш бу герзахойн карабелла ницкъ - пачхьалкхан цΙарх могΙарчу вахархочунна тΙехь муьлхха а гΙелоян а, хьашт делахь, и вен а тору Ιедалхочунна. Низамехь, да - воΙ, йиша - ваша бахьанехь адамаш хьийзон магош дац аьлла доцуш, хьийзабо нах. Деношкахь ломан цхьана кIоштахь гΙаттамхойн могΙаршкара гергарнаш цΙакхайкха божарийн рогΙера тоба хьуьнха йигина хилла Кадыровн ницкъаша, шайлахь нохчашна дика вевзаш а, цара лоруш а волу, халахеташ делахь а, цΙарца тхан вуьйцийла доцу цхьа стаг а волуш.


Официалан кхайкхорца, ницкъаллин структураша а, эскархой биста кхаччалц, кхечу Iедалан герзахоша а, ца саццош дIахьош ду махкахь гIаттамхой лахар а, церан дуьхьало къарьярна тIехьажийна тIеман операцеш а.

Юкъараллехь шуьйра дийцаре деш а доцуш, жимма а лах ца беш, иштта хаддаза дIахьош бу Iедалехь болчара тIемалойн гергарчарна беш болу тIеIаткъам а. ДIахьош бу, шайн лаамза цIераваьллачу доьзалхочух йоьзна гIийла гIайгIа кхин тIе а яьзьеш, алсамйоккхуш.

Чекхдаьллачу кIиранах шозза, лаьмнаш гездеш, бертаза хьаннашкахула лелийна цIеранаш,10-15 стаг цхьаьна а тоьхна, тоба а кхоьллина. Царна тIебазбеллий лаьтташ кхерам хиларна, сан бакъо яц цIарца стагга а вийца, амма цIена бакъ долуш, жимма а кхетамехь верг воккхавуьйр воцуш, аттачех дакъа дац цаьрга кхаьчнарг.

Цунна тоьшалла до аьлла хета, орцане мохь-цIогIа санна, яздинчу кху кехато. И яздинарг мила ву ала йиш цахиларна боху ас: иза мух-мухха а стаг а, юьхьша а вац. Иза хаза нехан санна къомах дог а лозуш, цуьнан дуьхьа, лам баккхарра-м стенна дуьйцу, валар ирс хетар долуш, дог дика адам ду. Кху сохьта а, ойланца а, лехамца а шен къам беркъа ца гайта, маьIне хетийта, кхоллараллин йийсарехь вехаш схьавогIуш стаг а ву, ша а, кхечара а ловш йолу къахь, бала цхьана ханна а лоруш, шен къам зерех чекхдолу мур лоруш.

Цуьнан юххера гергара стаг ву тIемалойн могIаршкахь. Цунна ца хаьа карачу хенахь и дийна ву-вацца а. Иза а лелийна, юххе бевлла Iедалан герзахой а болуш, кху деношкахь, гIаттамхой цIа боьхуш. Цхьа дош харц доцуш, хьал-де хаьттича, цо иштта кехат яздо шегара хьал довзуьйтуш.

«ТIеязьелла йочане стигал ю. Иштта кийрахь а бу цхьа тамашена сингаттам, догIа дале хьалха хIоьттинчу юькъачу мархийн бода санна. Стомара со а вигинера хьуьнах. Тхо кхоъ вара баккхийчарех. Цхьаъ кхузткъа шарал тIехваьлла вара: хьуьнха бахначеран декъаза дай. 7-8 стаг кегийчарех а вара: акхабевллачийн вежарий. Делккъалц Iийжаш малх бара тхо дигинчу дийнахь Тхо хьацарна дешнера. Делкъал тIаьхьа сарралц догIа дара. Хи санна дашийнера тхо».

Нуьцкъала дигинера шу? Аш нисдан хIун ду? Маьхьарий а детташ, кхайкха бах шуьга? Тийна-таьIIина, шаьш лела шу, Iедалан герзахой юххехь а боцуш? Цу а, кхечу а хеттаршна иштта жоп ло сан цIе яккха амал доцчу нохчочо.

« Ши де хьалха тхо даккхийнаш ца дигинера. Лаьмнашкахула, хьаннашкахула лелийнера кегийнаш, тIаьхьо тхо санна. Харцо-м ю хIара, делахь а кхин вариант яц шайн боху герзаш лелочу Iедалан белхахоша. Тхол хьалха йигинчу тобане маьхьарий деттийтина а хилла, шайн акхабевллачу вежарий цIерш а йохуш. Тхоьга мохь ца беттийтира. Тхьоьга дукха некъ байтира, дукхахберг эрна - цкъа хьуьнчухула лам тIе хьаладохуш, юха Iаннашкахула, хиш чухула, охьадиссош, хIуьттаренаш лелош. Со-м ламанца лелла вара, мангал хьокхуш а, йол лелош а - оцу кегийчеран ду-кх къа, балхахь бу бохуш, ги герз а диллина, хьийзош болчу.

Тийна –таьIIина лела-кх хьуьнах? таллархой санна. Декъаза хьал ду. Къам вовшашна дуьхь-дуьхьал хIоттош, къоме ша-шен хIаллакдойтуш. Сан гергара стаг шаьш вуьйш хьажа вигнехь а, я масане хуьлу ямартхойн ойла - хIуьттаренаш ю-кх лелош, ас сайн стаг дIахьажийча санна хьуьнчу, акхавала хьайна, аьлла. Оццул галваьлла –те со!

Iедалан герзахой а, массо а тIаьхьа-хьалха дIалела, хьун чохь минаш ю боху,шайна лаахь ларло, ца ларлахь – лелха шу минаш тIехь. Тхан карахь хIумма а дац. Бакъо йоцуш къам ма ду тхо, нохчий».

Иштта яздо юххера гергара стаг гIаттамхойн могIаршкахь волчу ломахь вехачу стага. Цуьнан къамелехь гуш ду, тIемалойн гергарчарна тIеIаткъам бар, Нохчийчохь йолчу ницкъаллин структурийн белхан хIатI, чулацам хилла дIахIоттар. Ма-дарра аьлча, цунах кхин дIоггара къайле еш а дац меттигера Iедал. Хийлазза телевизионехь гайтина меттигаш ю хьаннашка баханчеран гергарнаш дIа а гулбина, шайн доьзалхойх аш жоп дала деза, бохуш, бехкала эгош а, юьхь йоцуш чехош, кхетош-кхиош а. Цу кепара тIеIаткъам бар муха тарло Оьрсийчоьнан низамца, и мел нийса я гал ду бохург дийцаре деш дан а дац кхузахь. МогIарерчу нехан садаар кIаргдеш, гена доккхург ду иштта хьал маццалц лаьттар ду цахаар а, цу баланечу хиламийн гуш зил-доза цахилар а.
XS
SM
MD
LG