ТIекхочийла долу линкаш

Маршо йоцчохь лелац дош


Оьрсийчоьнан журналистийн цхьаьнакхетараллин васт

Оьрсийчоьнан журналистийн цхьаьнакхетараллин васт

Оьрсийчохь дIахьочу хаамийн гIирсийн конкурсашкахь юкъкара хеза нохчийн журналистийн цIерш. Ша Нохчийчохь а дIахьо и тайпа конкурсаш - Кадыров Ахьмадах тоьлла дийцар хIоттор а, оьрсийн а, нохчийн а къаьмнийн гергарло марзонехь гайтар а Iалашонехь а долуш. Бакъду, оцу говзаллехь тоьлла болу журналисташ ца хуьлу нехан бIаьргаш чохь я похIмаллица а, я адаман гIайгIанаш бовзарца а билгалбевлла. Хетарг дIаала церан куьйгаш а, батош а йихкина лору махкахоша.



«Уьш маьрша банне а бац, - хеза хийлачуьнгара, - церан коьрта Iалашо урхаллехь берш хестор а, царна хастамаш бар а ю».

Цу кепара нохчийн журналистикан мах хадочеран йокъалла яцахь а, шортта бу Iедало лераме цIерш кхайкхош, деза совгIаташ луш къастийнарш, хIусамаш ялар тIера механа еза машенаш яларан биста кхаччалц.

Нохчийн журналистика халкъана а бале долчу Iедалан Iазапна кIел ю аьлла хетачех ву байтанча-гочдархо, меттан говзанча Хатаев Хьусайн. Шен, шатайпа хьажам бу цуьнан "журналистика" бохучу корматалле а. Цу хьокъехь шена хетарг цо иштта довзийтира.

Хатаев Хьусайн: «Журналистика шен цхьа амал а, эхар а , башхалла а йолуш хIума ду. Кхузахь муха нисло аьлча, шена лиъ-лиънарг вогIий-те цу журналистике аьлла сурт ду. ХIинца, цхьа хIусам нисъелча муха хуьлу, хене вала чувоьдуш. Иштта оцу балханна ханна чулелхаш бехаш хета-кх суна нохчийн журналисташ, ладогIа волучуьнга дIа а ца кхочуш.

Зеделла говзанчаш вайн схьаэцча, масала, Познер. Цо чолхе къамелаш деш хIума ца до. Цуьнгахь ойла ю, цо и ойла паргIатчу дешнашца дIа а кхачайо. Шена жоп а доьху цо. Юха и жоп луш верг шена оьшучу кепара жоп далийта новкъа а воккху цо…»

Маршо Радио: Нохчийн журналисташа нехан лехамашна жоп ло аьлла хетий хьуна?

Хатаев Хьусайн: «Деллахь а ца хета-кх. Цхьа мода тайпа хIума ду-кх. Масала, вайнехан синкультура яц, важа яц, олий, къамелаш до. Ткъа цуьнан къамел дар муха нисло аьлча, "эс" а ду цуьнан къамелехь, "зама" а ду… И дешнаш цига догIуш ду бохуш вовшах а тухий. Таккха ладугIуш волчуьнан, «ма нохчийн мотт хаьа цунна", олий, цецвалар хуьлу. Амма и дуьйцуш волчуьнан дог лозуш хилар гучу дала а ца долу.

ЦIе яккха ца оьшуш, цхьа хьенех, хьуна а, суна а вевзаш стаг ву. Цо къамел деш моьттур ду хьуна, нахана хьалха а ваьлла, иза вист хуьлуш ву, куьг туьйсуш, Ленин санна. Иштта до-кх цо ша деш долу къамел-репортаж. Иштта де аьлла ма дац иза, Павел Корчагина санна, вага а вогуш. ПаргIат дан деза иза. Стенна аьлча, адам массо гIаттам, цагIаттам а, тIом а, революци а гина, схьадогIуш, дехаш ма ду.

Вайна мохь хьоькхург ца веза, кхета а деш вистхуьлург веза. Кхечара Iедална хьесталуш къамелаш до. ХIинццалц хIара дацара, и дацара, бохуш. ХIора дийнахь бохург санна и дешнаш ду лелош, кхин хийца а ца хуьйцуш. ТIаккха мичахь бу лазам? Халкъана ницкъ беш, Iаткъам беш хIума ду, аьлла, вист хуьлуш мила ву? Цхьана агIор, адам осал доккхуш ду, осал даьккхина адам-м, ткъа вукху агIор, схьакъегина гуш дIогахь - хIусам, маьждиг, хIоккхехь - урам, шахьар».

Хатаев Хьусайнна хетарехь, уггаре лазамениг, кханенан ойла йича, Iаткъам бийриг ду, шаьш бакълена а кIорге йосту а моьттуш, нохчийн журналисташ, шайн ненан мотт биц а бина, оьрсийн маттана тIера а, чукагбелла а хилар. Иза харц некъ бу, цу новкъахь церан кхиамаш а хир бац, оьрсийн маттахь язъеш волу нохчийн журналист кхечу къаьмнашлахь, дозанал арахьа-м муххале а, лераме а хир вац, я цуьнан бала кхочурш а бевр бац, аьлла, тешна ву байтанча-гочдархо Хатаев Хьусайн.
XS
SM
MD
LG