ТIекхочийла долу линкаш

Холхазан куй лелор доккха жоьпалла ду Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Шен ненах йисна говзалла дIакхоьхьуш ву Бакаев Руслан.

Нохчийчоь -- Шен ненах йисна говзалла дIакхоьхьуш ву Бакаев Руслан.

Нохчийчохь цкъа а ца хиллачу кепара даьржина тIаьхьарчу хенахь холхазан куйнаш лелор. Нохчашна даиман а деза хетта коьртахь хIума лелор, иза товш а дика а хилар а. Цундела тахана и амал юхайирзина. Куйнаш дечу пхьераца Бакаев Русланца къамел а дина, хIара материал кечйина Султанов Ахьмада.

Холхазан куйнийн мода тахана шуьйра яьржина Нохчийчохь. Жима а, воккха а мехе цахьоьжуш холхазан куй коьрта тилла лууш ву. Хьалха санна норкех дерш дац. Уьш дIатеттина геннарчу Узбекистанехь бен кхуьуш доцучу холхаз уьстагIийн цIоканех дечара.

Ала догIу, базаран низамашца догIуш ду, дуккха а хIума дIаоьцучу метте, могIарера нах юккъе ца бахайтир. Иштта хьал ду тахана Нохчийчохь а. Муьлха а даржхочуьнан цIахь и куй а бу, нохчийн духарцаний цуо цхьана дезчу дийнахь коьрта туьллуш.

Амма, шаьш куйнаш деш кегийчу барамашкахь цунах дахаран токхо хилийта гIерташ дукха нах бу. Кху заманахь куьйга говзалла йолу стаг дешийн меха ву. Цундела хьегамца хьажа мегар дара, 51 шо долчу Бакаев Руслана куйнийн пхьеро, шен лекхачу говзаллийца болх беш. Иза, юккъах а ца воккхуш, къамеле ваьккхира ас.

Бакаев Руслан: «ХIара болх ас бо 30 шо хан ю. Тхан нана яра куйнаш тоьгуш. Цуо Iамийна со. Цуьнгара схьаэцна говзалла ю ас. Ас тоьгуш холхазан куйнаш а, наггахь норка хуьлу, амма, со дукхачу хьолехь, холхазан пхьар ву. Цигейках куйнаш а тоьгу. ХIара холхаз вай вархIийн дас а лелийна долун дела, беза хета суна. Сий долуш материал ю иза».

Тамашийна далахь а, дика холхаз Узбекистанехь бен ца кхуьу. Кавказехь а лело гIиртина, амма, цуьнах гIуллакх ца хилла. ЦIока, ша тайпа, къегаш а, кIеда а ца хуьлу, цигахь санна, бохуш, холхазан башхаллех дуьйцу куйнаш дечу пхьеро Бакаев Руслана.

Бакаев Руслан: «Узбекаш холхаз кхо бос болуш хуьлу олу. Бух Iаьржа болуш, юккъехь мокха, ткъа боьххехь кIай. Беснаш къегаш хуьлу цуьнан, хьовзийча. Тхан деца оцу Узбекистанехула дукха лелла со. Цара схьадийцарехь, цигахь шина кIоштехь бен хуьлуш а дац, дика долу и холхазаш. Швейцаре а дигна и уьстагIий, кхуза а дахкийна. Цигахь санна дика ца хуьлу».

Коьртахь лело тамехь хира болчу холхазан куйнийн мехаш, I0 эзар соьман тIера, болало. Ша массеран а бац аьттонаш. И хьал хуучу пхьераш, кхин цхьа тайпа куйнаш юккъедаьхна. Боккхачу уьстагIан цIоканех беш болу. Цигейка олу царех. Иза борах хилар, бахьанца лелош бац, аьлла хета Бакаев Русланна.

Бакаев Руслан: «Цигейка а, изза холхаз бу, амма, боккхачу уьстагIийн цIоканех бу, баьшна болчу. Цуьнах бина куй бовха а хуьлу. Лело атта бу. Таро йоцуш лелош бу аьлла а ца хета суна. Моде баьлла-кх иза. Хазахеташ лелабо наха».

Куйнаш деш волу пхьар Бакаев Руслан волчохь, куйнашка хьажа веана вара Эдилсултанов Iарби цIе йолу воккха стаг. Цуо, дийцира, боьрша стеган коьртахь болчу куйно, цуьнан тIедожочу хIуманех.

Эдилсултанов Iарби: «Вай дайша, аьлла ду: хьайна бахамах кхо дакъа а адй, цхьана декъах куй бахахь, иза эца. Хьан корт бу хьуна куй. Хьан цIенолла а, хьол а, хьан чохь мел долчу хIуманелла а, беза бу хьуна хьан куй. Куй лела а ца беш лелаш волу боьрша стаг а , вуьйцу хьуна КъорIанехь а, жайнехь а.

Иза боьрша валахь. Вацахь-м ца хаьа суна. ВорхI шо даьлча дуьйна, пес, я куй а лело еза. Стаг хилар тIедожадо куйно. Цунна лела хаар а, нахаца мотт бийца карора, ша стаг хетийта хаар».

Нохчийн стеган куй, дукха гена яьлла йоцучу хенахь, даиманна сий долуш хилла. Боккха сурам куй олуш берг, тIебогIа муьлха-муьлха а стаг хIуттуш а ца хилла, шена лелар цуьнца догIуш дацахь, наха ша беламе ваккхарна кхоьруш. Цундела, шай тайпа жоьпалла тIедожош ду, куйно стаган, цунна ойла ян корта балахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG