ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн юккъараллехь божаршна магийна а, магийна доцу а зил хадош хийцамаш баьхкина дахаре заманца. Цхьаболучара аьттехьа а тIе ца дуьту божарша шайгахь «товш боцу» болх беш хилар, кхечара, мелхо а, дика ду олу нохчашлахь «зударийн», «божарийн», бохуш, белхаш къестор дитар.

Тахана дуккха а ресторанаш, кхийолу кхачанан чоьнаш ю кегийнаха официантан болх беш. ЧIурам санна нийса, дуткъа догIмаш а долуш, хьийза уьш баьхкинчу хьешашна хьалха, цара аьлла кхача а луш.

Цхьана агIор, иза кхиболу, масала, сантехник санна, аьхаза боцуш болх бу, ткъа, курачу, ша шега а забар ян ца хIуттучу къоман мехаллашца дуьстича, "эхье" а бу.

Соьлж-ГIалин юккъехь лаьттачу «Грозный-сити» хьешан цIийнерчу ресторанехь, дуьххьара нохчийн къомах официант гича, цецваларан доза дацара, масалан сан.

Ас, «гIардаш» аьлла, вайн боцчу маттахь «ваша» бохучу кепехь ша тIекхайкхича, со нохчо ву хьуна, аьлла, вистхилира Iаьржа хеча, кIайн, тIелетта коча йоьхна кIант. Ша студент ву, нохчийн университетехь доьшуш, кхечу меттанийн факультетехь, бохура цо. Дешарх мукъа хан яьлча, болх беш, баьхкинчу хьешашца, ша Iамош болу мотт а шарбо ша, аьлла, довзийтира цо официант болх бан вахаран бахьана.

ХIетте а, атта тIе ца оьцу нохчаша борша нах "зударшкахь бен товш боцчу" балха бахар. Соьлж-ГIалин вахархочо Юсупов Ризвана иштта элира цунах.

Юсупов: «Суна хаза ца хета нохчийн божарий кафешна, ресторанашна чохь а яахIума тIекхоьхьуш болх беш хилар. Хьайн цIахь баккхийчарна хIума тIеяхьар цхьаъ ду, ткъа важа-аьттехьа а тIе ца дуьту ас».

ГIишлошъярхочо, Грозный кIоштехь ехачу Джантамирова Хедина а ца тов божарий шайгахь богIуш боцчу белхашка хIиттар. Официантийн болх шега а балушшехь, цул а хала болчу гIишлошъярхочун белхашкахь лела ша, элира цо.

Джантамирова: «ХIинца вайн нохчийн кегийнах ресторанашкахь официанташ хилар товш ца хета суна. Муха хир ду хIума кхалла баьхкинчу зударшна яахIума божарша тIекхоьхьуш?»

Ша а дуккха а шерашкахь официантан болх бечу Арсамирзаева Любина доьхна а ца хета нохчийн кегийнаха и болх бар. Ма хетта атта болх а бац иза, дийцира цо.

Арсамирзаева: «Суна чIогIа дика хета нохчийн кегийнаха официантан болх беш хилар. Божаршна хьалха юург цара йиллича дика ма ду, зудаберо я зудчо юьллучул. Цхьа а хIума дац-кх божарша официантан болх беш хилар. Дерриге дуьне ду-кх и болх беш. Атта болх а бац иза».

Хууш ду, иштачу белхашка, хьуна "кхана-лама тIе пIелг хьежор болчу" балха нохчо атта хIуттуш воцийла. Кхин белхан меттигаш яц. Цундела ша царех кхета, къа а хета царех, боху Джантамирова Хедас.

Джантамирова: «Шайн дан хIума цахиларна бахана хир бу-кх уьш официантан болха. Кхин белхаш шайна хилча, уьш гIур хир ма бацара и болх бан».

Нохчийчохь ахча долучара кхин йоьллуш хIума яц, ягорг юхку а, машенаш тоен а станци, цунна уллехь ресторан а хIоттор доцург. Циггахь йоьллу машенаш юьлург а. Берраш а цигахь болх бийраш бу зударий. Ткъа божарий уллерачу ресторанехь, шун а оьций, юургдIасакхоьхьуш лела.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG