ТIекхочийла долу линкаш

Германера нохчашна г1оьнна баьхкинчу лоьрашна реза ву Кадыров


Немцойн Iедалх йоцчу лоьрийн "Интерпласт-Германия" юкъараллерчу говзанчаша лаккхарчу технологешца бен далуш а доцу лоьралла дина дозанал арахьа бен гIо хир доцуш цомгуш дисинчу берашна, хаамбина Инстаграмехь Кадыров Рамзана.

80 сов операци йина цара – хирургаша, ассистенташа, анастезиологаша, боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

«Бевзашболчу арахьарa лоьраш бахкар вуно пайде ду бахархошна г1одарца а, кхузарчу лоьрашна Iама а», - яздо Кадыровс.

XS
SM
MD
LG