ТIекхочийла долу линкаш

Гитара безаш а, цуьнца гергарло лелош а дукха кегийрхой бу нохчашна юкъахь. Къаьсттина иза даьржина дара Советан пачхьалкх йолчу хенахь. Амма хан-зама хийцаеллехь а, тахана а хеза Нохчийчохь арахь лоькухучу гитарийн аз. Сцени тIехь болх беш вацахь а, вуно хаза гитарица иллеш аларца вевзаш ву кегийрхошна юкъахь Соьлж-ГIалара Пааев Асланбек. Шен сатеда локху боху цо ша гитара. Цуьнца доьзна дара цунна шен сурт кху сайт тIехь гайта цалаар а. ТIом боьдуш гитара бахьана долуш дийна висина ша аьлла а хета Пааев Асланбекана.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG