ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла Iедал кхоьллина Нохчийчохь


Нохчийчоь --Кадыров Рамзан а, цуьнан администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад а, Соьлж-гIала, 09Стиг2012
Нохчийчоь --Кадыров Рамзан а, цуьнан администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад а, Соьлж-гIала, 09Стиг2012

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бовзийтина ша карладаьккхинчу Iедалан декъашхой. Шайн даржашкахь бисина дукхах болу министрш. Амма цхьацца хийцамаш а бина Кадыровс.


Спортан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а, финансийн а, кхин а цхьамоггIа министарш белхаш беш болу дуккха а хан ю. Iедалехь вице-премьеран дарже хIоттийна хIинццалц республикан куьйгалхочуьнан гIовс хилла йолу Дулаева Хадижат.

Цо социалан хьашташкахула йолчу агIонна дола дийр ду. Балхара дIаваьккхинчу лаьттан а, бахаман а юкъаметтигашкахула волчу министран Лечхаджиев Супьянан метта хIоттийна Кадыров Ислам, хIинццалц Соьлж-гIалин администрацин куьйгалхочуьнан когаметта хилла волу. Хууш ма хиллара, республикан куьйгалхочуьнан администрацин коьрте хIоттийна Даудов Мохьмад.

Цуьнан хьалхара гIовс вахийтина Невр-кIоштан хилла волу куьйгалхо Кашлюнов Дмитрий. Ала догIу, Даудов Мохьмад премьер-министр хIоттийна аьлла, харц хаам баьржийнера хьалхо журналисташна юкъахь. «Интерфакс» агенталло дуьххьара сихонца даржийра иза.

ТIаьхьо премьер-министр юьртабахаманан министр Эдельгереев Абубакар хIоттийна хилар къаьстича, тIаьхьа хилира и хаам хийца. Иза баржорна бехке ву аьлла, балхара дIаваьккхина республикан куьйгалхочуьнан зорбанан сервисан куьйгалхочуьнан гIовс Абухажиев Висхан.

Дукха хан яцара Нагаев Iадлан хаамийн а, зорбанан а министран дарже хIоьттина. Иза селхана дуьйна чIагIвина Грозный-кIоштан администрацин коьрте. И сацам беш оцу кIоштахь бан безаш дукха белхаш бара, цундела хьакъ дерриг хIоттийна ша элира, республикан куьйгалхочо.

Ткъа ТIехьа-мартан кIоштан куьйгалхо Дадаев Муса, юьртбахаман министран дарже вахийтина. Цуьнан метта оцу кIоштанна урхалла дан хьажийна цуьнан жимах волу ваша Дадаев ИбраьхIим, «Медведь» аьлча, дукхачу хьолахь нахана вевзаш волу.

ХIинццалц иза коьртехь вара Шуьйта-кIоштарчу полицин декъана. Махкахь йолчу шина телевизионан коьртехь хилла волу Ельсаев Iаламад ша хьалха хиллачу «Вайнах» телевизионан куьйгалла дан вахийтина.

Iедалехь и литтарш дечу хенахь, цхьа а даржхо вацара хууш билггала ша шен даржахь вуьсур ву аьлла. Селхана телевизионехула болх дика беш ву аьлла, цхьаъ хестош хилар билгало яц иза кхана-лама дIавоккхур ца хиларан.

Цуьнах цхьаболчу тергамхоша олу Кадыровн урхалла даран амал олий. Цхьаболчара иза емал до, нохчашна юкъахь, цу тайпа ша санна волу стаг сийсаз веш, хIума хилла дацар олий. Амма, ишшта буьрса шайца хир вуйла ца хиича, дукхах болу даржхой и белхан меттиг шайга шаьш дуьнен чохь хилар бахьана долуш кхаьчна йолуш санна лелла.

Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, Iедалан массо а тIегIан тIехь хийцамаш кхи а дIабахьа дагахь ву иза. Цундела сагатдан шорта бахьанаш ду Нохчийчохь болчу даржхойн. Иза долуш мукъане а, болх дика бийра бацара теша аьлла хета, бахархошна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG