ТIекхочийла долу линкаш

БIарзбина куьзганах лепачу гIишлоша


Нохчийчоь - Соьлж-ГIала, 13Стиг2013

Нохчийчоь - Соьлж-ГIала, 13Стиг2013

Нохчийчоь, тахана,Къилбаседа Кавказехь уггаре а дукха, дика кхаьанаш латтош ерг ю.Цхьаъ венаа, важа веана, уьш цецбоьвла хиллачу хмийцамех бохуш дуьйцу хаамийн гIирсаша. МогIарера бахархой, оцу дуьненан синкъераман йистаху лаьтташ санна сурт хIоттало, дикка хаьжча.

Нохчийчу мел вогIу хьаша, инзар ваьлла Iаркъал кхетаза волуш санна, цецволу, арахь мел хиллачу хийцамех. Соьлжа-гIала юхметтахIотора ца дуьйцу, иза де дине мел долу кхуьуш а, иза хазъялар а билгалдоккху цара. Цецвала рагI кхаьчаначарах тIаьххьарниг ву, пачхьалкхехь воьвзаш волу актер Райкин Константин. «Сатирикон» цIе йолу москохарчу, ша коьртехь волу театр а ялош Нохчийчу веънера иза.

Шен спектакль хилле, цо журналисташ а гулбина, дийцира, шена гинчу хийцамех. Ала догIу, гIараваьлла актер 40 сов шо хьалха бен хилла вац Нохчийчохь. Шен хIинца гуш болу хийцамаш, цецвоккхуш бу бохуш тидам бо, Райкина, Соьлжа-гIаларчу хIусамехь, цIенчу урамех а.

Забарийн театрехь санна, цхьана хазчу кепехь махкахь долу хьал гахь а, дукхачу бахархойн хьелаш, чолхе ду ала мегар ду. Мусийн гIажмаш санна самукъдаккхаран меттигаш ю алсамюьйлуш, амма, нахана белхашца долу гIуллакх кхочуш ца даделла. Цкъаццкъа, моттало, Iедалшна, уггаре оьшуш дерг, тIехула долу куц-кеп ду, ткъа, бахархойн син хьелаш тIаьххьарчу меттехь ду аьлла.

Тахана, махкахь, шуьйра компани ю дIахьош, Европе цIа бахана болу бахархой цIаберзор. ЦIа а богIу, дукхачу хьолехь хьажхIотта. Лакхахь ма аллара, белхан меттигашца а, могашалла ларъярца а, синмаршонца а , паргIат яц Нохчийчоь. Ильяс цIе йолчу стеган, кхечу муьлхачу нохчийн санна, дуккха а нах бу дозаналла арахь бехаш.Цаьрга цIа буьйла ала сихалура вацара ша боху цо.

Ильяс: «дIабахнарш цIа бахка хьалхе ду аьлла хета суна. Аса-м бовхкуьйтура бацара. ЦIа веъча, полици балха ваха веза, герз ги а доьллина лела веза. Ян завод а , ян фабрика а яц болх беш. Мичча а дIавоьдахь, ахча доьху. Сан кIанта а ву дешна. Цунга а ахча дехна. Ахь институт а, хIуа а яьккхинехь а ахча дала дезаш ду.Цунделоа суна хьалхе хета уьш цIа бахкийта. Маца а тадала дезаш ма ду хьал. Хино карчош болу тIулг санна талург хиларна са-м туьйсу».

Нохчийчохь бехачеран синмаршо юьйцучу хенахь, еккъа цхьана махках доьзна хIума дац иза. Иза Оьрсийчоь олучу пачхьалкхан, таханлера политика ю,аьлла хета Абу цIе йолчу ТIехь-мартан кIоштерачу вахархочуьнна.

Абу: «Оьрсийчоь вай мухха а дийцахь а , и дош хаздан гIертахь а, чохь дахкачу къаьмнийн набахте хилла ю массу а хенахь. Хира йолуш а ю. Ян шаьш дуьне дуур долуш а бац, ян нахе доуьйтура долуш а бац.

Нохчийчохь терроризм юй, важа дуй бохуш хIума а дуьйцуш, Iедалан белхахоша, шай болх аттачу баккха гIерташ нехан дуккха а бакъонаш дIайохуш ю.Цхьаболчеран бакъонаш ю, кхечеран уьш яц. Харцо ма ю иза. Нийсо а яц. Цхьаверг, Iедало шен петар, ян машен Iедало елча, цуьнах вокхкаво. Дика хьан ду, со тахана цхьана Iедалан а, нехан хIумане сатессина Iаш воцу.

Дукхахйолу бакъонаш сан йоцуш ю.Схьахетарехь, тIеман болх дIаберзалца хира ду иза. Цхьа 30 шо даьлча нисдала а мега. Со цу хене вера ву вац ца хаа. ПаргIато-м суна а езара, еза-м».

Абус сатуьйсу зама маца тIекхочура ю хууш дац. Тахана, дукхачу нохчаша эра ду, тIе бомбанаш ца йиттичхьана кхидерг-м ловра дара аьлла. Гарехь, цуьнах ца кхеташ а хира бац, махка оьхуш болу, Райкин Констатин санна болу хьеший а. Амма, цуьнана дас, гIараваьллачу комика, Райкин Аркадийс, шен цхьана беламе дийцарехь ма аллара, «Ткъа хьуна муха хета, хьайн ойла йовзийтахь «Антониони» цIе йолчу спектаклех, аьлла хаьттича, суна муха хета?суна муха хета? Суна массарна санна хета-кх», аьлла жоп деллера.
XS
SM
MD
LG