ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Sukhoi Superjet 100» кемано разбовдорна ца кхоьру нохчий


Индонези -- «Sukhoi Superjet 100» Джакартерчу аэропортехь, 09Стиг2012
Индонези -- «Sukhoi Superjet 100» Джакартерчу аэропортехь, 09Стиг2012

«Sukhoi Superjet 100» олу Оьрсийчохь деш долу 8 кема эца сацам бина Нохчийчурча Iедалша. Царах цхьаъ хир ду лаккхара хьаькамаш дIасалело кечдина. Амма цунах Кадыров Рамзана пайда эцахь тамаш бу аьлла хета цхьаболчу бахархошна. Цуьнан бахаьана го царна Нохчийчоьнан Iедалша оьцуш долу кеманаш дика цIе йолуш ца хилар.

«Sukhoi Superjet 100», цIе йолу 8 хIаваан кема оьцуш ду шаьш аьлла, дIахьедар динарг ю Нохчийчоьнан транспортан а, зIенан а министралла. Оцу хьукаматан куьйгалхочуьнан гIовс волчу Шахгериев Iальвис, ша хIаваан кеманинй МАКС-2013 олучу гайтамехь бина и хаам. Оьцучу кеманашна юкъахь цхьаъ тоьллачу агIор кечдинчарах хира ду. ТIедогIучу шарахь кеманаш Соьлж-ГIала схьакхочура ду, цо бинчу хаамца.

Дерриге а дийнахь, транспортан а, зIенан а министраллехь къасто гIоьртира Маршо радио, оцу эцарх лаьцна, амма, ур-аттала, мел мах болуш контракт ю иза, къаста ца даделира.

Соьлжа-гIаларчу хIаваI кеманийн парк хийца езаш йолу дикка хан яра. Лелош дерш, Як-42, Ту-134 а кеманаш ду цигахь. ХIора а кеманна хан, тIех сов лекха ю, шорта нах чу а боьттина, генна лела. Гарехь, Нохчийчохь цхьаболу нах хIуттура болуш бац цуьнца баха. Руслан цIе йолу хIара стаг а ву царах.

Руслан: «Тахана кеманца Туркойн махка а, Москоха а воьду со. Оцу Superjet
чу хиина вац со. Дала динарг бен хIумма а хира дац. Диках дерг эцча дика дара. Оцу Superjet кема чудоьжжа а меттиг ю, нах белла а меттиг ю. Оьрсийчоьнан экономикан накъостал хилчхьана, со а , со санна болу нах белча а хIума ца хета, ала а ца лаьар суна. Амма, схьахетарехь иза ишшта ду».

Шай агIора, Sukhoi Superjet I00 кеманна, дика мах ца хадабо цхьаболчу тергамхоша. Шорта инциденташ ю, хIаваера иза нуьцкъалха вахьхаийна. Индонезехь цхьа кема чу а доьжжа. Уггаре а боккха цуьнан кхачамбацар ду боху, чкуьргаш схьа ца еллаялар. ХIокху IаьнтIехь, Аэрофлотехь долчу 10 кеманах 3 бен лелаш дацара.

Ткъа, стохка Оьрсийчохь мел хилла йолу хIаваI кеманашца йолу инцидентех, 40 сов процент оцу Sukhoi Superjet 100 - ца хилла бохуш, лаьрра масла «Коммерсант» газето. Массарна а хууш хилча, дуьненахь доьвзина долу кеманаш эцар гIоле хира дара бохуш, кхин Iда а дуьйцу Руслан цIе йолчу бизнесхочо.

Руслан: « Соьга хаьттича, Боинг а. Аэробус а, эцча гIоле хир дара. Советан пачхьалкха йоьхначулла тIаьхь, шаьш кема до а, кхидерг до а , аьлла, шаьш сецна бац алийта, цхьа хIума моттийта, ахча хьала а кхаьллина, кема до шаьш аьлла бина цхьа пал бу иза. Дан хIума дац. Иза соьга хаьттина оцуш ма даций».

Sukhoi Superjet 100 кема динчу «Сухой» цIе йолчу компанехь, цхьанна а тайпа доьхна хIума дац боху, оцу кеманца цхьацца гIалаташ гучудоьвлча. Керла юккъдаьккхинчу кеманца шина шарахь, мел кIезга а ханна, ишшта иза хуьлу, боху цигарчу говзанчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG