ТIекхочийла долу линкаш

Органо лур ю серло


Лаьмнашкарчу хиш тIехь жима станцеш яхкар шуьйра даьржина ду кхечу пачхьалкхашкахь а.

Лаьмнашкарчу хиш тIехь жима станцеш яхкар шуьйра даьржина ду кхечу пачхьалкхашкахь а.

Республикехь дуьххьарлера хица ток йоккху станци ян йолийна Нохчийчохь. Иза хир ю Итум-кхаьлла кIоштахь Орга хин тIехь. Республикехь тIеэцначу планаца махкахь йир йолуш ю кхин а 14 цу тайпа тоькан станци. Iедалша чIагIдо цу проекто Iаламна зе дийр дац бохуш.

Итум-Кхела кIоштаа тIедогIучу шарахь дуьйна шаьш йоккучу тоьках тоам балур болуш хир ю. 1.5 мегаватт ницкъ болу ток йокхку станции ян йолийна оцу кIоштехь Кхокхад олучу эвлан йистехь. Орга хинах пайда оьцура бу цо. Иза йина яла езаш ю хIара шо чекхадолуш.

И проект кеч а йина, хIинца иза чекхйоккхуш берш, меттигера говзанчаш бу. Энергетикан министраллехь бинчу хаамца, и меттигаш хин кIелла а ца йохуьйтуш, Iаламна а, цигахь бехачу нахана а зе а ца деш,хир ю и гидроэлектростанци.

Масала, кхечанхьа санна, боккха, яьккхийчу чакхармашна дIасабаьржина Iам хир бац. Орган хино юзур ю, 3 метр кIоргалла бен йоцу жима айма. Цу тIера охьадоьдучу хино, хьийзор бу ток йоккхуш болу мотор.

Кхокхада эвлахь хазахеташ тIеэцна шайна дулахь хино ток йоккху станци хIоттор ю бохург. Цигарчу юьрт-дас Адашев Мовсара иштта дийцира цуьнах лаьцна.

Адашев Мовсар: «Юьртарчу наха а кIоштарчу наха а кхеташ тIеэцна хIума ду иза. Массо а агIор, белхан меттигаш хуьлийла уьш, ял яьккхар хуьлийла иза, дуккха а са хир ю цуьнах. Бан болх хилча а дика хIума ду-кх иза»

Шай эвлана уллехь и станции юьллур ю аьлча, ша юьрт-да хиларе терра, Адашев Мовсар бала а кхаьчна, тIаьхьакхиа гIоьртира оцу проектана. Шена гайтинарг Iаламна а, нахана а зе дийр доцуш хIума ду элира цо.

Адашев Мовсар: «Цхьа жимма суна йоьвзийтина и проект. Прорабца а цуьнах лаьцна кхамел дина аса. Цо элира чIогIа дика йина проект ю иза аьлла. Дуккха тIех хи гулдеш меттиг хир яц цигахь. 1.5 мегаватт ток йоккхур ю. Дика гIуллакх ду иза. Цара дIалоцур йолу меттиг 27 соти бен яц. Йоккха меттиг яц иза».

Кхокхадахь санна, кхиъ 13 жима ГЭС ян дагахь ду Нохчийчура Iедалш. Оцу проектан мах 200-250 миллион сом бу. Нохчийчоьне йорах ток яккхаран кхийдош, дуккха а проекташ яра, дуьненаюккъерачу компанеша.. Дукха хан йоцуш Iарбой а гучубевллера кхузахь, зарратан тIехь болх беш йолу 10 станци йиллийта шайга аьлла. Цунна реза ца хилира Нохчийчура Iедалш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG