ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министро Алхановс баьхна толамаш


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, 16Охан2013
Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, 16Охан2013

Махкахь мел йолчу ницкъаллин структурийн коьрта декхар терроран дуьхьал къийсам баллор ду аьлла дIахьедар дина министаро Алханов Руслана шен урхалло эхашарахь бинчу белхан жамIаш деш дIаехьначу кхеташонехь.

Цо далочу терахьашца герзаца дуьхьало ярна кху шеран чекхбаьллачу 6 баттахь Нохчийчохь вийна 24 гIаттамхо, шайна юкъахь кхоъ баьчча а волуш. Махкара хьал лартIа далорехь маьIне дIадирзина лору ах шо Алхановс.

Цо билгалдоккху оццу хенахь лецнарш а, шайн лаамехь Iедална карабаха тIекIабинарш а – верриге а 36 стаг хилар. Дукхах долчу декъана кегийнах.

Министаро Iорадаккхарца хьахаеллачу хенахь низамхошна гучуяьлла дай а,нуьцкъала а герзаш чохь долу 11 хьулам-къайле а, шиъ гIаттамхойн меттамотт болу меттиг а. Харц пайда оьцучуьра юкъарьяьккхина 121 тапчанаш-маса тоьпаш а, 9 эзар сов патарма а, 900 тIех хIоьънаш а, 118 граната а, иттаннаш кийланашкахь кхиболу тIеман гIирс-коьчалла а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаро ша дIаехьначу цу мажаз-гуламехь ,стенна делахь а гIар ца дохуш дитна Iедалан герзахошлахь хилла дараш. Шен-шен хенахь, хIора а тIеман тасадалар мосазза нисдели хааме даьхна мА-хиллара уьш,и дараш,хIумма а кIезиг дац.

Кху шеран юьххьехь, вежарий – ГакаевгIар гоне а берзийна, дIадехьначу тIеман тасадаларехь вийнарг а, лазийнарг а вара ткъех гергга низамхо. Цул тIаьхьа а нисделла алсам дараш а хуьлуш масех тIеман тасадалар.

Официалан къаро а еш,кхачалуш бац ,шайн лаамехь а, лаамза а Iедална тIеоьхуш берш а, лоьцуш лаьтташ берш а. Низамхой хьостанаша дийцарехь итт-цхьацтта шо хьалха тIемалошна мала хи делларг а, йома лато тай делларг а полисхойн каравоьдуш ву соьгара хIара ледарло яьллера аьлла.

Цаьрца дустар далийча мелла а кхечу тайпа бехк кховдийна 19 шо долу жимха, Веданан кIоштан Эластанжа эвлара вахархо лаьцна ницкъаллин структураша.

Цуьнга кховдийначу бехкаца цо интернетехула экстремизман хьу йолу дог-ойланаш гIиттош джихаде кхойкхуш,къаьмнашна юкъа симтуьйсуш,оьгIазалла яржо гIерташ белхаш бина. Цо, официалан чIагIдарехь, мукIарло дина, шегара даьллачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG