ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхераме ду нохчашна Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дан


Оьрсийчоь - Эскарехь контрактаца гIуллакх дан дагахь, шен хьуьнар гойтучу жимачу стаге хьоьжуш ву оьрсийн эпсар. Ставропол, 25Гезг2012.
Оьрсийчоь - Эскарехь контрактаца гIуллакх дан дагахь, шен хьуьнар гойтучу жимачу стаге хьоьжуш ву оьрсийн эпсар. Ставропол, 25Гезг2012.

Нохчийн кегийра нах Оьрсийчоьнан эскаре ца бигаран, цхьаннах а къайле а йоцуш, бахьана ду пачхьалкхехь къаьмнийн юкъметтигаш шо шаре мел долу а телхина йогIуш хилар.

Цхьана хенахь чIогIа мехалла лоруш хилла нохчий оьрсийн эскаре буьгуш боцу 20 сов шо хан ю. Официалан хаамашца, эскаре бига хан йолуш 80 сов эзар жима стаг ву махкахь.

Шарахь шозза (бIаьста а, гуьйранна а) пачхьалкхехь эскаре кхайкхар дIадоладелча, Нохчийчурчу тIеман коммиссариатийн болх, уьш ларар а, церан могашаллин хьолан мах хадор тIехь чекхболу. Журналисташца башха тIекIаре а ца бовлу оцу урхаллера куьйгалхой. Гарехь,уьш кхеташ бу цигахь а, оцу хаттаро, политикан бух гучубаккхаралла сов, пачхьалкхехь къаьмнашна юкъахь йолу чолхалла гучуйохуш хилар.

Нохчийчура Iедалхойх Оьрсийчоьнан эскаре меттигера кегийрхой бахийта ца беза, бохучарах цхьаъ ву, Ичкерийн тIеман министар хилла волу, хIинца Нохчийн парламентан депутат волу Хамбиев Мохьмад.

Амма, иза а реза вац хIинца оцу хьолах лаьцна къамел дан. Ткъаэскаре нохчийн бигарх шайна хетарг могIарерачу бахархоша лачкъа ца до. Гуш ду, оцу хIумано, юккъараллехь сагаттадойтуш хилар а, оцу хьокъехь наха шайна хетарг тоххарехь билгалдаьккхина хилар а.

Iийса цIе йолчу жимчу стагана хетарехь, нохчийн эскаре бахийта мегар дац, амма, цига чIогIа ваха луучунна дуьхьало а ян а ца оьшу. Уггаре дика хIума, Iийсас бахарехь, хир дара, оьрсийн эскарна юкъахь, беккъа кавказхойх лаьтта тIеман тобанаш йича.

Iийса: «ХIокху вайн республикехь буьсура а болуш уьш эскаре кхойкхуш хилча, бахийта мегар ду аьлла хета суна. Ткъа, вуьшта, ерриге а эскарехь уьш дIауьйра бац. Ша федерала Iедалш а ду, аьлла ца хета суна, кегийрхой эскаре бига.

ХIунда аьлча, оцу эскарехь дуккха а, нах бу, Нохчийчохь тIемаш бина. Цаьрца доьвнаш дийра ду. Иза ца хилча а, динца а, Iадаташца а, доьзна долу а хаттарш ду кхузахь. Кавказхой дивизи санна цхьа дакъа дича, дика хира дара».

Эскаре ваха хан кхаьчначу шен шина вешийн сагаттадеш ву, ша а Москохахь вехаш волу, Сайд-Ахьмад. Оьрсийчохь йолу дог-ойла а, къамнашна юкъахь яьлла а йолу херо а, ца йийцича а гуш ю, элира цо.

Сайд-Ахьмад: «Вай цIера ара а ваьккхина, эскаре вохуьйтура волуш вац со и шиъ. Уьш цига бигча, ца дийцича а хууш ду. Цига ца вахча а, вай цIахь шортта меттигаш ю болх бан. Эскаре вуьгуш валахь, ас цIахь вуьгуьйтур вара, амма, махкал ара а ваьккхина, цига вахийт оьшуш дац аьлла, хета суна».

Зараъ цIе йолчу йоккхачу стагана а ца хета, кегийрхой Оьрсийчоьнан эскаре бахийта беза аьлла. Хьалха санна, цига вахар сий долуш меттиг яц иза элира цо.

Зараъ: «Нохчийн кIентий эскаре бахийта ца беза. Чубоьхкинарш а, байа хьийзош, етташ, бойуш, цIа кхоьхьуш бу дIабохка. Со кIант воцуш нана ю. Жима а яц со. Суна сайy кIентий санна хета, неха берш а. Аса буьгуьйтура бацара уьш эскаре.

Сан сайн ваша а вахнера, Совета пачхьалкха йолчу хенахь 3 шарахь 6 баттахь. ХIетахь, къестамаш ца бора, нохчий вуй, оьрсийн вуй олий. Барт хуьлура. Тхан вешегара кехат догIуш, цуьнца цигахь болчу оьрсаша «йишига маршалла» олий, кехат хуьлура. ХIинца иза дац Оьрсийчохь».

Цхьаболчу тергамхоша а, билгалдоккху, тахана Оьрсийчоьнан эскарх кавказхой дIахербеш бу аьлла. Регионехь кест-кеста хуьлучу политолого Гобл Пола, ша арахецначу артикал тIехь, тидам бо, маьрша лоручу Дагестанехь а, хIинцалц эскаре буьгучу кегийрхойн терахь гIеххьа лахдеш хиларна. 15 эзар стаг эскаре вахийта таро йолчу оцу республикера, таханлерчу дийнахь 2000 бен вуьгуш вац цига. Цул сов, эскаре бигнарш а, ца кхочу доза лардечу а, тIеман-хIаваан а эскаршка а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG