ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къасто эшахь, бертахь къасто деза доза


Доза къасто дагахь ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а.
Доза къасто дагахь ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а.

Шинарийн дийнахь министрийн кабинетан кхеташо дIахьуш Кадыров Рамзана дIахьедар дина Сунжа-кIошт а, МалгIобек-кIоштан дакъа а Нохчийчоьнан территори хилар гойтуш долу документаш ду аьлла.

Цул сов, цо юха а критика йина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекана. И дIахьедарш доьзна ду Кадыровс Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къасто деза аьлла, меттах даьккхинчу хаттарца.

Масех де хьалха ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, меттигерчу журналисташца шен хиллачу зорбан-конференцехь, емал динера луларчу нохчийн Iедалша, айдина долу доза къасторан гIуллакх. Ша и доза ма дийца цкъачуьнна, аьлча, шех ца вешаш санна, вела а къежаш, иза тхан латта ма ду бохуш олура соьга.

Кхузахь тIемалошца, уьш хIаллак баран болх, бан ма беззара оха ца бо боху, ткъа сан а ма ду цаьрна дуьхьал ала хIума. ХIунда бовлийтина нохчийн тIемалой шайн дозанера ГIалгIайчу бохуш вара Евкуров Юнус-Бек.

Гарехь, оцу дIахьедаро, гуттар карзахваьккхинчух тера ду Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо, рогIера кхеташо дIа а яхьна, хаам бира, МалгIбек кIоштан цхьа дакъа а, Сунжа-кIошт а долаяккха Нохчийчоьнан бакъо ю аьлла. Цо чIагIдо, нохчийн Iедалийн карахь кехатийн тоьшаллаш ду бохуш. Ткъа гIалгIашкахь уьш доцуш ду боху цо.

Вовшашна Iиттарш яран тIера дIадаьлла и гIуллакх. Кадыровс элира ша а, кхин болу лаккхарчу даржашкахь болу нах ГIалгIайн махкахула дIасабоьлхуш, меттигерчу полицино новкъарлонаш йо аьлла. Царшимма кест-кеста олу, нохчий а, гIалгIай а вежарий бу, нанас дена бинчарна юккъахь а доза хила деза олий.

Цу хеннахь Сунжа кIоштахь тIеман хьал а дац метта дан туьгуш. Кхаарин дийнахь Даьттах олучу эвлан йистехь оьрсийн эскархошна тIелатар дина мьулаш бу ца хуучу наха.

4 салти (таьххьара болчу хаамашца 5) вийна, цхьанна чевнаш йина. Т1елатар динарш каро аьтто ца баьлла ницкъаллин структурийн. Шаьш гучу бовларх терра, цигара цIеххьана къайлабевлла тIемалой .

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG