ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а даздина Iиса Пайхамар вина де


Нохчийчохь а даздина Iиса Пайхамар вина де, 07Jan2012
Нохчийчохь а даздина Iиса Пайхамар вина де, 07Jan2012

Соьлж-ГIалахь бехачу православи дин лелочу наха а даздира Iиса Пайхамар вина де. Амма, кхечу шерашца дуьстича, кху шара кIезиг дара гIалийн юккъехь йочлу килсане даьхкина адамаш.

Соьлж-Галахь керстан динан муьлхачу денна лерина, килсанехь дIахьочу муьлхачу даздаршкахь дукхачу наха дакъалоцу. Керстан марх лоцуш а, иза достуш а, цу килсанехь а, цуьнан гуонахь а, адамех дуькъ хуьлу.

Кху шарахь хIун бахьан ду хууш дац, амма, Соьлжа-гIаларчу килсанехь, дукха нах ца хилла шай динан гIуллакх даздан бахан. Иза Маршо радиога элира, журналист-суртдаккхархо волчу Садулаев Мусас.

Садулаев Муса: «Сийсар 12 даьлчулл тIехь, килсане вахнера со. Цигахь кертс дин лелош болу нах кIезг бар. МозгIар кхечанахь дIавахна бохура. ЧIурамаш хIиттош лаьтташ бар уьш. Нах чIогIа кIезг бар. Сор хIора шарахь аьлча санна цига лела, сурт даккха. Амма, сийсар цигахь 5-6 стаг хиллехь, кхин вацар цигахь. Цара, оцу килса чохь дIахоттина баз а яра. Цигахь чIурамаш а багош Iа-кх уьш».

Керста динан, муьлхачу даздаршкахь дакълац Нохчийчу оьху, кхузахь хьалха Iийна болу бахархой. Масла, керстан марх достучу ханна, олий, уьш кешнашка а, килсане а дIасалелош, Iедало автобусаш а ло. Цул совнах, и де тIекхачле, керстан кешний керташ, меттигерачу кегирхойн дукха йолчу буоламашка цIанйойту.

Ишшта, килсан кертахь а , арахь а, цIано латтора а царна тIедуожадо кесст-кесста. Оьрсийчохь дин а, Iедал а цхьандоьзна а, вовшах уьйранаш яц аьлла лоруш далахь а, ма дара долу гIуллакх ишшта дац. Тахана, Нохчийчохь а, йоккха агIо дIалоцуш ю, дино, кегирхой кхетош-кхиорехь. Ишшта, диндайшна, бусулба хуьлийла иза, ян керста хуьлийла, царна баккхий аьттонаш латта бо Iедалша.

Хьалха ишшта дацара, дин а, Iедал а къаьстан дар. Дин ма леладе бохуш дIоггар Iаткъам а ца бора, амма, цуьнах къаьстина ша долун дела, динлелочарна кхин аьттонаш а ца бора. Цуьнах лаьцна дийцира ТIехь-мартан кIоштера вахархочо Сулеймана.

Сулейман:
«Совета Iедал долчу хенахь, хIара тайпа даздарш ца леладойтура. Керлачу шаран ши де мокъ лора, цул тIехь болх бе олура. Ткъа, хIинца Дей, Конституцийн Дей, Нанойн Дей, Безаман Дей ду. Уьш хьалха дацара»..

Дин лелочарна, иза ян керта далахь а. ян жуьгтийн далахь а, цхьа а новкъарлонаш еш яц Нохчийчохь. Мелхо а, хIокху деношкахь жуьгтийн килсан бух а билла Iалашонехь ду, Нохчийчуьрчу Iедалан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG