ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лелхазчу минанаш зенаш до Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Нохчичохь минанаш дIайохуш бу сапераш, 2011
Нохчийчоь -- Нохчичохь минанаш дIайохуш бу сапераш, 2011

Нохчийчохь Iедалан коьртехь болчеран а,адамийн бакъонашларьярхойн а,цхьацца юкъараллин болам-цхьаьнакхетарийн а- массара цхьабосса къаро а еш, массо тIе а товш,ира лаьтташ цхьа хаттар ду Нохчийчохь: латтанаш минех а,кхечу кхерамечу герзах а дIацIандар.

И хаттар дийцаре дина Оьрсийчоьнан президент биста кхаччалц.Бакъду, цу даржехь Медведев Дмитрий волуш, Соьлжа-гIала веъна волуш цо ша тIеман министараллин хьалха,къастам боллуш минаш дIаяха йолор хьокъехь декхарш хIиттор ду аьлла дIахьедар динчул тIаьхьа а ши шо гергга хан елира, латтанаш минех мукъадахарца доьзна кхузахь пIелгах пIелг тоьхна хIума ца деш.

Нохчийчуьрчу тIеман омранато хааме даккхарца кху шарахь и урхалло лоьруш ю махкахь 700 гектар сов юьртабахамийн дуьйш-дерзош долу латтанаш цу кхерамечу герзах дIацIанда. ТIеман омранатан буьйранчаша чIагIдарца чекхдаьллачу шарахь 4-5 кIоштехь дIацIандинарг ду эзар гектар гергга кхаш-ареш. Ткъа кхушара,хIара заздоккху бутт бовш дIаболийн и кхераме болх,дIахьур болуш бу пхеа кIоштехь.

Кху беттан юьххьехь официалан гIардаьккхина ма хиллара 2015 шо дале 6 эзар гектар латта мукъадаккха лоьруш бу сапераш, ткъа 2017 –гIа шо довш 8 эзар гектар латта.Ала дашна ерриг зер-лехамаш бан безачу майда-меттигах иза нисса аха а яц.Вуьшта аьлчи кхин а иттаннаш шераш дезар ду кхузара латтанаш минех а,бомбанех а,хIоьънех а мукъадаха.
Цу гIуллакхна охIла болчу говзанчаша даре а деш, Нохчийчохь бIеннаш эзарнашкахь хила тарлуш лаьттах доллуш и тешнабехке герз.

Цунна лач дахь а тоьшалла до хIора шарахь хуьлучу дараша. Дойуш лаьтта даьхний,хIаллакйо техника йоцуш,Iедалан хьостанаша мукIарло а деш Нохчийчохь и дагахь доцу лелхарш бахьнехь велларг ву кхо эзар гергга вахархо.Царна юкъахь бераш ду цхьа бIе ахбIе ца кхоччуш.

Нохчийчохь минаш-хIоьънаш ког баькк-баьккхинчохь хила тарлуш хиларан тоьшаллаш карийна кху деношкахь а. Соьлжа-хина бердаш чIагIдечу белхошна эккхаза йоьккхачу тоьпан хIоъ карийна Ленинан кIоштехь,адамаш лелачу некъана гергахь.Бахархошна кхерамазалла кхуллуш, низамхоша и меттиг гоне а ерзийна латтийна цхьа хан яллалц,говзанчаша цхьалхо яккхалц.

Цу кеппара САУ олучу йоккхачу тоьпан хIоъ карийна,чохь бохкуш а боцуш,арахь,цхьана билггалчу меттиг-набахтехь хан токхуш болчу тутмакхашна Устрад-гIалахь а. Набахтеш карахьйолчу урхаллин хьостано Iорадаккхарца махкахь терроран дуьхьал тIеман операци дIахьучу муьрехь дуьйна,эккхаза бисина хила беза и хIоъ,лаьтта буха а бахна.Говзанчаш-сапераш тIекховччалц,стагга а аьттехьа ца вуьтуш, гонехь латтийна и меттиг а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостано билгал ма даккхара,ворхI шо хьалха тIемалойн аьтто бина агIонча-зуда сацийна Новр-кIоштехь. 36 шо хан йолу иза Рубежное юьртан яхархо ю. Талламхоша дийцарехь сацийначу зудчо цхьана гIаттамхочунна тховкIело а латтийна,кхачанца гIо а дина. Бакъду, цу хьостано дуьйцуш дац цу зудчо гIо дина тIемало цуьнан хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG