ТIекхочийла долу линкаш

Наркотикаш яьржаш ю Нохчийчохь


Наркотакаш яьржаш ю Нохчийчохь

Наркотакаш яьржаш ю Нохчийчохь

„Хаам бе, мичахь юхкуш ю Iожалла“ цIе а йолуш, наркотикашна дуьхьал Оьрсийчохь дIахьучу акцин 2-гIа мур болийна Нохчийчохь, кху карахь болчу Лахьан-беттан 12-чу дийнахь. Ткъа оцу къийсаман хьалхара мур махкахь дIабехьна кхушеран бIаьстенан юьххьехь, Зазан-бутт бовш.

Официалан билгалдаккхарца итт дийнахь дIахьур йолуш наркотикаш а,кIомал а, кхидолу куьйга дина дIаьвше молханаш а духку а,оьцу а меттигаш Iорайоху акци. Куьйгалла дан леррина сихаллин штаб а кхоьллина, дIахьучу цу акци юкъаозийна бу низамхой а, динан дай а, нохчийн юкъараллехь жигара хьийзаш болу цхьацца кегийрхойн боламаш а.

И тайпа акцеш йоцуш,хIинцца чекхбаьлла гIадужу бутт бовш дIайирзина Нохчийчохь,наркотикашца къийсам баллорна тIехьажийна «Мак-2012» цIе йолу 5 баттахь дIаехьна леррина операци а. Оцу хенахь низамхоша чIагIдарца , дIайийначуьра а, акха кхуьуш йолчуьра а хIаллакйина 300 тонн кIомал,низам а талхош пайдаоьцучуьра схьаяьккхина 24 кийла бен-бен тайпа наркотикаш а, психикана харц тIеIаткъам бан тарлуш долу дIовш-молханаш а.

Нохчийчохь наркотикаш яржорна а,царех саярна а дуьхьал , цу кепара хаддаза цхьацца акцеш а, леррина операцеш дIаяхьар ,говзанчаша-лоьраша даре а деш, ондда бух болуш хIума ду. Стенна аьлча цара бахарехь хIора шарна а наркотике марзлуш болчийн могIарш ,лилха довларна метта стамлуш ду.

Наркотикашца къийсам баллочу урхалло Iорадаьхначу терахьашца цаьрца ,наркотикашца доьзна I бIе сов зулам дина кхушара Нохчийчохь. Къаьсттина гIайгIане лору говзанчаша хIара терахьаш. Карарчу хенахь юкъараллина къайле а йоцуш, хаа а хууш , лоьраша дарба лелош,церан тидам-тергонехь ву 4 эзар кхо бIе сов наркоманин лазар долу стаг. Царна юкъахь ву 54 кхиазхо а, 40 зуда а. Ала догIу цу тIаьххьарчех дукхахберш вайнехан зударий хилар.

Цхьаболчу говзанчаша ечу къароца, Нохчийчохь наркотикех пайдаоьцуш болу бахархой масехазза а сов бу. Царна хетарехь церан терахь 20 -25 эзарне кхочуш хила а тарло. Муха делахь а ярташкахь а.гIаланашкахь кIезиг бац кIомалх дезар а,болх-некъ а бина лелаш болу кегийрхой.. Цунна ,лач делахь а тоьшалла карадо суьдешкахь а.

Масаллин аьлча, Соьлжа-гIалин Старопромыслан кIоштан суьдан гIишло чу мА ваьлла пенаца хьалаоьхкина ду тIаьххьара хIиттина а,рогIехь хоьттур долу а девнаш. Ала дашна итт девнах 3-4 дов наркотикашца доьзна ду. Ишта хьал ду Теркйист кIоштехь а.

Юккъерчу барамехь схьаэцча, цигахь чекхбаьллачу гIадужучу баттахь мел хаьттинчу девнех,нисса ах девнаш дуй те аьлла 228 –чу статьяца хаьттина ду,аьлчи а наркотикех доьзна ду. КIезиг бац царалахь уьш юхкуш а,оьцуш а лецна , нохчийн зударий-наной а.

Нохчийчохь массо тайпа наркотикех,какаинах,гашишах, марихуанах пайдаэцар хIора баттахь бохург санна,даьржаш хилар бакъдеш , хаамаш гIарбоху полицин урхалло а. Наггахь доцург де долуш дац цаьрца,наркотикашца боьзна боцу хаам цуьнан хьостано Iора ца боккхуш.

Цхьаболчара цуьнан агIончаш оццул сиха дебар дузу кхузахь къайлах-къулах бен,кхечу, лула-куларчу мехкашкахь санна , паргIат духкуш а. оьцуш малар цахиларца а, цхьа таIзаран урхалла санна ,уьш дохкар доьхкуш тIаьхьаяьлла лелаш муфтият хиларца а.

Цу хиламо пайда бохьу те юкъараллина , я зе до те алсам аьлла, бала а кхаьчна, талламаш беш цхьа Iедалан урхалла а, я кхин цу гIуллакхна охIла болу нах а бац. Ма-дарра аьлча и тайпа зераш дича а , тергаллучу хьолаца и шайн зераш Iорадаха хIуьттур бу ала а дац тахана Нохчийчохь.
XS
SM
MD
LG