ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгалхо бахархоша харжарна дуьхьал вац ша боху Кадыров Рамзана


Нохчийчоь -- Сольж-ГIала, ТIаьххьара Нохчийчурча бахархоша дакъалецира Оьрсийчоьнан президент хоржуш, 04Заз2012

Нохчийчоь -- Сольж-ГIала, ТIаьххьара Нохчийчурча бахархоша дакъалецира Оьрсийчоьнан президент хоржуш, 04Заз2012

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина, ша дуьхьал вац республикехь, массо а бахархоша дакъа а лоцуш, харжамаш дIабахьарна аьлла. Уьш нийса а, цIена а вовшахтоха кийча ву ша боху цо. Иза реза ву цу харжамашна дуьненаюкъара тергамхой тIехьовсуш хиларна.

2012 шарахь аьхка, ша Оьрсийчоьнан президжентан даржера дIавалле, Медведев Дмитрийс, пачхьалхехь харжамаш а беш, хIитто беза, регионийн куьйгалхой аьлла, болчу сацамна кIелахь куьг тIайира. И низам лела доьлла хIара шо дуоладелчу дуьйна.

Амма, цхьайолчу республикийн куьйгалхой доьхьал бу оцу хIуманна. Шаьш, Москохара сацамца хIоттича дика хира ду аьлла хетта шена, бохуш, масалла, дIахьедар дира ГIалгIайчоьнана куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Хаамийн гIирсашкахь, дукха сиха даьржира, Къилбаседа Кавказерачу куьйгалхошна, массарна а изза лууш ду аьлла.

Амма, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дина ша царна юккъахь вац аьлла. Харжамашца, мехка куьйгалхо харжарна новкъарло ца хета, цунна. Федерала Iедалша тIеэцна болу муьлха а сацам къобал бийра бу оха, амма, махкахь, меттигерачу Iедалан коьртехь мила хила лаьа алла, тхуна бахархошца дага боьвла,хIума дича гIоле хеьта. Ткъа, харжамаш-уггаре а дика некъ бу цунна, аьлла тидам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нохчийчохь харжамашка шайна лаа а лушш, бахархой баханза дукха хан ю. ТIаьххьара хиллачу цхьацца хражамашкахь, дукха лекха жигаралла гайтина бохуш дийцина хиллехь а, цхьаболчу нахана тIедуожийна дара, кхаж тас бахар. И хIума, цхьана Нохчийчохь хилла а ца Iаш, ерриге а пачхьалкхехь хилла ду. Амма, хIинца, мехка Iедалш а, куьйгалхо а харжар бакъо шайга юхаялар, дика хета нахан. Цуьнах лаьцна Маршо радиога дийцира Соьлжа-гIалара вахархочо Асхьаба.

Асхьаб: Суна харжамаш юхабеъча чIогIа дика хета. Шорта кандидаташ а болуш хилча, нехан дог догIура ду, цигахь дакъалаца. Шайна гIоле хеттарг хоржура ву цара».

Нахана, харжамаш юха а, шай кара баларна дика хетахь а, деххачу шераш хаьлха бина болу и сацам, хийца хIунда хийцина ца кхета дукхахберш. Цхьаболчу нахана, хIинца а дагахь лаьтта, иттанаш шераш хьалха, махкахь муха дIабаьхьара харжамаш. Даиманна, уьш цIеналлийца билгалбоьвла олийла дац.

ХIетта, дуьненахь гIарайолуш йолу харжамамийн Iаьржа технологех а пайда оьцура, масала, шина тIеман юккъахь, Ичкерийн президентан кхаж тосуш. Цхьацца кандидаташ, шааьш хесторцани, кхиберш бехбан гIерташ хIума леладора. Дикачу кхане, шен къам кхачора ду бохуш нигат а долуш, мехка коьрте хIотта гIиртина болчу нахах, цхьаболчара, вовшашна тIекхайкхар хьалхадолура.

Изза, хийцаделла хIинца а дац. Iедалан ницкъ а, коьрте боккху. Оьрсийчоьнан керлачу исторехь, цкъа а хилла дац, Iедалан коьртехь волу стаг, шозлогIа оцу дарже ца хуттуш.

Нохчийчохь шозлогIа тIом балле 1996 шарахь, хилла президентан харжамаш, дуьнено, чIогIа цIена дIабаьхьан бара аьлла къобал бинера. Амма, харжамийн компани а низамаш дуохош дIаяхьна хилар а билгалдаьллера. Оцу харжамашка вахагIиртина хилла волу Хасбулатов Русланан ваш, Асланбек лачкъийнера муьлша бу ца хуучу наха.

Иза биъ баттахь, цхьан ор чохь а валлийна, шайна ахча делчий бен мокъ а ца валийтира.Иза аравоккхуш даьккхина хилла долу декхар массийта шо даьлча а дIатекхина ваьлла вац бохуш, дийцира дуьненахь уггаре а воьвзучу нохчех цхьаъ волчу Хасбулатов Руслана.

2003 шарахь, Нохчийчохь президент хоржучу хенахь, бизнесхо Садулаев Малик а дIаваьккхира харжаамийн къийсадаларшна юккъера. Иза дIаваккха аьлла арз динера, кхечу кандидата Пайзуллаев Николая. Бахьан дар, Садулаевийн, паспорт тIехь, винчу меттиган цIе юккъахь, масех элп нийса ца хилар.
XS
SM
MD
LG