ТIекхочийла долу линкаш

Декъешца тIом бар дастаме хета Евкуровна


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн президент Евкуров Юнус-Бек, 31Деч2009

ГIалгIайчоь -- ГIалгIайн президент Евкуров Юнус-Бек, 31Деч2009

Кху деношкахь журналисташа деллачу хаттарна жоп луш, нохчийн динан урхаллин коьртехь волчу Мирзаев Султана тIемалойн хьокъехь ишта дIахьедар дина: «Оцу нехан куьйгаш гоьллелц цIийлахь ду, зударийн а,къанойн а, берийн а.

Уьш жIаьлеш санна белла, цундела уьш хьакъ бац кхиберш санна дIаберзо». Муфтис юха а тоьшалла дина, и талорхой кешнашкахь дIаберзош а бац, кешнашка уьш дIа ца бохкар юкъараллин (бахархойн) лаамна жоп луш дина хIума а ду аьлла.

Ма-дарра аьлча Мирзаев Султана керла аьлла хIумма а дац. Дуккха а шераш ду Нохчийчохь герзаца дуьхьло еш велларг гергарчаьрга дIалуш воцу а, цуьнан дакъа Iедалехь болчара кIайладоккхуш долу а. Цу хьокъехь шена хетарг хааме даьккхина Евкуров Юнус-Бека. Белларш гергарчаьрга дIабала безар,- боху Евкуровс.

«Вай кхечу агIор хIумнаш леладахь, нагахь цхьаболчарна, адамех тера дIаберзо церан декъий дIа ца делча а мегар ду моттахь, хичу йоьллина хIума санна цхьана шелигаш чохь а латтош, тIаккха вай дуьххьал дIа терроризм дебор ю-кх. Со и нах дIабохкийтаран агIонча ву». ГIалгIайнчоьнан куьйгалхочо аьлларг и ду. Амма иза буххера дуьйна ца тайначех, цу дIахьедаро синтемах ваьккхинчех цхьаъ ву Кадыров.

«Цкъа делахь, беллачул тIаьхьа тIемалой цIерачаьрга дIабалар цабалар низамо къастош ду. ШолгIа цо, низамо ма бохху дIабухкуш бу и талорхой. Амма динан дай, ницкъала, царна лаа а ца лууш, маьрша нах бойьуш леллачу стагна тIе а хIиттийна, цунна докъанаш а деш уьш латто бакъо яц цхьанне а, Евкуровн муххале а.

Евкуров Юнус-Бекана хаа лаахь, Iеламнах ,пачхьалкхан хьукхматашкахь къахьоьгуш гIуллакхъхой а бац, хьаькамаш а бац, я ницкъаллин структурашкахь эпсарш а бац. Кхузара царна цу декъехь омра дан йиш яц цхьанне а». Цу кеппара дIахьедар дина Кадыров Рамзана. Цо Евкуровна бехке дуьллуш санна. карладоккху иза гIаттамхойн тезеташка оьхуш хилар а,гергарчаьрга цо кадам беш хилара а, ур-аттал цкъацкъа велларг дIаверзош, цо дакъалацар а.

Цо Евкуровна хьехам бо Нохчийчуьра хьал-дахар тергамза а дитна, ГIалгIайчуьра кхерамазалла лакхаяккхар… Цунах а тоам ца бо нохчийн куьйгалхочо. Йозанан чаккхенехь цо хIара могIанаш даладо. «Кхин цхьаъ а ду,схьагарехь, Евкуровна хуучух тера ду,адамийн декъий черманаш чохь туьхаберамал дохкарх,ишта цо и дуьйцуш хилча. Цо и яздаллалц Нохчийчохь хIинццалц схьа цхьанне а хезна дац и хIума».

Ала догIу Нохчийчохь цхьабосса кхетош а, туьдуш а хIума дац беллачул тIаьхьа а тIемалошца гамо лелор. Цхьаболчара иза беллачаьрца а чIир лелор санна тIеоьцуш хIума ду. Вуьшта аьлча дукхахболчара къобалдеш дац, веллачул тIаьхьа стагца мостагIалла лелор. Ма-дарра аьлча Iедалехь болчара а, муфтиято а низамо хIара боху, юкъараллина а хIара хета а бохуш, тергамза юьтуш ю динан агIо. Велларг дIа ма волла боху бусалбан дино?

КъурIан тIехь магош ду велларг,дахарехь мел вон стаг хиллехь а адамех тера лаьтте цаверзор? И а, кхин а хеттарш тергамза дуьсуш ду цкъачунна. Дерзош аьлча, шина мехкан куьйгалхойн, бутт-батте мел болу, тоялар метта, кIаргьелла йогIучу юкъаметтиго, сагатдахь бен синтем бохьуш бац бахархошна.

Цхьаболчу бозуш боцучу тергамхоша а, могIарерчу бахархоша а кхеторехь, Кадыровн а, я Евкуровн а юьхь еш, церан сий-ларам чIагIбеш а, шорбеш а хIума дац,зорбанехь цара вовшашка хIуьттаре ерг ,дог деттарг ала а гIерташ, еш йолу челакха кхиссарш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG