ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Рамзан: Оьрсийчоьнах дIакъаста лууш бац нохчий


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан.

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан.

Оьрсийчоьнан федералан хаамийн гIирсашкахь ша къамел деш, даиман а санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана леррина тидам бо нохчий Оьрсийчоьнах дIакъаста лууш бац олий. Иштта аьлла цо тIаьххьара шен хиллачу интервьюхь а.

Оьрсийчоьнна юкъахь нохчий дуккха а шерашкахь бехара бу, аьлча а, ша махкана урхалла деш мел ву Москохана нохчий муьтIахь хир бу бохуш, дуьххьара деш дац республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар. Меттигерчу а, Оьрсийоьнан а телехьожийлашкахь кест-кеста меттах доккху цо и хаттар.

Цу хаттарехь цуьнгара цхьаъ даккха гIерташ болуш санна, интервью эца луучу журналистех йоккха рагI а лаьтта Соьлж-ГIалахь. Амма ша бохучун тIера ца волу Нохчийчоьнан куьйгалхо. Республика даиман а Оьрсийчоьнна юкъахь хир ю бохучу маьIнехь къамел до цо хIоразза а.

ТIаьххьара цуьнгара интервью эцнарг ю «Россия-24» цIе йолу телеканал. Дехха хиллачу къамелехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо керла хIума ца аьлла, амма цо юха а билгалдаьккхина нохчийн къоман кхане Оьрсийчоьнца бен ца го шена аьлла.

Дуккха а дийцина цо нохчийн дочлу декхарех лаьцна, амма, бакъонаш хьалха санна хьаха ца йира. Гуш ду, цхьана хенахь олуш долу дош ца лохуш хилла волу Кадыров Рамзан даржхочуьна цIокан чохь хилар. Кхечу агIор къамел дойла дац ук кепара даржехь волчу стеган.

Амма, мелла а Iоттарш йина Нохчийчоьнан адмнистратора Москохарчу Iедалшна. Масала, хIунда ца деш ду Москох маьждигаш оха ма йо тхайн махкахь килсанаш. Цул сов, керстан кешнаш а цIандо бусулбачу наха бохуш вара иза.

Цхьана а дашца ца хьахийна Кадыров Рамзана шен интервьюхь Оьрсийчохь меттигера националисташ бахьана долуш къаьмнийн юкъаметтигаш телхина хилар. Дукха хан йоцуш ши нохчий а, цхьа дагестанхо а вен а вийна, церан декъех дакъош а дина, гучудаьлла долу зулам дийцаре ца дина.

Изза интервью йоьдучу деношкахь, Соьлжа-гIалийн коьртачу майданехь оцу зуламан дуьхьала митинг яра дIайоьдуш. Юкъаралла хIинца а ю кхехкаш и тIех сов къизаллийца дина зулам бахьана долуш.

Цунна дуьхьала леррина хиллачу митингера хIара къамел дира цхьана стага. Даггара къамел деш а ву иза.

ТIехьа-мартан кIоштара вахархо: «ТIехьа - Мартан тIера ду тхо. Тхан да немцошца тIом бина вара. Тхуна хьалха иза турпалхо хетара. Суна сайн да хIинца ямартло хета. Сан массо а вежарий Советан эскарехь хилла. ХIинцна со дохко ваьлла цунна. Аса тахана хIумма а ца боху, аса неIалт кхайкхор ду-кх Оьрсийчоьнна даиман а.

ХIокху Нохчийчохь долу хIума вайга бен хийцалур дац. Схьа а баьхкина, хIинца санна камерашца видиео а яьккхина дIагIур бу. Оьрсийчохь цхьана стеган ког кагбича иза дезу ду вай массарел а».

ХIокху стага дуьйцург тахана Нохчийчохь уггаре а кIоршаме лоруш долу хIума ду. Хилла тIом а бицбина, оцу тIамехь, шайна ма тов, нах хьийзош, къизаллаш лелош, эскархоша дина зуламаш а дицде боху нохчашка. И мах бу къомо таханлерчу паргIатонах белларг. Дахаран токхо массарна а кхочу, цхьана стагана кхаьчна а ца Iаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG