ТIекхочийла долу линкаш

Муха еха ГIалгIайчура вирдийн юкъараллаш


ГIалгIайчоь -- Нохчийн а, гIалгIай а бохийна де дагалоцуш хилла митинг, Несара, 23Чил2012.
ngushetia commemorated the victims of the 1944 deportation of Chechens and Ingush from the North Caucasus, Nazran, 23Feb2012

ГIалгIайчоь -- Нохчийн а, гIалгIай а бохийна де дагалоцуш хилла митинг, Несара, 23Чил2012. ngushetia commemorated the victims of the 1944 deportation of Chechens and Ingush from the North Caucasus, Nazran, 23Feb2012

Баханчу баттахь Мохьмад-Пайхамаран мас эцна Нохчийчура делегаци хилира ГIалгIайчохь, Сурхахи-эвлахь, иза цу республикерчу бусулба нахана гойтуш. Цул тIахьа цу тобан хьалха ваьлла хиллачу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимхонов Адаман лаамца, Нохчийчура хьеший хилира Яндарехь, Митаев Баматгири-Хьаьжин йоьIан ПетIаматан коша тIехь. Цигахь шен чоьтах ПетIаматан зиярт то дан дош а делира Делимхановс. Муха еха ГIалгIайчура вирдаш лелош болчу нехан бусулба юкъаралла?

Нохчийчура делегаци Сурхахи БатIал-Хьаьжин зиярте ярах лаьцна ingushetiyaru.org интергнет сайт тIехь материал зорбане яьккхинера меттигерчу бусулбан юкъараллин жигархочо Хашагульгов Амирхана. Цунах лаьцна иштта дийцира Хашагульговс Маршо Радион дехарца.

Хашагульгов Амирхан: «Делимханов веанере Сурхахи, Пайхмаран мас йохьуш. Сурхахера схьавогIуш Яндаре чувеанера иза. Со цIера Яндарера ву. Iовдин йоI, ПетIамат, тхо долчехь дIайоьллина ю. Тхоьгахь марехь хилла ю иза. ПетIаматан Яндарехь барз а бу, цуьнан кIант а ву цунна юххехь дIавоьллина.

Цигахь Делимхановс ша барз то а бийр бу, зиярт а дийр ду аьлла, бохуш хезнера суна тхайн туркхера Даурбеков Минкаилера. Молла а Iовдин вирдехь ву тхан, туркх а Iовдин вирдехь ву. Иза хаза а хетта, гIуллакх ду-кх кхо деш дерг аьлла, цунна юьртан цIарах баркалла мукъа ала аса аьлла, кхайкхам язбинера аса».

ГIалгIайчохь таханлерчу дийнахь лелош 4 вирд ду бохуш, дуьйцу Маршо Радион аналисто, историн Iилманан докторо Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Нохчашкара схьаэцна вирданаш ду уьш. Уггара хьалха цара тIеэцнарг Кунта-Хьаьжин вирд дара, Кишин Хьаьжин вирд дара. Амма иза Iедалша дIалаьцначул тIаьхьа, цуьнан некъ эцна, хьалха ваьлла масийтта стаг вара.

Царах цхьаъ Iовда вара, Баматгири-Хьаьжа олу цунах. Махкахь Iовда аьлча вевза-кх иза, Эвтарара вара иза. ГIалгIайн махкахь БатIал-Хьаьжа вара, Белхороев. Амма революци хиллачул тIаьхьа, оьрсийн Iедал доьхча, 1917-чу шарахь, нохчийн махкахь гIарваьлла майра стаг ву аьлла, наха лара а лоруш, веза а везаш Дени-шейх хилла, Арсанов. Цуьнан некъ тIеэцна, вуно дукха гIалгIай тахана Арсановна вирд доккхуш а бу.

Тахана схьагучу суртаца 4 вирд ду цигахь. Кишин Хьаьжин вирд ду цхьаъ. ШолгIа Iовдин вирд ду. КхоалгIа БатIал-Хьаьжин вирд ду. Ткъа доьалгIа накъашбандийн ду. Иза Арсанов Денина а, цуьнан къантана Бадруддина а вирд доккхуш ду. И диъ вирд ду-кх тахана ГIалгIайчохь лелош».

Оьрсийчоьнан Iедалийн а, бусулба дин лелочу вайнехан а юкъаметтигаш аттачех ца хилла. Тахана муха ду ГIалгIайчохь нехан дин лело йиш хиларца доьзна долу хаттар бохучух иштта элира Хашагульгов Амирхана.

Хашагульгов Амирхан: «Динца долу гIуллакх дика ду. Шен пхи ламаз а деш, маьждиге а воьдуш, шен мархийн бутт а кхобуш, Iад Iаш волчунна Iа меттиг ю кхузахь. Шен дин а лелош, харцхьа хIума а доцуш, паччахьо бохург а деш Iад Iачунна дуьхьло яц кхузахь».

Историн Iилманчана Вачагаев Майрбекана а хета, ГIалгIайчохь тахана динца доьзна долу хаттар шен кепа дирзина аьлла.

Вачагаев Майрбек: «Мелла а аьтто бу, хIунда аьлча, тахана динца гIуллакх дац Iедалийн. Тахана тIемалошца болчу баланна тIе яхийтина ю цара шайн ерриг а ойла. Цундела, дин лелийча мукъа Iад Iийр бацар тIе хIорш аьлла, дин меттах ца доккхуш, цунна дуьхьало ца еш хIума ду. Дуьхьало йо аьлла, цхьана а кепара хаа ца делла суна. Цундела гIалгIайн махкахь вайн махкахь санна, дин лело атта ду моьттуш ву со».

2012-шарахь цIеххьана цхьацца цакхетамаш лилхинера Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхошна Кадыров Рамзанна а, Евкуров Юнус-Беканна а юкъахь. Цу гIуллакхо шел йиний нохчийн а, гIалгIайн а юкъаметтигаш? Хьалха санна оьхий ГIалгIайчура бусулба нах Нохчийчура зиярташка аьлла, хаьттира оха Яндарехь вехачу бусулба юкъараллан жигархочуьнга Хашагульгов Амирхане.

Хашагульгов Амирхан: «ГIалгIайчохь иза новкъа хеташ дукха нах бу. Нагахь Кадыров а, Евкуров а ийгIина хилча, оха хIу дан деза? Аса ца бах Кадыров бакъ ву, я Евкуров бакъ ву. Ши къам лата ца латахь иза кхаъ бу суна. Зиярташка воьду со Нохчийчу. Мархийн бутт кхаба оьшуш а бац, ламаз дан а ца оьшу цига воьдуш хазахеташ воцучу стага.

И шиъ эгIарх нах цига эхар соцур дац. Дин тIехь вай цхьаъ хилча, саца йиш йолуш дац иза. Кадыров а шен рицкъ чекхдаьлча дIавер ву. Евкуров а шен рицкъ чекхдаьлча дIавер ву. И шиъ ийгIина аьлла, эгIа йиш йолуш дац вай».

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча волчу Делимхановс бинчу хаамца, БатIал-Хьаьжин цIарах долу маьждиг дан сацам бина Кадыров Рамзана шен чоьтах, цуьнан мурдаш гайттинчу меттигехь.
XS
SM
MD
LG