ТIекхочийла долу линкаш

Интернетах кхачам боллуш пайда ца оьцу Нохчийчохь


Интернетах кхачам боллуш пайда ца оьцу Нохчийчохь.

Интернетах кхачам боллуш пайда ца оьцу Нохчийчохь.

Нохчийчохь шуьйра яьржинчу интернетах кхечу мехкашкахь санна башха пайда оьцуш бац бахархоша. Цхьаболчара иза латтайо махках бевллачу шайн гергарчарца зIе латтон. Вукхара керланаш лоьху глобалан машанехь.

Нохчийчохь мобилан телефонаш юхкучу туьканашкахь санна дукха эцархой ца хуьлу, цхьанна а меттехь. Хийла стаг го, шиъ-кхоъ телефон киснашкахь а йолуш, нахана юккъехула лелаш. Телефонаш юьхкучу базарахь-м, деши духкучу меттигашкахь санна дуькъ хуьлу адамех. Муьлха а телефон оьцучу хенахь, иза Интернет чу массарелла дика йолуш хила езаш ю олий оьцу уьш наха.

Ткъа, Интернет хоржучарна бакхий аьттонаш ло, цуьнах пайда эца, махкахь йолчу мобила зIенан кхаа компанино а, кхиъ Интернет шина провайдеро а. Нохчийчохь, цхьа Мегафон болх беш йолу заманахь санна лаккхара мехаш дац, амма, цкъацца ойла кхоллало, оцу кхаа операторо, мехашца долу гIуллакх, цхьа барт а бина латтош дуй теша аьлла.

«Вайнахтелеком» олуш йолу Интернет-компани Нохчийчохь болх бан йола ма елнехь, и Машмайда бахархойн дахаре, яьккхийчу гIулчашца яьлла. Тахана, Соьлжа-гIаларчу массо а петарийн гIишлонаш ю цунна тIетесина. Петарийн долахочуьнна ахча ма делнехь, оптоволокно олуш йолу серийн Интернетах пайда эца аьтто бу. Уггаре а лаххара тариф цигахь ю, баттахь 350 сом луш, ткъа, барам а боцучу интернетан мах 750 соьманна тIера буолало.

Интернетах тахан пайда оьцуш дукха хIорш бу, ян вуьш бу олийла дац. Муслим цIе йолу хIара жима стаг, ша цергийн лор ву, амма, кхин болх боцун дела, Соьлжа-гIала йистехь гIишлонаш ечу белхашкахь валлаш ву иза. Бел карахь а йолуш къамел дира цо Маршо радиоца, Машмайдано шен хIун пайда бахьа аьлла.

Муслим: Со Интернет чу валар бахьан ду, наггахь сайн хаа лууш долу хIума. Дукхачу хьолехь оцу Гугл чохь карайо суна, цхьацца материал а, реферат а. Наггахь кино хьажархъам чу а волу со. Амма, чехкалла дика яц Интернетан. Масне керланаш хуьлийла уьш, Интернет чохь телевизион чохь чулла, дикох ма хуьлий уьш. Пайда эца хIума а ду цу чохь, пайда бера боцу, хьо Iехора волу хIумш а ду цу чохь»

Интернетера а, телевизиончуьра информаци юьста а гIерта Муслим. Ютюб дIакъоьвлина хиларна а, Интернет чехалла дика цахиларна а, арз а до цо.

Муслим: «Ютюб чу вала йиша яц, телефон чуьра а. Иза дIакъовлина ю оцу яьккхинчу кино бахьнехь. Чехкалла ца хуьлу, Интернет чуьра видео хьалалатъян».

Рамзан цIе йолчу БердкIелара вахархочо, шен тоъала пайда хуьлу боху Интернетах.

Рамзан: «Со оцу Ютюб чохь а, цхьацца блогаш чохь а, одноклассники олучу сайт чохь а хуьлу. Цхьацца луьйш-олуш Iа цу чохь. Шорта хаамаш бу цу чохь, керланашка а хьожу. Пайдехь долчуьнга а хьожу. Кхечу пачхьалкхашка дIаихина гергар нах а бу, цаьрца скайп чухулла къамел а до. Бусулба динах лаьцна хаттарш а до, Нохчийчоьнан дог» олучу сайт чохь. ДIахаьттинчуьнна жоп а ло цара».

Интернет хIинцалца хилла йолу коьрта агIо, цу чу хIума язош верг мила ву ца хаар хIинцалца хиллехь а, тахана иза проблема яц, цуьнан говзанчашна. Амма, тIаккха а, дукха нах бу, шаьш а ашйна а гуш ца хилчхьан, язъеш ерг терго ца йо моьттуш. ХIинца, и нах кхеттала а зама а ма яьллера боху Рашида цIе йолчу Интернет лелархочо.

Рашид: «Пайда боцуш лелаш а, и цхьацца осалла хIумш язъеш,хьалха дуьйна Интернет чохь болчу наха ца леладо. Суна схьагуш долчу суьртаца, и хIумш лелош берш, хIинц-хIинций бен и Интернет хIун ю а ца хууш болу нах бу. Шаьш цу чохь гуш а бац, цундела хIуъа а яздан мегар долуш ду аьлла хетало.

Амма, цхьа бакъ ду, цара ойла ян езара, шаьш нохчий хилча, къоман ойхь ларъян езара цара. Церан мах хадочу хенахь, нохчий ца боьвзучу наха,ша верг ишшта хира бу-кх хIорш олий, дийна къоманна мах хадабо. Ойла ян еза, аьлла хета суна».

Дерриге а дуьненахь, къаьстина Оьрсийчохь шуьйра яьржина йогIуш ю блогаш олуш йолу, интернетан агIонаш. Царна тIехь, шен-шен лазаме хаттарш айдо блоган долахоша. Ала догIу, блогершна ма га хьара бохуш а лела, цхьацца регионашкахь долу Iедалша. Нохчийчохь блогерийн буолам баьржина схьабогIуш болу массийта шо бен дац. ХIокху деношкахь цара шаьш вовшахтоьхна йолу премии шайна вовшах йикъира Пятигорск-гIалахь.
XS
SM
MD
LG