ТIекхочийла долу линкаш

Леррина Исламан сайт кечъеш бу Нохчийчура диндай


 Леррина Исламан сайт кечъеш бу Нохчийчура диндай.

Леррина Исламан сайт кечъеш бу Нохчийчура диндай.

Гергарчу хенахь, ма хуьллу сихха и сайташ схаьеллара тIедуожийна ду Нохчийчоьнан динан урхаллина. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана диндайшца шен тIаьххьара хиллачу цхьанакхетарехь дов дира, и болх хIинцалца бина ца хиларна.


Оцу бахьанца интернет машах пайда оьцучу кхиазхойн ойланаш Iедалшна оьшучу агIор ца хиларна кхерам хета шен аьллера цо. Оцу цхьаьнакхетарехь, шайн бехк баре беш санна кортош охьа таIийна бара Нохчийчоьнан диндай. Муьлхачу кепехь хир ю хIинца йолуш йолу проект, гурду кесталгIа, амма иза оьшуш хIума ду аьлла, хета дукхачу бахархошна.

ХIокху шина а тIамехь, цхьацца дIадоьвлачу гIиллакхаш бахьанехь, синкхачанан башха ойла ца йора наха, коьртачу декъана дахаран хьелаш а довлий. ХIинца хьал хийца дезаш сурт хоьттина хилар билгалдаьккхира оцу кхеташонехь.

Динехула дукхачу хIуманна жоп дезаш, хIора дийнахь аьлча санна, хIуманашна тIеIиттало нах. Цундела оцу керлачу хIуманна реза ву Ильяс цIе йолу жима стаг. Шена тамашийна хеташ дерг кхин ду. Кадыровс тIе тидам баххийтталц, шайна дага хIунда ца деана иза оцу молланашна а, имамашна а, элира цо.

Ильяс: "Молланаш а, имамаш а, Iедало ахча а луш, болх беш ма бу. Оцу Рамзана, гул а бина, дов а дина, хIара хIума хIунда ца до аш, аьлла тIе а таIийна ца деш, шайна дага а деана дича дика хир дара. Цундела, цара дуьйцург наха башха тергал а ца до, хIунда аьлча, цара лелош дерг даггара а, шайгара а лелош доцийла хууш".

Салман цIе йолу кIант, дукха жима волуш дуьйна ламаз-марха долуш ву. Хьуьжарехь доьшуш ву иза. Амма тIаккха а, шена цхьацца хаттаршна жоп, кхоччуш Iилма долчу а, юккъараллехь лоручу нахера деза боху. Цундела ша реза ву элира цо, цу тайпа нохчийн сайташ интернетехь схьаелларна.

Салман: "Таханлерачу дйинахь уггаре а атта цхьа хаттар хилча, маьжджиге а вахана цигахь жоп карийча дика ду. Со санна гIалахь вехачунна хала хуьлу иза. Доккхачу маьждигехь имаман тIекхача хала ду. Нах дукха хуьлу цунна тIебаьхкина. Интернет-сайт хилча, хьуна оьшучу хIуманна жоп луш йолу, атта хир дара".

Динехь долчу хаттаршна жоьпаш луш йолу и сайташ интернетах пайда оьцучу нахана дика хетар ю, нагахь санна, цара Iедалан пропаганда а ца еш, Къурана а, шарIо а бохург дийцахь. Ткъа цу тIехь Iелам наха, шайна хетарг чекхадаккха гIортахь - иза эрна болх хир бу элира Салмана.

Салман: "Цхьаъ олуш хилча, шен цхьа Далил а далош, Къоранчура аят а, сура а дало деза иза дуьйцучо. Ишшта хилча, суна а атта хир ду, соьга хаьттинчунна а атта хир ду. Дешна стаг вара олий, цо хIуа а аьлча а бакъ хета. Иза нийса дац. Цо ша олучу хIуманна бух гайта беза. Масала, Ахь-Бухарийн хьадис юкъахь цо цхьаъ ду бахахь, иза мьулхачу агIон тIехь, муьлхачу артикалехь ду гайта деза".

И цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа сихонца болх бан долаелла «Путь Ислама» цIе йолчу сайтан тIехь долу «хаттарш-жоьпаш» олуш долу дакъа. Цу тIехь 57 дала мегачу хаттарх бен дац делла. Царах шиъ ламазах лаьцна ду, важа шиъ- эвлияэх а, мовладах а ду. Гарехь, цкъачунна шайна хаа лууш долу хаттаршна жоьпаш кхечанхьа карош ду нахана.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG