ТIекхочийла долу линкаш

Кунта-Хьаьжа - машаран эвлаяъ


 Кунта-Хьаьжа латтийна Устюжна-гIала тахана.

Кунта-Хьаьжа латтийна Устюжна-гIала тахана.

Нохчийчура бахархой Еарин дийнахь дагалоцуш бара уггаре а махкахь лоруш болчу эвлаяэх волу Кишин Кунта-Хьажа. 1864 шарахь Дечкен-баттахь оьрсийн паччахьан Iедалша махках ваьккхина ву иза. И хилам дагалоцуш бIаьннаш Кунта-Хьаьжин мурдаш а, могIарера бахархой а, зуькарш а деш, буьйлабелира Соьлж-ГIалан коьртачу урамехула.

Кишин Кунта-Хьажийн дахарх лаьцна дийцар дийхира оха нохчийн вевзаш волчу историн Iилманче Вачагаев Майрбеке.

Вачагаев Майрбек: «Иза ша Илсхан-Юьртара ву. Цигахь вина а ву иза. Цуьнан да а, деда а Илсхан-Юьртахь Iийна бу. Цуьнан дахарехь коьртаниг ду иза кIедарий тIарикъат даржийна хилар. Иза дуьххьара Къилбаседа Кавказе деанарг а, даржийнарг а Киши Хьаьжа ву».

Эвлаяан некъ муха нисбелла Кишин Кунта-Хьаьжин бохучу хаттарна иштта жоп делира Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Схьагуш долчу суртаца, иза Iелим стаг, дешна стаг ца хилла. Делан гергара нах олу-кх цу тайпачу нахах бусулба динехь. Иза наггахь хуьлуш хIума ду. Цуьнан цхьа билгало хуьлу. И стаг Дала цхьана кепара къастийна хуьлу. Цо дIахаийта дезарг дин чIагIдар ду, дин довзийтар ду, дин марздар ду, дин хаздар ду. Оцунна тIехь вуно дукха болх бина ву Кунта-Хьаьжа. Иза Хьаьжийн цIа вахана хилла, цу хенахь Мисара кхаьчна иза. Цигахь шена гинарг а, девзинарг а ду цо даржийнарг».

Кишин Кунта-Хьаьжа вина хан билггала хууш ца хилар а билгалдоккха историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Оцу хенахь, 19-гIа бIаьшо долалуш, олуш ца хилла, хIокха баттахь вина олий. Цу хенахь юьйцуш ерг хан хилла, кIа хьокхучу хенахь виний, марс хьокхучу хенахь виний олий. Ткъа гIазакхаша шаьш иза дIалоцуш яздинчу кехаташ тIехь билгалдаьккхина дац иза».

Кунта -Хьаьжа Оьрсийчоьнан Iедалша дIалацар уггаре а тамашийна хIума ду цуьнан кхолламехь бохуш, дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Иза ду тамашийна а, уггаре а цецвоккхург а. Мелхо а цара, тIе а эцна, лело везаш вара иза. ХIунда аьлча, Киши Хьаьжас машаре кхуьйкхуш хилла. 1859-чу шарахь тIом чекхбаьлча гIазакхаша багарбина нохчий. 98 эзар стаг бен нохчий бисина ца хилла. Миллион гергга болчу нохчех 100 эзар а висина ца хилча, Киши Хьаьжас ара а ваьлла, кхайхкам бина, церан Iедал а, церан дин а тIе а ца оьцуш, вай кийрахь дуьхьало ян еза вай аьлла.

Оьрсаша латта схьадаккхарх охьатаIа аьлла ца хилла цо, лай хила ца аьлла цо. Мелхо а кийрахь чIагIло, дегнаш чIагIде аьлла цо. Амма гIазакхий шеко йолуш хилла, цо иза хIунда дуьйца ца хууш. ТIаккха иза сацо сацам бо цара, цо дуьйцуш долу къедарийн тIарикъат ца даржийта.

Цо дуьйцург Нохчийчохь чIогIа тIеэцна хилла. Цо бохург а дина, бала реза а болуш дIахIиттина нах гича, Iедална иза ца тайнера. Нах шайна тIаьхьа Iуттуш бац олий, нохчийн молланаш дехар а дой, ГIура-баттахь 1863-чу шарахь дIалоцу иза. I864-чу шарахь махках воккха иза».

Оьрсийн паччахьан Iедало дIалаьцначул тIаьхьа Кишин Кунта-Хьаьжин хиллачу кхолламах лаьцна иштта дуьйцу историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек: «Соьлж-ГIалара Владикавказе а вуьгий, цигара Ставрополе вуьгу иза. ТIаьххьара Iедалийн хилла барт бу иза, тахана Вологодски-кIошт ю иза, оцу хенахь Новгород-кIошт хилла иза, Устюжна олучу гIала дIавига. 1865-чу шарахь цига дIакхочу иза».

Iилманча Вачагаев Майрбек дуккха а теллина ву нохчийн истори. Кишин Кунта-Хьаьжин кхолламах доьзна документаш дуьххьара гина ву иза.

Вачагаев Майрбек: «Аса дуьххьара кегийна кехаташ дара уьш. Цул хьалха цхьана а нохчийчо а, гIазакхийчо а куьг Iоьттина дацара уьш. Аса тидам бинарг дара, цу хенахь жандармери цунна ницкъа бан гIиртина хилар. «На вечное поселение» аьлла вахийтина хилла иза. Цуьнга и хан хала яккхийта гIерташ, чIогIа болх бина цара цигахь.

Цуьнца цхьаьна, дала а реза ду шаьш аьлла, вахана масийтта цуьнан мурд хилла. Амма цигахь хилла хало ца ловш гIазакхашка кехаташ а яздина цу наха, Кишин Хьажин дуьхьа дала а кийча ду шаьш, амма цIадаха лаар шайна бохуш. ТIеххьара цу тайпа кехат Гуьржийчохь а карийна суна.

Iабдул-Селим Тутгири бохуш хилла иза. Iалхан-юьртахь къеда хилла ву иза. Цо яздина кехат карийна суна. Цо дуьйцу цигахь хилларг. Цуьнан (Киши Хьаьжин) дуьхьа вала а реза волуш вахана вара ша, амма тахана цIа ваха бакъо лахьара шена бохуш, яздо цо. «Поселение» яра аьлла атта цигахь (Iедалша) хан яккхийтина стаг вац иза. Цо цигахь йоккху хан къиза яккхийта гIиртина уьш».

Кишин Кунта-Хьаьжин кхолламах лаьцна дийцинарг вара историн Iилманча Вачагаев Майрбек.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG