ТIекхочийла долу линкаш

"Грознера" маца кхочур ду вай "Соьлж-ГIала"?


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалин бахархошна бен-башха дац шайн урамийн цIерш муха ю, Соьлж-гIала, May2012

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалин бахархошна бен-башха дац шайн урамийн цIерш муха ю, Соьлж-гIала, May2012

Туван а, Хакасин а куьйгалхоша сацам бина шайн гIалийн а, яртийн а цIераш, оьрсийн маттахь хилла ца Iаш, шайн къаьмнийн меттанашкахь а язъян. Цу хеннахь, Тувахь алсам берш меттигера бахархой бу, оьрсийн мотт дIоггара хууш боцу. Амма Хакасехь мелхо а оьрсий алсам бу, ткъа хакасийн меттан хьехархой кIезиг бу. Муха ду цу хьокъехь хьал Нохчийчохь?

Нохчийн университетехь ненан меттан хьехархо хиллачу Вагапов Якъуба студенташка халахетарца дуьйцура, ша цхьана кхачанан чоьне вахча, Iежан мутт доттахь шена, цу чурчу зудчуьнга аьлча, иза, шех ца кхеташ, ехха лаьттира бохуш. Вай нохчийн мотт, вовшах бийцарх бен, иза Iалаш балура бац шуна олура цо. ХIета хиллачу студенташна, моьттура, маттаца йоцу проблема айъеш ву иза аьлла.

Амма, хIинца гуш ду, меттан туохам мел хилла. Берийн бошмашка, шай чуьра йоI-кIант, дас-нанас дIалуш, ша массара аьлча санна дехар до, Iамочуьнга, цуьнца оьрсийн мотт бен ма бийцалаш олий. Ненан мотт хьаьшна дIаболуш бу, нохчийн дахаран массу а маьIIе кхаьчначу оьрсийн матто.

ХIокху деношкахь геннарчу республикашкахь, Хакассехь а, Тувахь, Iедалша сацам а бина тIеэцна, цигахь хIора юьртийн а, гIалийн а, цIераш, оьрсийн маттаца цхьаний, ненан маттахь а язийна хила еза аьлла.

Ишшта, Нохчийчохь а деш долу дикка хан ю, амма, къома тIаьххьарчу шерашкахь айбинчу синкхетамийн барамехь бац и болх. Наггахь, цхьацца оьвлан а, гIалийн а дайша, шайн лаамца язъйо оьрсийн маттана уллехь, нохчийн цIе.

ХIара тIом балле Нохчийн мэрехь болх бина ву Хож-Ахьмад цIе йолу Соьлжа-гIалийн вахархо. Цуо дагадоуьйту, кхузахь дукхачу урамийн цIераш хIета хийцина хилар. ХIинца а, и болх бича, дика хира дара аьлла хета цунна.

Хож-Ахьмад: «Iедалан балхахь со волчу хенахь, дукхачу урамийн цIераш хийца а хийцира, турпалхойн а, дешначу нехан а, Iилманчийн цIараш а тоьхкуш. Юха, уьш наха тIеоьцуш а, тIе ца оьцуш а, хан елира. Тахана республика юхаметтахоьттина а хилча, юха а и цIераш хийцина вайна. Иза лело хала далахь а, дIанисделча атта хира дара-кх».

Тахана масалла, Нохчийчохь урамийн цIераш а хуьйцуш хIума дича, дукхачу наха тIе ца эца а мега иза. Амма, мелла а хан яьлча шарлура яра уьш, аьлла хеташ ву нохчийн воьвзаш волу яздархо Кацаев Сайд-Хьасан.

Кацаев Сайд-Хьасан: «И йозанаш шина маттахь хилар, чIогIа мехалла хIума хета суна. Махка тIевеанчуьнна, иза деша оьрсийн маттахь оьшу. Важа цIе, нохчийн маттахь а хила деза. ХIунда деза? Вай яьртийн боккъулийна йолу цIераш йицлуш лаьтташ ю, уьш язйина ца хилар бахьнехь.

Масалла, схьалоцу вай Куршлойн-оьвла. Иза Курчалой аьлла язийна ю. И цIе нохчийн маттахь ма яц. Лакха Куьрчалла а, Лаха Куьрчалла а ю Ведан кIоштехь. Ткъа, хIара Куршлойн-оьвла ю. Дехьа-сехьа кIоштерачу бахархошлахь, оьрсийн транскрипцехь дIайоьду-кх и цIераш».

ХIара тIом балле, хийцина йолу цIераш, хIинца лелош йиснехьарий, царах бахархой дIабоьлла хира бара, аьлла а хета Кацаев Сайд-Хьасанан.

Кацаев Сайд-Хьасан: «Керла юккъдоккхуш долу хIума, вайна зеделларг ца хилар бахьнехь, иза вайна мелла а беламе хуьлу,аз декар бахьанца. Дадийн Айбикийн урам хуьлийла иза, ян наиб Улладийн моллийн урам. И дешнаш тIекIал диттича, декар беламе хета. Хаза а ма алалло иза. Наиб моллийн урам а алало. Улладийн урам а алало. Иза хьалхара ду.

ШозлогIаниг-дукха хена дуьйна, марзъелла йолу цIераш дIа ца йолу цхьана шарахь. Важа цIераш а чIагIъелла йисина хира яра, хIара тIемаш ца боьвлехьарий. Шен маттахь йолу цIе шарлура ю, аьлла хета суна».

Яьртийн а, гIалийн а, цIераш гуччохь дIаяздар оьшуш хIума ду, аьлла хеташ ву яздархо Кацаев Сайд-Хьасан. Амма, цунна цулла а коьрте дерг хета, тIекхуьучу чкъуран ненан мотт марзбар. Ткъа, схьагуш дерг нийса бIостнехь ду, аьлла тидам бира цо.

Кацаев Сайд-Хьасан: «Цхьанна къоманна шен маттехула бен хьеха оьшуш дац гIиллакх-гIуллакх. Кхечу маттехула ца Iамало иза. Со школехь волчу хенахь кIирнахь ши сахьт хуьлуш дара нохчийн меттан а, литературан а. Нагахь санна, ахча а кхоийна иза хуьлуш далахь, физкультура а, труд а дIаяьккха мегар ду, амма нохчийн меттан- урок дIаяьккха мегар дац.

Иза ахчанца доьзна ду аьлла а ца хета суна-политикаца доьзна ду иза. Геннара схьадогIуш ду иза. Паччахьан заманахь дуьйна теллина хIумш ду уьш, шен маттахь Iамочу беран кхетам алсамо хуьлу, шен ца боьвзучу маттахь Iамош дерг- тIаьхь дуьсу хааршна а, хIекъална а».

Нохчийн меттан де ду махкахь хIора шарахь даздеш. Оцу дийнахь дукха леррина, духарца кечло, Iедалан белхахой а, артисташ а. Ткъа, хIораммо а, деш долу къамел оьрсийн-нохчийн маттах хIоьттина хуьлу. Оцу хIуманна а, нохчийн маттахь йоза долуш гIишлонаш кIезга хиларна а, кхуза баьхкинчу кхечу къомах болчу хьешаша даиманна тидам бо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG