ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Баттах вала 7412 сом тIех дукха ду аьлла хета Iедалшна


Нохчийчоьнан Iедало бинчу сацамца, махкахь тахана цхьана стагана батте валлал ахчанна барам хIоттина 7312 сом. Иза стохка хилчул 100-150 туьма кIезиг ду. ХIокху шарахь и терахь лахдаран бахьанаш хууш дац. Амма, къинхьегаман а, социалан кхиаран министраллехь бахарехь, иза бахархойн хьелашна тIехь хаалура олуш хIума дац.

Адамо баттахь шен дахаран массо а хьелашна, кхачанна а, духаран а тIера, коммуналан хьашташна тIекхаччалц, дIалуш долчу ахчанан юккъера барам бу лоруш берг. Оцу тускарах доьзна ду махкахь хIиттош долу пенсеш а, пособеш а, ишшта Iедалан кхин долу социалан гIоленаш а.

Ткъа, масала, тоам хир барий теша и ахча, цхьана стаганна батте вала, иза карахь хилча? И хаттар делира аса Соьлжа-ГIалахь ехачу Зина цIе йолчу йоккхачу стаге. Иза ша ю петар чохь ехаш. Цундела ша дойу кепек, чот а еш, дойу цо.

Зина: «7 а 8 бIе туьма тоьа бохург адам деладала хIума ма ду. Ца тоьу. Сан чохь хIумма а дац. Коч а, пазат а, ша дерг а эцча, 30 бIе туьма тоуьйтур дара аса. 7, 8, I0 тоьар ду бохург бакъ дац. Коммуналан ахча дIадала яхнера со, сайна сагIийна делла долу бIе туьма а эцна.
Ахьа1500 сом дала деза, аьлла иза дIа а ца луш, юхаеара со. Оцу юкъахь газ а, ток а яц хьуна. Молханаш а ду сан баттахь 4-5 бIе туьманна эца дезаш. Яа хIун яа еза аса?».

Тахана Нохчийчохь дIайолийна кампании ю, кхаьанаш оьцуш болу Iедалан белхахой гучубохуш. Бакъду, лаьцна хаавелла цхьа а стаг вац. Амма, лаахь Iедалшна иза дан цхьана а агIор хала доцийла хаа бахархошна. Ахча дIаделчхьан, масала, велла дIаваллалц аьлла пенси хIоттадо.

Хьо могуш-маьрша хилар чоьте а оьцур дац цхьаммо а. Мацйелла цIубдарг санна, нехан цIий молуш тIелетта бохку тахана цхьаболу даржхой. Кхин дIа а дуьйцу Зинас.

Зина: «Белхаш дина ю со кибарчигаш ечу заводехь. Хьажахь, сан стаж а ю, со белхан ветеран а ю, мидал а ю сан аьлча, соьга 49 почтехь 6-7 шо хьалха паспорт а дохьуш схьаеачхьана иза хIоттор ю элира. Паспортан ксерокопи а, долларш а дан деза элира соьга. Архив а, бух а баьгна хьан, элира соьга. ТIаккха хиира суна, цхьаболчу наха 60 а, I00 эзар соьмаш делла хилар и стаж хIоттаяйта».

Цу тайпа, харцонаш ла а ца лой, нах махкахбовлар цхьа бахьана ду аьлла хета Соьлжа-ГIалара къаночунна Зинина. ВорхI а, бархI а бIе туьма цхьана адаманна тоьург хилар аьттехьа а ца дитира цо. Ткъа мел тоам болуш ду а дийцира.

Зина: «Харцо ю. Цундела кху Нохчийчура дIаоьхуш ду адамаш. Со-м чохь Iийчхьана йолуш ю. Амма молха эца а, коммуналан хьашташна ахча дIадала а ца деза сан? Бепиг булка эца а со йоьду со. Ши а ког бихкина бу сан. Тоьар дац 10 эзар сом а. 30 бIе туьма, цхьана стаганна хила деза.
Суна тоьар дара-кх иза. Дерриге а дахарехь къахьегна ю со. Арахь нуй хьекха а арайера яра со. Амма могашалла дика яц. КIант вац. Наха сагIа делча, лулахоша гIо дича цуьнах кIелхьара йолу со. Оцу 7-8 бIе туьманах ца яхало со».

Туьканахь а, базарехь а, къера дуйнаш а дууш, хьарамлонаш лелочу махбархочунах тарделла ду тахана Оьрсийчура Iедал. Дуьненахь уггаре а дукха мехкдаьтта а, газ а хилар а доцуш, тахана, нехан чу са доуьйтур долу низамаш дац тIеоьцуш.

ТIедогIучу шарахь пенси гулдаларан фондера цхьана шарахь къаношна пенси дIадала хьажор ду бохуш дийца долийна. Дийнна шарахь алапа тIера пенсина аьлла дIалуш долу ахчанна чот йийр йолчух тера дац Iедалша.

Кхана-лама хила безачу пенсионерийн ахча тахана пенсехь болчарна дIадала деза аьлла бинчу цу хьекъале сацамо Iедална бIеннашкахь миллиардаш ахча хуьлуьйтур ду. Кхана-лама шайгара дIадилла аьлла долу пенси мичахь ду аьлла юхадоьхург хиларна кхоьручух тера дац Iедалхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG