ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн боцу Шемара тIом


Нохчийчоь - Шемарчу тIаманна дуьхьал акци хилла Соьлж-ГIалахь.
Нохчийчоь - Шемарчу тIаманна дуьхьал акци хилла Соьлж-ГIалахь.

Соьлж-ГIалахь духьалонан акцеш яр дихкина долу дукха хан ю. Цигахь адам арадолу Iедалшна лиича. И тайпаниг хуьлу Оьрсийчоьнан цхьацца деза денош даздеш. Еарин дийнахь а гулбеллера Соьлж-ГIалахь нах. Цара арабаьккхина бала бара генарчу Шемаца боьзна.

«Ахмат» цIе йолчу кегирхойн боламо дIаяхьна и акци. Соьлжа-гIала юккъахь, беллачу журналистийн бешехь, гулбеллера, 40-50 кегирхой. Массарна тIехь кIай духар дара, Кадыров Ахьмадан сурт а долуш. ХIорангехь аьлча санна, каральацна плакат яра, шемахь болу тIом сийсаза беш долу. Нохчийн кегирхой доьхьала бу тIаман, ян «Иза, вай тIом бац» борхург.

Акцехь къамел дечара, билгаладоккхура, Шема пачхьалкхе, тIом бан, нохчийн кегирхой Iеха а беш буьгуш хиларна. Цундела, оцу хьокъехь, болх бан безаш бу, юккъараллехь а , Iедалша а бохура цара. Кегирхойн оцу гуламехь, динан агIора, джихадах а, уьш цига бахарах къамел дан веана вара, Соьлжа-гIаларчу коьртачу маьждиган имам Абдулаев Аслан. Маршо радиога а дийцира цо, оцу акцех лаьцна.

Абдулаев Аслан: «Тахана кегирхой арабовлар бахьан ду, вай махкара цхьаберш Шема тIом бан бахар. Цигахь гIазот доккху бохуш лела уьш. Iехош бу уьш. шай хьаштонаш кхочуш йо, уьш цига кхойкхучу наха. Вай кегирхой хIаллак беш меттиг ю иза. Цигахь долу хьал а, некъ вай кегирхошна бовзийта а лерина дIахьош ю хIара акци».

Шемахь болчу тIаман, нохчий ма хуьллу генахь хуьлийла лууш ву Абдулаев Аслан. Цигахь лаьтташ дерг, нохчашца аьттехь а хьакхалуш дац, аьлла, тидам бира цо. Ала догIу. Ша а иза иттех шарахь оцу Шемахь дешна ву.

Абдулаев Аслан: «Ахмат» цIе йолчу буоламан декъашхочо Идрисов Каримин джихад даккхар, цIахь, шайн гергарчарна уллехь хилар гIоле ду аьлла хета.

Идрисов Карим, жигархо: Цигахь вовшах къийсалуш бу уьш, ткъа, бойуш беш бу маьрша нах.суна иза джихад ду аьлла ца хета. Джихад ду-кх, цIахь вай деца а, ненаца а хилар. Цул доккха джихад дац».

Таханлерачу дийнахь, Нохчийчуьра Шема пачхьалкха, цигарчу гIаттамхойн агIо а лаьцна тIом бан вахана лоруш ву, ткъе иттех стаг. Цхьаберш, Европерачу пачхьалкхашкара а бу боху. И терахьаш, даладо, республика чоьххьарчу гIуллакхийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG