ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-гIалахь митинг хилла бераш дайначу нанойн


Chechnya, Grozny, Meeting of relatives of missing people. 01June2012
Chechnya, Grozny, Meeting of relatives of missing people. 01June2012

ХIора шарахь шозза-кхузза Соьлж-гIалан юккъехь йолчу Къаьмнийн доттагIаллан майданехь гулло лар йоцуш байначеран гергарнаш. ХIоразза а, шайн бераш мичахь ду хоьттуш долу, йоза тIехь долу кехаташ дIа а лоций, 30-х зуда, цхьана сохьтехь латта а лаьттий дIайоьду цигара.

Дуьненаюкъарчу денна лерина пIераскан дийнахь цара дIаяхьна йолчу акцино шен жамI деара. Iедалша терго йира царна. Гулбеллачу зударшна дeьххьара тIевеара Соьлж-гIалин мэр Хучиев Муслим. Иза, оцу минотехь гоне верзийра, бохамо бIарзбинчу зударша.

Цара доьхург тайп-тайпанчу хенахь шай дIабигина болу кIентий мичахь хилла, ян хIинца бу къастош гIо дар ду. Дукхачу зударша чIагIдора, шен-шен кIант хьа вигина шайна хаа бохуш.

Нана: «Массо а маьIIехь лехна. ХIорш 15 молсовхоз олучу меттехь, Байсаров Мовлади волчохь латтина. Ханкалахь а латтина. Ханкала меттах яьккха еза оцу хьокъехь. БТР а хаа, баьчча а хаа, массо хIума а хаа. Уьш дIабуьгучу хенахь, цигахь муьлхара полк хилла талла а дац хала».

Нохчийчохь йолчу прокуратурехь а, талламан комитетехь а, шортта аьрзнаш ду наношкара. Амма хьалха а дуккхазза а дийцина лачкъийна, я дIалаьцначу стеган лар талламан некъа тIехь йовш хилар лаьцна.

Дукха хан йоццуш маьрша нах эскархоша дIалийцинчул тIаьхьа барах лаьцна долу гIуллакхаш толлуш цхьацца информаци йоьхуш нохчийн талламхоша Оьрсийчоьнан тIеман министралле кехат дахьийтича хаамийн гIирсашкахь гIовгIа елира Дийца долийра нохчаша шаьш долчехь хиллачу оьрсийн эскархойн цIераш а, уьш бехаш болуш меттигаш а лоьхуш ю аьлла. Дицлора низамца и хеттарш дан бакъо хилар.

Соьлж-гIалин мэро Хучиев Муслима дог тешийра гулбеллачу нанойн, церан кIентийн кхоллам къасторхьамма Iедалша дуккха а хIума деш ду аьлла.

Хучиев Муслим: «Официала а, официала боцуш а беш болх бу. Доьзалхо юхавалалур вацар-те аьлла, беш , вуно боккха болх бу. Республикан куьйгалхо а цу тIехь болх беш ву. Аш цунна тIе шаьш ца кхаьчна бохий, аса цуьнга иза эр ду-кх».

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хиллачу цхьаьнакхетарах лаьцна ша дIахоуьйту ду аьлла, массийта сахьт далале и зударий гулбира Соьлж-гIалин мэрехь.

Цига веара республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан, шен тIаьхьа хIоттийна прокурор а, талламан комитетан куьйгалхо а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр а волуш. Наношка цо, дуй а бууш, элира церан лазамах ша кхеташ а, байначу нехан хаттарехь ша къахьоьгуш а хиларх аьлла. Амма ма хетта шега иза далуш дац,

шен ницкъ доза доцуш бац, элира цо. Ишшта, Кадыров Рамзана дийцарехь, шен да Кадыров Ахьмад вийначулла тIаьхьа, Путин Владимир волчу ша Кремле вахча дуьххьара ша хаьттинарг байна болу нах схьалохуш гIо дар дар, бохуш дийцира Каыдыровс.

Кадыров Рамзана цулсовнаха элира, нагахь лар йоцуш вайна волу стаг, чохь валлош ву аьлла, информаци ялахь шаьш тахханехь, комисси а кхоьллина, цу тIехь болх бийра бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG