ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн кхерамазаллина саготта бу нохчийн депутаташ


Нохчийчоьнан парламентан гIишлонна а, цу чохь болчу депутаташна а хила мегаш долу зе меттахIоторан компаница барт бан дагахь дIахаийтар дина интернетехь пачхьалкхан эцаран сайт тIехь.
Нохчийчоьнан парламентан гIишлонна а, цу чохь болчу депутаташна а хила мегаш долу зе меттахIоторан компаница барт бан дагахь дIахаийтар дина интернетехь пачхьалкхан эцаран сайт тIехь.

Нохчийчоьнан парламентан гIишлонна а, цу чохь болчу депутаташна а хила мегаш долу зе меттахIоторан компаница барт бан дагахь дIахаийтар дина интернетехь пачхьалкхан эцаран сайт тIехь. Боккха тидам тIебахийтина бу цу тIехь депутатийн могашаллана хила мегачу зенна.

Дукха нахана моьттур ду депутат хила атта ду. Амма царах хьоьгуш болчерна вочу гIенах а гина хир дацара, «къоман лай» шаьш шайх олуш хазахеташ болчу цу даржошна оцу балхахь хила мегаш болу кхерамаш.

ХIокху деношкахь оцу гIуллакхана сагатдеш долчу Нохчийчоьнан Iедало хила мегаш долу и зе меттахIотторна хьажийна 7 миллион ца кхоччуш сом. Царах 4 миллион 700 эзар сом парламентан гIишлонна хьажийна ду, ткъа дисина 2 миллион 114 эзар сом -депутатийн могашаллана хила мегаш долу зе меттахIотторна.

Кхечу дешнашца аьлча, зе меттахIотторан компанино, нагахь санна зе хилахь, иза а, оцу юкъайогIуш йолу тIаьхьалонаш а меттахIитто езар ю, оцу ахчанна, я кхин а алсам барамашкахь а.

Ткъа хIун кхерамаш бу таханлерчу Нохчийчохь депутраташна а, парламентан гIишлонна а? ЦIе ялар а, хи тIедалар а, леррина зуламхоша зе дар а, машен а, кема а чукхетар а, ишшта дIа кхин а кхерамаш бу парламентан гIишлонна. Ткъа, депутаташна, ма-дарра аьлча, церан могашаллина кхин а боккха кхерам болчух тера ду.

Иштта, масала, болх бахьанехь депутатийн могашаллана зе хилахь, иза меттахIоттор тIедожош ду оцу хьокъехь, леррина барт а бина, болх беш йолчу компанина. Йозанан 17 агIонна тIехь дуьйцуш ду могашаллана хила мегаш долу и зенаш. Массо а аг1ора хила мегаш долчу зенах Iедалша ларбеш хир бу уьш.

Сагатдаран барам доза доцуш хилар гойту хIокхара: мотт дIабаккхар, ян цуьнан дакъа даккхар, я, масала, депутат хьийзор.

Ишшта депутаташна тIехь кхерам лаьтташ хилча, цаьрца и дарж къовса цхьаъ вахьахь а тамаш бу аьлла, ойла кхоллалур ю. Амма и болх таханлерачу Оьрсийчохь уггаре а дикачех лоруш бу: ницкъаллин структурийн тIе куьг кховдо йиш яц царна, я кхеле озо бакъо яц уьш, нагахь цу хьокъехь бина леррина сацам бацахь.

Нохчийн Iедалш мехкан парламентах ишшта саготта хилар шен бух болуш ду. Стохка ГIадужу-баттахь кхаа тIемалочо парламентан гIишлонна, тIелатар а дина, цу чохь массийта эккхийтар динера. Цигахь хилчу тIематасадаларехь и кхоъ вийра.

Хилла долу зе меттахIоттон компаниш хIинццалц, шаьш йовла а йовлуш, Нохчийчоьнца а, цуьнан бахархошца а цхьа а барт ца бора. Ур-атталла машенна хилла долу зе меттахIотторан контракт а ца йора цара Нохчийчура бахархошца. Машен ядоран а, иза эккхийтаран а кхерам алсам бу цигахь кхечу регионашкахь болчулла а алара оцу бизнесехь болх бечара.

ТIебогIучу баттахь къаьстар ду нохчийн парламенто шена хила мегаш долу зе меттахIоттор хьокъехь кхайхкина йолу контракт хьанна кхочур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG