ТIекхочийла долу линкаш

Москох думахошна тIетайна Нохчийчура депутаташ


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара парламентан гIишло.

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалара парламентан гIишло.

Зулам дина стаг къомах мила ву бохург дийцарна дуьхьал низам даккха дагахь ю Москох гIалин Дума. Цу гIуллакхана реза бу Нохчийчура депутаташ а. Шаьш цунна тIетовш хиларх лаьцна дуьйцуш, леррина кехат дахьийтина цара Москох.

Нохчийчоьнан парламент тIетайна, хIокху деношкахь Москоха гIалан Думо, зулам динчеран, къам хаамийн гIирсашкахь гIарадаккха магош дац, аьлла дийцаре дечу хаттарна. Нохчийн спикеро Абдурахманов Дукхвахас, цига дахьийтинчу кхетат тIехь, къобал деш ду и гIуллакх. Ишшта, цу документ тIехь, билгалдоккху, къаьмнаш вовшех къаьсташ хиларо, Оьрсийчоь, хазъеш а, ницкъ болуш а ю, аьлла.

Iедалан дайша, къаьмнийн юкъметтиг талхорна, тIе тидам бахийтар доьххьар хуьлуш дац. Нохчийчуьра адамийн бакъонийн векалалло а, мехка парламенто а, кесст-кесста, емал деш ду, Оьрсийчохь зулам дарна бехке вечу стаган, къома цIе яьккхар. Иза пачхьалкхехь дехка деза аьлла хета царна.

Амма, дIахьедаралла сов даьлла хIума дац. Оьрсийчоьнан телевизионашкахь къаьстина, наггахь олу, иза а важа а динарш, нохчий бара бохуш. Ишшта хилира, цхьа бутт ца кхоччуш хан хьалха, Москохахь, муьлша бу къастонза болчу зуламхоша, цхьа стаг а вуьйш, важ лаза а веш, гIала юккъахь цхьан машена чуьра 20 миллион сом даьхьча.

НТВ телехьожийлехь, оцу зуламан теш хилчу зудчуьнгара интервью гIараяькхкира. Цо, тIелатар динчу машена чуьра цхьаъ нохчийн къомах вара аьлла, тешна къамел дира.

Оьрсийн зуда: «Порш «Кайен» олучу машена урхалла деш вар, цхьа стаг. Иза 165 сантиметар лекха вар, векъ а вар, нохчийн къомах а вар. Маж а яр цуьнан 5 сантиметар еха. Коьртахь пес а яр, шай къома духар а дар».

ТIаккха а, нохчийн цхьанна бакъонашларъярхочо, оьгIаз а вахан, оцу хIуманна доьхьал ца велира. Гарехь хIинца а, цIийца дисина хила там бу, Москохара аьллачуьнна, доьхьал дош даккха ца хIоттар.

Амма, дIахаьттича, оьрсийн хаамийн гIирсашкахь, долург, нохчийн къоман доьхьал тIом бу аьлла мах хадош берш а кIезга бац. Яздархочуьнна Закриев Русланна хетарехь, тахан нохчашна тIеетташ бомбанаш яцахь а, кхечу тайпа Iаткъам беш бу, лерина далахь а, ян дацахь а.

Закриев Руслан: « Геббельсс лелийнарг ду иза. 2003 шарахь, Хьалха-Мартан тIехь «Маршо» цIе йолчу газетан коьрта редакторан гIовс вар со. Оцу хенахь, Оьрсийчоьнана юстицийн министр вар Чайка Юрий., хIинца иза Инарла прокурор вар.

Оцу Чайкас, Ставрополехь теракт хилчул тIехь элира, хIума къаьстан далле, иза нохчийн террорхоша дина аьлла. ас оцу хенахь, газетехь артикл язйира, юстицийн министр ас кхеле лура ву аьлла. Зуламхо оцу къомах, кхечу къомах ву бохуш волу стаг, иза ша зуламхо ву. И стаг, милла а валахь, низам дуохош ву. Вай доьхьал хила деза цу хIуманна, дуьненахь лелачу кепехь».

Кхелашкахула, низамаш магийначу кепехь шай цIе бех ца ейта, дIагIерта беза нохчий, аьлла хета Закриев Русланна. Оцу хIуманна, масал эца шорта меттиг ю, аьлла тидам бира цо.

Закриев Руслан: « Уггаре а хьекъел дерг ду, жуьгтийн къомо, фашизман доьхьал лелийнарг. Иза вай а схьаэца деза. Вай Iама деза дикчу хIуманна. Тахан жуьгтичуьнна вас ян, ницкъ бахь, цунна Iтехутту уьш. Ткъа, вай вовшашна тIекхойкху. Вай доьхна ду. Цхьан меттехь, нохчочуьнга йийцина йолу харцо йита ца еза. Дуккху а меттигаш ю, нохчочуьнна харцо йина. Иза вай дитахь, вайна массарна а тIекхочура ду иза. Харц луьйчу нахан Дала неIалт аьлла.

Оцу харц луьйчу нахан доьхьал боьвларш Делан безаш бу, аьлла ду. Вай оцу харцонна доьхьал довла деза. Нохчий цкъа а националисташ хила бац. Нохчаша, муьлха а къомах хилча, вайна тIевеъча, цо гIиллакх а, оьздангалл а лелийчхьан, тIе а лоций, цхьанна а агIора гIело а ца еш латтийна. Вайна юккъахь бехаш а бу уьш».

Москохахь, зулам динчарна юккъахь нохчий хилла аьлла, дийцаре даьлчулла тIехь, интернетехь, нохчийн цхьана блогеро, хаттар даьккхинера шен блог тIе, муха кхеле уозо йиша ю НТВ аьлла. Амма, гарехь, цхьанна а тайпа, жоп карийначух тера дац цунна. Москохахь хилла долу зулам а, кхин хьахош дац.

Ишшта хууш дац, иза боккъулийна нохчий хилла, ян ца хилла. Гарехь тIаьххьарниг хила мега, хIунда аьлча, нохчийн лар цигахь хааеллехьарий, иза дижа а ца дуьтуш, цуьнах там а хуьлуш дуьйцура дар, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш.
XS
SM
MD
LG