ТIекхочийла долу линкаш

Школашкахь керла дешаран бакъонаш хир ю Нохчийчохь


Нохчийчоь - Дешаран шо долалуш ду Дишни-Веданахь, 01Sep2012

Нохчийчоь - Дешаран шо долалуш ду Дишни-Веданахь, 01Sep2012

Кху беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна цхьацца дешаран бакъонаш юкъаяьхна Нохчийчохь. Уггара хьалха иза хьакхалуш ду дешархойн духарх. Цул сов берашна дихкина ду школехь мобилан телефонех пайда эцар. Цу гIуллакхах пайда хир бу аьлла, хета меттигерчу дешаран министраллана.


Керла низамаш аьлча а, цхьамоггIа дехкарш ду хIокху шарахь Нохчийчура школашкахь юкъадаьхна. Коьртачех ду дешархойн школехь мобилан телефон лело йиш ца хилар. Цуьнан бахьана ду и зIе латточу гIирсо берийн дешарна тIера ойла д1айоккхуш хилар.

Цхьаболчу дешархоша урок дIайоьдучу хенахь вовшка смс-хаамаш кхоьхуьйту, я цул а доьхнарг - цу чухула интернете а бовлий, тамехь йоцучу сайташка хьоьжу. ХIара дешаран шо долалуш шайга хаам бира оцу керлачу юкъадаккхарх лаьцна бохуш дийцира Маршо Радиога Соьлж-гIаларчу цхьана школехь юьхьанцарчу классашкахь хьехархо йолчу Асета.

Хьехархо Асет: «Иза бакъ ду. Урок йоьдучу хенахь, хьехархочуьнга ла а ца дугIуш, телефонаш ловза йо цара. Юккъерчу а, юьхьанцарчу а классашкахь дихкина ду телефонаш лелор. Кегийрачу берашкахь юьхьанцарчу классашкахь дуьйна йолуш ю-кх и телефонаш. Суна ца хууш долу интернет тIера хIуманаш хаа-кх царна. И бахьана долуш дихкина ду телефонаш школашкахь лелор».

Школашкахь юкъадаьхначу дехкаршца цхьаьна цхьацца керла хIуманаш а юкъадоху махбархоша а. Цара цхьайолчу школийн куьйгалхошца берте а боьлхий, дайш-наношна тIедожадо духар а, книжкаш а, кхиболу гIирс а шайгара эцийтар.

Хьалха, ша доьшуш волуш, наха и бала ца хьоьгура бохуш, дуьйцу меттигерчу жагара блоггер волчу Цицаев Заура.

Цицаев Заур: «Сан жималла коммунистийн Iедал уггаре а чIагIделлачу хенахь яра. Атеизм боху цхьа хIума ду-кх. Суна хIинца а дагадогIу. Школехь даккхийн элпашца яздина дара: «Дин - къоманна наркотик» аьлла. Дин къаьхьа деш болх бара иза».

Школехь мобилан телефонаш лелор дехкар, дешаран министралле а ца кхачош, дайш-наноша шаьш сацадайта дезара шай берашка аьлла, хета Цицаев Зауран. 5-чу классехь йолчу шен йоIе ша лелайойтуш яц телефон бохуш вара иза.

Цицаев Заур: «Школехь телефон лелор, я ца лелор, Iедале а даьккхина, дуьцу хIума ду аьлла, ца хета суна, хIунда аьлча, дас-нанас шаьш билгалдаккха деза иза. Ас сайн йоIанна оьцур йолуш яц иза. Оцу телефонца доьзна, вай къомаца а, динца а догIуш доцу дукха хIуманаш ду. И гIуллакх Iедале даьлча, ден а, ненан а ледарло ю аьлла, хета суна».

Нохчийчоьнан школашкахь ,дешаран барам лакхабаккха гIерташ, дукха хIуманаш леладо меттигерчу Iедалша. Нохчийн маттахь хила еза юьхьанцарчу классашкахь йолу урокаш аьлла, дийца долийнера дукха хан йоцуш. Амма и гIуллакх дисира, аьттонан зама тIекхаччалц аьлла.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG