ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура хIинца а дIаоьхуш бу бахархой


Австри - Венера нохчийн туька, 18ГIад2012

Австри - Венера нохчийн туька, 18ГIад2012

Эзарнаш нах дIабахана кху тIаьхьарчу 10-15 шарахь Нохчийчура тIемаш бахьана долуш. Царах цхьаберш цIабирзинехь а, тахана а къезиг бац нохчашна юкъахь нийсо лелачу Малбузерчу пачхьалкхашкахь баха сатуьйсуш берш. Амма тахана и нах новкъа бохурш кхин бахьанаш ду.

Тахана Нохчийчуьра Европе дIа мел воьдуш ву гойтуш долу терахьаш, шуьйрачу юккъараллехь гIарадогIуш дац. Миграцийн урхаллехь-м, мелла а тера хьесап далура далахь а , и хаамаш къайлабаьхьана бу. Амма, цхьа хIума ду билгала хууш- пачхьалкхан дозаналла араволуш долу паспорт луш йолу и урхалла мокъ Iаш яц.

ХIора дийнахь аьлча санна, цигахь яьккхий рагIанаш лаьтта и кехатан тоьшалла дезачу нахах. Цхьаболчу хаамашца, кIирнахь мел лаххара а 300 паспорт кара дIалуш ду. Ишшта, хьал, тахана селхана хIоьттина дац. ТIаьххьарчу массийта шо ду ишшта хуьлуш долу.

ХIара шо доладелчу дуьйна, Нохчийчуьра Европе кхача гIерташ, халонех а, цхьайолчу меттехь мацаллах а, Iазапех а хIоьттинчу мухIажарийн новкъа боьвларш Германе боьлхуш бу. Мел бакъ ду дац ца хаа, амма, цхьа къамелаш даьржина, оцу пачхьалкхехь нохчий тIеоьцуш бу аьлла. бекхан цIе йолу жима стаг а, шен 4 доьзалцани йоккха харж а еш, дIаваха хьаьжира, амма, Москохалла кхин гена ца велира иза.

Виза тоьхнера, амма, иза оцу дела сахьта ницкъа болуш яц аьлла, дIаейинера. ХIинца, дика ду, со цига гена дIа а вахана, цигахь шо а даьккхкина, гIуллакх а ца хилла цIа вогIучулла хIинца, оцу неъка йоьххехь цIа верзина бохуш хазахеташ ву иза. ГIишлошъяран шен балха юха а араваьлла иза.

Бекхан шен доьзалца цIа веана валле, цуьнана уллерачу накъосте, Iимране хаам кхечира, цуьнана паспортан тIе виза тоьхна, сихонца Москоха схаьвола аьлла.

Иза дIавахча, гуттара а холча хоьттинера Бекхан. Шен цхьаъ бен воцу уллера доттагIа дIавахна аьлла. Амма, дукха ца лаьттира цуьнана ишшта дог-ойла. Ша дIаваханчу автобусца, кхуьнан санна, виза дIа а ейина цIавирзира Iимран. ДIаяьккхахь Европа,вайна кхузахь а во дац бохуш, хIинца Iа и ши доттагI, хIора сарахь аьлча санна, цхьана кхача буучу цу шиммо.

Германе хаза мох а лоцуш, пачхьалкхашка а хьожуш, дIаваха луучеран а аьтто бу боху иза дан. Ахча хилчхьана. 120 эзар сом ма делнехь, машенно Еврокхеташонан дозане воккху. И машен мичара йоьду, мила ву, массийта пачхьалкхехула чекха а волуш, нахах юьззина машен йига хьунар дерг-хууш дац.

Нохчийчуьра Европе дIабаханчу а, цIабирзинчеран а терахь, дустаме дуьллийла яц. ЦIаоьхурш а бац кIезга. Амма, дукхачу хьолехь, цIаберзар церан ханна хуьлу. Мухха а далахь а, Соьлжа-гIала Дубай-гIалахь таръян гIертарх, цIахь йолчу амалех хербелла нах.

Норвегехь вехаш волу Хуьйсейн цIе йолу стаг, шиш о хьалха, аьхке йола ма елнехь, кхъузахь 3-4 бутт боккхура бу аьлла цIе веънера шен доьзалца. Ши кIира далле, жимах волчу кIентан 4 дийнахь дагар дIа ца долуш, лоьрашна тIевигча, цара, бахьанаш аца къестош, антибиотик молх язъйича, сайн бераш дайа дуьне чу даьхна дац ас аьлла, шен керлачу махка дIавахара иза.

Нохчийн Iедалша, леррина программа яц дIахьош, Европера нах цIа бахкорхьам. Хаа, кхана-лама, Iедалша пIелг-пIелгах а ца тухуш, кийча говзанчаш хира буйла. Амма, бухахь болчу могIарерачу наха, башха гIарадаьккхина ца дийцахь а, мелла саготта бу, цхьа хан-зама аяьлча, шай бераш, Европехь дешначарелла оьшуш хиларна.

Цундела, иза ду коьрта бахьан, тахана Нохчийчуьра адамаш дIаэхар. Хьалха санна, тIеман кхерамех а, кхечу хIумнех а боьлхуш бац могIарера нах. Тарой, берашка дешийта лаарий ду. Нохчийн цхьана бакъонашларъярхочо, шен цIе гIар ца яьккхар а доьхуш хаам бира Маршо радиога, дукха хан йоцуш Гуьмса кIоштера БIачи-юьртара 300 стаг дIавахара аьлла. тамашийна далахь а, ша верг Германи дIа а кхаьчна, уьш цигахь тIе а эцна, бохуш хаам бира оцу хьостано.

ХIун бахьанца бахна, сел дукха нах цхьа оьвлара, и бахьанаш цкъачуьнна хууш дац. деккъа шай бершака дешийтар хилахь тамаш бу иза.
XS
SM
MD
LG