ТIекхочийла долу линкаш

Сипсу-ГIалахь хиллачо юха а эгIийна Кадыров а, Евкуров а


Оьрсийчоь -- Сипсу-ГIалахь хиллачу тIеман операцино юха а эгIийна Кадыров а, Евкуров а

Оьрсийчоь -- Сипсу-ГIалахь хиллачу тIеман операцино юха а эгIийна Кадыров а, Евкуров а

ГIалгIайчохь Сипсу-ГIалахь вийна 5 тIемало бахьана долуш, юха а цакхетамаш лилхина ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхошна юкъахь. ХIораммо а иза шайн болх бу бохуш чIагIдо.

Сипсу-гIалахь, Кхаарин сарахь, Калинин цIарахчу урамехь дIаяьхьна йолу операци, аьлча а, цуьнан жамI, шина республикан куьйгалхойн, даьллачу доьвна цхьа агIо а хилла дIахоьттина.

Нохчийн полицин куьйгалхочо, чоьхьарчу гIуллакхийн министрийн хьалхара гIовс волчу Алаудинов Аптис, оццу сарахь, республикан куьйгалхочуьнна хьалхахь, дийцира, операци дIа муха яхьна а, цунна кечам муха бинера а.

И операции дIахьош, билгал боьвлачу нохчийн полисхошна, совгIаташ а, мидалш а яла еза, аьлла тидам бира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Нохчийн полисхой, оцу операцехь дакъалоцуш ца хилла, шай берш хилла, бохучуьнна тIера бовлуш бац гIалгIайн полисхой а.

ГIалгIайн махкарчу, Соьлжа-кIоштан полицийн декъе, Маршо радионо телефон тоьхча, башха бешаш бацара. Кхин хьан боху уьш нохчаша байина, шаьш нохчаш бен, элира цигарчу полицийн эпсаро.

Шен агIора, ГIалгIайнчоьнан куьйгалхочуьнца Евкуров Юнус-Бекаца, шен хиллачу цхьанакхетарехь, чоьххьарчу гIуллакхийн министро Трофимов Александра, тидам бира, и операци дIаяхьнарг, Оьрсийчоьнан кхерамазаллийн сервисан, ГIалгIайнчохь долу дакъа дара аьлла. Шен куьйга кIелахь болу полисхой, цо багах а ца бехира. Ала догIу, ГIалгIайнчура кхерамазаллийн сервис, оцу операцехь доккха дакъа лацарна тидам беш, нохчийн агIо ю.

Евкуров Юнус-Бека, хьаха а ца дира, оцу операцийн куьйга бакъо къийсаме хилар. Амма, меттигерачу полицийн тедуожийра, дукха хье а ца долуьйтуш, тIемалойн гергарчу нахаца, цхьанакхетарш дIахьо аьлла.

Сипсу-гIалахь операци дIаяларцаний, тIемалойн тоба хила мега аьлла, Несар-гIалана йистехь дIакхайкхира терроран дуьхьала операцийн зона. Иза дукха ца лаьттира. ДелкъалтIаьхьа, бина болу чIагIамаш дIабехира, аьлла хаам бира, цигарчу вахархочо Мусас.

Муса: «Тахана Iуьйранна уьссолгIачух ах даьлча, бераш а эцна, школе ваха ваьлча, Муталиев урамера, Ростов-Баку некъа тIе кхаччалца къоьвлина бара, хIирийшца доза къаьстачу кхоччуш. 8-9 чакхарма бара къоьвлина некъ.

Юьхь тIехь туьтмIаьжгеш йолуш, йоцуш эскархой бара, жIалешца талламаш беш. Массанхьа хьовсуш бара уьш. Iедалан машенаш бен дIа а ца йоьхуьйтура. Мина яьккхний, бохуш цхьацца хIумш дуьйцуш дара. ХIинца и некъ баьстина бу».

Сипсу-гIалахь дIаяьхьначу оцу операцин жамI дика лоруш ду, низамхойн балхаца дуьстича. Амма, хаттарш дуьсу цунна гонах. Коьртаниг-кхерамазаллийн сервисан ГIалгIайчохь долчу декъо, нохчийн полисхой хIунда кхайкхина, меттигера полисхой а ца буьгуш? Эр ду, нохчийн низамхойн, оцу операцешкахь дакъалаца говзалла лекха ю аьлла.

Ткъа, ма хаъара, и пхи тIемало, машен чура охьавосса а ца кхуьуш вийна ву. Шеко ю иза гIалгIайн полисхошка а далург ца хилар. Кхузахь цхьаболчу тергамхошна цу тайпа питане хIуманаш шина республикан юккъахь кхин а херо ялийтархьамма лелош ду аьлла хета.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG