ТIекхочийла долу линкаш

Сочехь олимпийн ловзарш дуьйладалале Умаровца дерг къасто дагахь ву Кадыров


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Чекхбаьлла мангалан бутт бовш ШуьйтIа кIоштехь нисделла тIеман тасадалар а тIехь хьесапе эцча.кху тIаьххьарчу иттех дийнахь кхузза герзаца юкъаметтигаш къастийна ницкъаллин структураша а,гIаттамхоша а.Официалан даре а деш хьалхарчу шина тасадаларехь байинарш а,лазийнарш а Iедалан герзахой бара.

Ма-дарра аьлчи полисхойн урхаллин хьостано къаро йинера гIаттамхойн агIор вийна я лазийна стаг ву вац хууш дац бохуш.Ишта цу хьостано хьулам ца беш Iорадаьккхира низамхошна шозза тохар динчу тIемалойн тобана гона юкъара а яьлла лаьмнашкахь хьульяла аьтто баьлла бохуш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хIинцца-хIинца хааме даккхарца ШуьйтIа кIоштехь нисделлачу рогIерчу тIеман тасадаларехь Хьарсеной эвлана аьттехьа вийна гIаттамхойн баьчченех цхьаъ ларалуш волу Салиев Рустам. «ТIемалой леца а,хIаллакбан а леррина операци дIахьуш вийна дIаваьккхина 31 шо долу, 2007 –чу шарахь дуьйна герзаца дуьхьало еш, ТIехьа-Мартанан кIоштехь зуламхойн хьалханчех цхьаъ хилла Салиев Рустам.

Иза лоьлху хIуманаш яран говзанча а,хийлазза низамхошна уьш байа Iалашонца тIелетарш дина а ву.»Цу кепара дIахьедар хааме даьккхина Салиев хьокъехь полисхойн урхалло.

Меттигерчу телевизионехь Салиев Рустам хьахийна мехкан куьйгалхочо а.Цо чIагIдарца шен йоккхуш «Абу-Муслим» аьлла кхин цIе а йолуш, 15-20 стагах лаьттинчу тобанан коьртехь лаьттина ву вийнарг. Цо кхеторехь, иза дIаваккхар низамхой кхиам лара богIу.

Кадыров тешна ву тIемалойн оьмар яхлур яц аьлла.Церан хьокъехь дуьйцуш цуьнан къамелехь хьахавелла Умаров Докка а.»Умаров мостагI ву,уггар хьалха бусалбан нехан а,тIаккха массо адамийн а.Шегахь жимма а ницкъ-доьналла делхьара цо Нохчийчохь цхьа гулам-цхьаьнакхетар дIадохьуйтур дацара.Цо ден къамелаш а,дIахьедарш а тIаьхьло йоцу деса хабарш,тIуьллиг бу.

Иза охIла вац хIумма а дан».Герггарчу барамехь ишта къамел дина Умаров хьокъехь Кадыровс. Иза теш ву ницкъаллин структураш кханеш а ца йохкуш кестта и зуламхо дIавоккхур ву аьлла. Цо-м царна цхьа хан а елла Умаровца дерг къасто.»Иза шайтIа ду,-боху Кадыровс,-суна теша лаьа Сочехь хила еза Iаьнан Олимпиада тIекхачале цуьнца дерг къастор ду аьлла…»

Iедалан хьостано гIардаккхарца,иттех шо хьалха гIаттамхойн могIаршкахь леларна дохковаьлла вахархо вахна Устрад-гIаларчу полисхойн урхалле.Цо даре дина 1999-чу шарахь тIемалойн баьчча хиллачу Садулаев Iабдул-Хьалиман тобанна юкъаваххал галваьлла,тилла леллера ша аьлла.Цо ишта тоьшалла дина 2002-чу шарахь Дуби-эвлахь гIаттамхошна гIоьнна 45-эзар сом ахча далар хьокъехь а.Оццул хан-зама яьллачул тIаьхьа 60 шо кхочучу вахархочунна дохковала муха,хьан дагадаийтина хууш дац.

Официалан боцчу хаамца Сочехь олимпан къийсадаларш дуьйладалале Умаров Доккица дерг цхьалха даьккхина хила деза аьлла мехкан куьйгалхочо дина дIахьедар цуьнгара шеггара а доцуш,Москохара охьадеъна омра ду.

Цхьаболчу лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша а билгалдоккху сеньелла,юкъелла дIахIиттина хьаннаш елахь а, гIа-бецо гIаттамхойн лорх кхиар халонга даккхахь а кху кхаа-беа а баттачохь марсадоккхур долуш ду герзаца дуьхьало йийраш лахар. Цу тоьшалла лору цхьаболчара кху тIаьхьарчу хенахь хийца а хуьйцуш,хаддаза лаьмнашкахь ницкъаллин структурийн декъашхой кхабар а,цаьрга гуттар зер-талламаш дIабахьийтар а.

XS
SM
MD
LG