ТIекхочийла долу линкаш

Бакох вахана Кадыров


Шен Iедалан декъашхошца Бакох вахана Кадыров Рамзан.

Шен Iедалан декъашхошца Бакох вахана Кадыров Рамзан.

Берриг а шен го а эцна, Азербайджане визитаца вахана Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Бакохахь цу мехкан куьйгалхошца цхьаьнакхетар сов, иза дагахь ву цхьамогIа экономикан берташ бан.

Азербайджанан коьртачу шахIрера Бакохарчу аэропорте, Кадаров Рамзана коьртехь а волуш, Нохчийчуьра еанчу Iедалан делегацийн доьхьал бьахкина, Азербайджан Iедалан дай а бара, шайна юккъахь Оьрсийчоьнан оцу пачхьалкхера векал Дорохин Владимир а волуш.

Циггахь меттигерачу журналисташца хиллачу цхьанакхетарехь, Кадыровс билгалдаькхкира, къаьмнийн уьйранаш кхиъ чIагIъян Iалашо ю шен визитан аьлла. Ишшта цо, дIахьедар дира, азербайджанийн инвесторш тIе тидам бахийта мегар долуш проекташ Нохчийчохь шорта ю аьлла.Циггара Нохчийчуьра делегаци, Бакух долчу шахIидийн кешнашка а бахана, цигахь доIанаш дира.

Меттигерачу парламетан-Милли Меджлисан куьйгалхочуьнца Осадов Актайца цхьанакхетар а хилла Нохчийочьнан куьйгалхочуьнн. Цигахь а тидам бина, шина къоманна зIенаш чIагIъян езаш хилар. Визитан планца, цхьанакхетар хила дезаш ду, Азербайджанан президентца Алиев Ильхамца а, Кавказан муфтийца Шейхом-уль-ислам Гаджи Аллахшукюр Паша-задеца а.

ХIокху цхьана баттахь, пачхьалкхан дозаналла ара, хIара шозлогIа визит ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо еш ерг. Iаьрбойн цхьанатоьхначу эмираташкарчу Абу-Дабийн куьйгалхочуьнца цхьанакхетар а дина, цигара мел оьшшу а инвестицеш хира ю аьлла, цуьнгар дош а даьккхина цIа веана дукха хан яцара иза.

Азербайджана, хIокху тIаьххьарчу цхьана иттех шарахь, дукхачу тергамхоша билгалдаккхарехь, йоккха гIулч яьккхина шен экономик кхиорехь. ХIинца гарехь, царах масалла а эцна, Нохчийчохь изза дан Iалашо йолуш Кадыров Рамзан цига вахана хиларна шеко яц меттигерачу тергамхойн.

Дукхачара Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна визит юзу, кестолгIа Соьлжа-гIалахь хьалъян йолора йолчу Грозный-Сити-2 олучу лекхачу гIишлойн комплексца. Меттигера гIишлошъярхой, похIма долуш бу, амма, цу тайпа 300 метар лекха, нохчийн бIоьвнех тера а йолуш, гIишлонаш ян говзалла тоам болуш яц церан. Нохчийчоьнна уллехь азербайджанхой бен бац изза болх бан хуура долуш, бохуш дуьйцу тергамхоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG