ТIекхочийла долу линкаш

Кху кIиранан Къилбаседа Кавказера бIаьрла хиламаш


Къилбаседа Кавказ, карта

Къилбаседа Кавказ, карта

Кху кIирнах Кадыров Рамзана, массерна а дIа а хоуьйтуш, емал вира Соьлж-ГIалахь стигал-хIусам йогуш беламе комментареш йина волу ши стаг. Цо доьзаллийца юьйцуш йолу гIишло ягаран бахьана, говзанчаш дийцарехь, тоькан серий вовшах а хьакхадалар хилла.

«Забарш» йинчу шина стага оьгIазвахийтинера Кадыров Рамзан. Массо а стаг Грозный-Сити йогуш халахетта волчу хенахь, шен махкахой кхардар новкъа чIогIа деанчух тера дара цунна.

Кадыров Рамзан: «Шен къам а ца дезаш, шен мохк а ца безаш, шен дин а ца дезаш волчу стага бен и тайпа къамел дийр дац. Кху дуьнтIехь мел волу стаг телефонаш етташ волуш, массо а хьаьким, масоо а гIазакхий белха а боьлхуш, ша гIалахь хилла бохуш, телефон тоха мегар дуй бохуш... зударий а тIаьхьа белха а боьлхуш, телефонаш етташ бу.

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, 2013

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, 2013

...Ва Инша-Аллахь, шаерг а йогур ю иза. Муьлхха а кху дуьнентIехь йолчу пачхьалкхехь иза хилча, и пачхьалкх сайна мел езаш ца хиларх...ва гIишло яц и йогуш ерг».

Кадыров Рамзана омра дира, телекамершна хьалха эхь хеташ коьртеш таIийна Iачу шина стагана, яьгна гIишло цIанъеш дакъалаца аьлла. Амма гуш дара царшинга цуьнах лаьцна хоьттуш ца хилар.

Кадыров Рамзан: «Хьала а бахий, йина яллалц цIан йойтуш, нуй а хьокхуш, горагамаш а хьоькхуш, оцу гIишлонна гондIа мотт хоькхуьйтуш цIан яйталахь цаьрга гIишло».


Нохчийчоь – Стигал-гIишло йогуш ю Соьлж-ГIалахь, 03Охан2013

Нохчийчоь – Стигал-гIишло йогуш ю Соьлж-ГIалахь, 03Охан2013

"Забарш" йинчу шина стаганна шаьш таIзарх лаьцнга Кадыров Рамзана дийцира шен Instagram-ехь йолчу официалан агIон тIехь.

«Стигал-гIишло» юхаметтахIоттош жигара дакъалоцур ду иза йогуш, хазахетаран комментариш а еш, яьккхина видео инернете йиллинчу вайн республикан шина вахархочо. Шаьшшина гIалатах и шиъ кхетта, цара дош делла суна балхах уьдур вац аьлла». Иштта ду Кадыровс Instagram-мехь дитина йоза.

Ши бутт баьлла Кадыров Рамзана Сунжа-кIошта Нохчийчоьнан территори ю аьлла республикан парламенто тIеэцна болчу сацамна тIе куьг таIийна. Амма Москох цхьа а комментари а ца еш Iаш ю.И бахьана долуш Нохчийчоьнан Iедалан векалш емал беш бу ширчу заманахь дуьйна Сунжа-кIошт Г!алгIайчоьнан территори ю бохуш дIахьедарш деш болу гIалгIай.

Иштта Нохчийчоьнан парламентан куьгалхочо Абдурахманов Дукхвахас жоп делира гIалгIайн оппозицин декъашхо волчу Хазбиев Мохьама динчу видео дIахьедарна. Цуьнан цIе а ца йоккхуш Абдурахмановс кхайкхам бира вайнехан гIиллакхашца догIуш доцу дIахьедарш кхин ма де аьлла.

Нохчийчоьнан къаьмнийн Ассамблеян кхеташоно кхайкхам бира ГIалгIайчоьнан юкъаралле цу ьайпа хаттарш дийцаре деш сатухуш хила аьлла.


ГIалгIайчоь -- ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, 23Чил2012

ГIалгIайчоь -- ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, 23Чил2012

​Цу юккъехула цу хаттарехь юхавала дагахь вац ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, бохуш дуьйцу шен комментарехь Британерчу эксперто Фуллер Элизабета:

Фуллер Элизабет: «Еарин дийнахь Евкуровс къамел дира, Сунжа-кIоштахь гIишлош яр муьлхачу хьолехь ду бохург дийцаре деш. Цул сов, Евкуровс сацам бира Охан-беттан 20-чу дийнахь дозанах лаьцна долу хаттар дийцаре дан гIалгIайн къоман гулам вовшахтоха.

Схьагарехь, иза хьажа дагахь ву, мел дуьхьал хир ю юкъаралла, нагахь республикан территорин цхьа дакъа шен дIадала дезахь. И гулам хир бу Сунжа-кIоштахь Нестеровское олучу ГIажарийн-Юьртахь».

ДIадахчу Кхаарин-дийнахь Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волу Абдулатипов Рамазан цхьаьнакхийтира ГIажарийчурча лаккхарчу Iедалан векалшца, шайна юкъахь ГIажарийчоьнан Москох волу векал Саджади Сейед Махьмуд-Реза а волуш. Цара дийцаре динчерна юкъахь дара йохка-эцар шордеш ХIинжа-ГIаларчу хIордан портех пайда эцарца доьзна хаттар а.



Дагестан -- Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волу Абдулатипов Рамазан, 30Дечк2013

Дагестан -- Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волу Абдулатипов Рамазан, 30Дечк2013

И планаш дика хила а мега Оьрсийчоьнна. Амма цара эгIо мегаш ю иза луларчу Азербайджанца.

Оьрсийчоьнан а, Азербайджанана юкъаметтигаш талха йолаелира стохка шина агIонан аьтто ца баьлча Габалинан радиолокацин станцех пайда эцаран барт кхин дIа а бах бан.

Цул сов кхин а телхина юкъаметтигаш ю Азербайджанан а, ГIажарийчоьнан а, азербайджанахоша гIажаройн мостагI йолчу Израилца юкъаметтигаш лелорна.

Иштта дукха хан йоцуш ГIажарийчоьно бехке йира Азербайджан шайн зарратан Iилманчаш бойуш Израилна гIо дарна а, Израилна а, Iамеркана а шайн зарратан объекташна тохарш дан аьтто беш политка лелорна а.

Британерчу эксперто Фуллер Элизабета дуьйцу.

Фуллер Элизабет: «Азербайджанан Iедалша аьттехьа а тIе ца дуьту иза. Цара чIогIдо, Гiажарийчоьнера, цуьнан зарратан программа бахьана долуш, схьаболуш кхерам балахь а, шаьш цкъа а пайда оьцуьйтур бац шайн территорех Гiажарийчоьнна тIеман тIелатар дайта бохуш. Оццу хенахь Азербайджанан Iедалша масийтта тоба лецира, ТехIрано омра а делла, Азербайджанехь терроран тIелатарш кешдеш хилла аьлла».

Нагахь Дагестан гIажарошца тIех сов юкъаметтигаш лело йолалахь Азербайджанан аьтто бу цхьацца экономикан проекташ совцо. Цундела Абдулативповн дезар ду, лар а луш, политика лело аьлла хета Фуллер Элизабетана.

Иштта бара кху кIиранах Къилбаседа Кавказехь хилла цхьаболу бIаьрла хиламаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG