ТIекхочийла долу линкаш

Литтелл Джонатан: «Нохчех суна хетарг дац хийцаделларг, шаьш нохчий бу вуно хийцабелларш".


Литтелл Джонатан.

Литтелл Джонатан.

Дикка хьалха дара иза. Маршо Радион нохчийн редакце веара цхьа жимастаг. Дукха хан йоцуш Нохчийчура вена ву ша аьлла, долийра цо шен къамел, хьал-де хаьттинчул тIаьхьа. ТIаьххьалц Iийра тхо цуьнца хилларг а, лелларг а дуьйуш.

Иза вара цу хенахь цхьанне а вевзаш воцу хIинца гIарваьлла волу яздархо Литтелл Джонатан.

1996-чу шарахь тIом боьдучу Боснехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа «Мацаллина духьал болам» цIе йолчу вовхатохараллан цIарах хилира иза дуьххьара Нохчийчохь. Цул тIаьхьа яздархо шозза хилла цигахь. ШолгIа тIом боьдуш а, 2009-чу шарахь Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан президент хIоттийна кхо шо даьллачул тIаьхьа а.

2006-чу шарахь Литтел Джонатана французийн маттахь язйина (Les Bienveillantes) «Къинхетаме мехкарий» цIе йолу роман. Цуьнах оццу деношкахь бестселлер хилира. Иза зорба тоха кехат а ца тоьана, Францехь зорба тухучура сацийра дерриг а дуьнено хазахетта тIеэцна йолу «ХIарри Поттер» цIе йолу рогIера книга (туьра). Ткъа кехат дIаделира Литтеллан роман арахецийта.



Франци - Литтелл Джонатанан "Оьзда зударий" роман.

Франци - Литтелл Джонатанан "Оьзда зударий" роман.

​2006-чу «Къинхетаме мехкарий» романо даьккхира ( Prix Goncourt Гонкуран цIарах долу совгIат. Оццу шарахь и роман язъярна Литтеллна делира Францин академин коьрта совгIат а. 2007-гIа шо чекхдолуш цу книгин 700 эзар экземпляр йоьхкинера цхьана Францехь. Цул тIаьхьа 900 агIонах лаьтташ йолу и роман 19 матте яьккхира.

Цу книго лараме ши совгIат деанна ца Iаш Литтелл Джонатанна деара ахча а, вевзаш а, лоруш а хилар а. Цуьнга хьажна доцуш, Литтелл ша ма-варра висина. Зорбанан гIирсашна интервьюш луш хьалха а вацара иза, хIинца а вац. Амма Маршо Радион нохчийн редакцица къамел дан реза хилира иза, хьем а ца беш.

Хьо масийттоза Нохчийчохь хилла. Нохчийн гIарбевлла болу политикаш а, жигархой а, тIемалой а, церан хьалханчаш а бовзара хьуна. Царахь цхьаберш тIеман аренашкахь эгна, шайн даймокх Оьрсийчоьнан олаллех къелхаьра баккха гIерташ. 2009-чу шарахь хьуна гина цхьаболу церан хилла болу, хIинца Оьрсийоьнан Iедалшца болх беш болу нах. Уьш боцурш ахьа къамелаш дина могIарерчу нахаца. Нохчаша маршонехьа догдахар дитина аьлла хетий хьуна?

Литтелл Джонатан: «Суна хетарехь, и идея, хьалхе дуьйна иза хила магар аьлла вайна дагесна ма хиллара, елла ю таханлерчу денна. Оьрсийчоьнан Iедалан стратеги яра иза, нохчийн маршонехьа болу сатийсам бохо, Нохчийчоь йохо болу лаам санна. Гуш ма хиллара иза кхиаме а хилла.

ТIаьххьара 2009-чу шарахь со Нохчийчу вахача, Кадыров Рамзан президент хIоьттина кхо шо даьлла хан яра иза, суна дуккха а Рамзанехьа бевлла тIемалойн хьалханчаш гира, хьалха сайна бевзуш хилла болу. Шаьш цуьнгахьара довлар дуьйцуш уггара мехала цера ала дерг дара, тхан дерриг а долуш ду Рамзанца долуш, оха хьалха тIом беш даккха гIиртинарг».

Ма дарра долу сурт гена ду цу наха дуьйцучулла а бохуш дуьйцу Литтелл Джонатана.

Литтелл Джонатан: «Амма царна хетарг моттаргIа ю. Аса дуьйцург уьш шаьш Iехо гIерташ хилар ду. Цера моттаргIанийн шарI а ду, кхин дерг а ду. Уьш Рамзана Iуналлехь бу, цуьнан Iуналлехь ду ахча а, цо ницкъаллийн структурашца Iуналла деш ю территори а. Цигахь Iуналла деш арара дуккха а структураш ю. Иза вуно гена ду, цигара хьал маршо хиларна. Цигахь нах хила мега, къайлах йозуш йоцу пачхьалкх хIотторе сатуьйсуш, амма цара нахана хозуьйтуш хьехрш дац иза».

Хьуна тIаьххьара Нохчийчу вахача, гинарг дIоггара дика сурт дац. Хьалха ахьа нохчех лаьцна дуьйцуш лелош кхин дешнаш дара. Хийца-м ца елла хьан нохчех йолу ойла, аьлла хаьттара оха Литтелл Джонатане.

Литтелл Джонатан: «Суна нохчех лаьцна хетарг дац хийцаделларг, суна хетарехь, шаьш нохчий вуно хийцабелла. Цхьана декъанна иза тIом хиларан жамI ду. Аса дуьйцург ду, цу кепара беха тIом лайна адам хийцалуш Iедал ду.

Юкъаралла йоха йо, адамийн юкъараллехь хийцамаш хуьлу. Амма Нохчийчура хийцамаш сихбинарг, суна хетарехь, Кадыровс хаьржина а, тIеэцна а йолу политика ю. Иза уггара тоьлларг дац. Оьрсийн гIоьнца Кадыров нохчех къезиг нохчий бан гIерташ ву. Нохчаша лелийна долу дуккха а гIиллакхаш, шайна юкъахь доьзалшкахь лелош йолу юкъаметтигаш а, юкъараллан уьйраш а йолуш, вуно чIогIа йохийна цигахь.

Масала, масех шо хьалха Кадыровн цIарах арабевллачу кегийрахоша басар юкъахь долу гарголгаш йиттира, шайна мелла а эвхьаза духар доьхна бу аьлла хетачу махкаршна. И тайпаниг нохчашна юкъахь хьалха хилла доцу а, хила йиш йоцу а хIума дара цу наха лелийнарг».

Литтелл Джонатана дуьйцучух гуттар а дика кхетар ду вай, тхан корреспонденто Азимова Сийлаха кху деношкахь кечйинчу материалехь Тамара цIе йолчу зудчо дуьйцучуьнга ладоьгIча.

Азимова Сийлаха: «55 шо ду Тамарин. Масех де хьалха Берлинерчу "Моторка" олучу мухIажирийн лагерехь вовшахкхийтира тхо. Цу лагеран уьйтIахь, ТIулган экъанех диначу сирачу пхиеа гIаттах долчу, Советийн гIишлонаш дагайохкуьйтучу цIеношна юккъехь, уьйтIахь, буьрках ловзуш ду нохчийн бераш.

ГIишлойн учахь хеза нохчийн аьзнаш, чоьнашкара схьаеттало нохчийн кхачанийн хьожа. Цу чоьнийн неIаршна хьалха, когара охьабаьхна, дIахIитийна кIархаш а бу Нохчийчохь базаршкахь бухкуш хуьлуш берш.

Тамара дукха хан яц шен доьзалца кху меттерчу нохчех дIакхетта. Бутт кхочуш бу иза Берлине Нохчийчуьра схьаеана.
Нах боцчу нахах бевдда уьш

Керлачу меттехь готта юй-яций бохург шена хьесап дац боху Тамарас, ша гаттонах едда, дегIана паргIато лоьхуш кхаьчна яц кху махка, ша гIелонах едда кхаьчна кхуза.

Маршоне ца кхочу хIумма а

Шел хьалха а, шеца а, иштта шел тIаьхьа а схьадеана дукха нохчийн адам ду Германехь, бохуш, цецъюьйлуш дуьйцу Тамарас. ЦIахь шуьйра даьржина дара боху цо, немцойн канцлеро Меркелс ша миллионе кхаччалц нохчийн мухIажир тIеоьцур ву, аьлла боху хабар. Амма иза тIечIагдеш цкъачунна хIума ца хааъделла шена, боху Тамарас.

Европана нохчий хьашт бацахь а

Тамара эзарнех цхьаъ ю, тIаьххьарчу беттанашкахь Декъастанара бевдда, Германе баьхкинчех. Германе хилла а ца Iа. Иштта нохчийн мухIажирийн керла тулгIе ловш ю Австри а, Белги а, Полша а.

Дийцинарг яра Азимова Сийлаха.

ТIехула тIе ша цкъа а мах ца хадабора нохчийн «дика-во» олий бохуш вара Литтелл. Тахана Нохчийчохь юьхьарлаьцначу политико хIаллак деш ду нохчех нохчий беш дерг. Хьалхара тIом боьдуш берриг а аьлча санна болчу нохчаша юьхьарлаьцнарг яра яхь а, сий а лардон кодекс.

Дохо йиш йоцу низамаш дара цигахь лелаш, муха юкъаметтигаш лело еза божаршца, зударшца, кхечу махкарчу нахаца, кхечу тайпанерчу стагаца бохучу хаттаршкахь. Массо а хIума шен зил тоьхна дара. Амма хIинца дерриг а хийцаделла делла, бохуш вара Литтелл Джонатан. Цуьнан бахаьнаш а дийцира цо.

Литтелл Джонатан: «Цхьана агIор иза кхеташ ду. Цу кегийрачу нехан дай байина тIамехь, церан девежарий байина тIамехь. Царна гIиллакхаш Iамо, муха лела веза бохург Iамо стаг ца хилла дахарехь. Цу агIор цера дуккха хIума дайна.

Ткъа хIинца Кадыровс вовшахтухуш а, дIахьуш а ду дуккха а цо нохчийн ламасташ ду бохуш долу, цхьа цунна хетарехь нохчийн гIиллакхаш ду аьлла хеташ долу хIуманаш. Ма дарра аьлча иза Советан заманахь лелийнарг санна долу хIуманаш ду. Якхийн фестивалаш а, концерташ а иштта дIа кхин а.

Цигахь баккхийн хийцамаш бу. Иза бакъду. Амма дикачу агIор бац уьш».

2009-чу шарахь хIинца вевзаш волу яздархо Литтелл Джонатан Нохчийчохь хилира. Цул тIаьхьа «Нохчийчоь. КхоалгIа шо» цIе йолу книга зорбане яьккхира Литтелл Джонатана. Цу тIехь цо гойту Нохчийчохь шена гина сурт.
Масала, Кадыровн го а, иза ша а гойту цо шен репортаж кепехь язъинчу книги тIехь.

Охан-беттан 27-чу дийнахь Нохчийчохь гIишлошъярхойн министралла кхоьллина 5 шо кхачар даздеш кхочу яздархо Соьлж-ГIала. Литтлл Джонатана яздо.

«Тхуна гIо дан дезаш волу къона пресс-атташе Тамир а, сурташдахархо Дворжак Томас а, со а цу дийнахь гIаларчу театре кхайкхинера. Театран учахь, Кадыров-ден а, Кадыров- кIентан а сурташца кечбинчу инзаре боккхачу къегачу роялана улле а хIоьттина, со хьоьжуш Iара нохчийн номенклатура театр чу муха йогIу, ша-ша эчиг лохучу аппаратана чухула а волуш. КIоштийн администрацийн куьйгалхойн пхьарсех къегаш гуш дара «Ролекс» олу сахьташ а, бриллиантийн бIаьргаш долу мухIарш а.

Министарш бара сирла-цIен а, сирла-шекъан басахь а кучамаш а йоьхна, евзачу фирмийн галстукаш а йолуш сирла тIоьн басахь дарийн костюмаш а, ира буьхург болу крокодилан – воькнан тIаьрсиган мачаш а йоьхна».

Кадыровн гонера нехан лелар гойту яздархочо, цхьа а хIума юкъах а ца дуьтуш, нохчашна шаьшна бен гур доцу хIуманашна тидам а беш.

Сурт дерзадо цо Кадыров Рамзанан леларца. «Сцени тIехь йолчу экранан тIехь шен сурт гойтучу хенахь, нахана юккъе хиина Iаш волу Рамзан воьлу, тIараш детта цо, забарш йо шен гIаролхошца, лелайо мобилан телефон».

Литтелл Джонатана шен книга дIайолош яздо ша дуьххьара язйимна вариант мелла а кхечу тайпана хилла хиларх лаьцна.

"Авторан дош" аьллачу декъехь цо иштта дуьйцу цунах лаьцна: «Нохчийчохь оха ши кIира даьккхира, тхайна луччу метте даха а, луучу стагаца цхьаьнакхета а йиш йолуш. Амма Кадыровца цхьаьнакхета аьтто ца белира тхан.

Цул тIаьхьа Мангал-бутт тIекхаччалц дешархошца цхьаьнакхетарш дIахьуш вара со Европерчу гIаланашкахь а, Москох а. Цу хенахь язйина аса кху репортажан хьалхара, кхане дика хила мега аьлла ойла кхоллалуш йолу, вариант. Мангал-беттан 15-чу дийнахь Мемориалан белхахо Эстемирова Наталья ер а, цултIаьхьа а цхьамогIа нах байар хилча суна хетаделларг йоккхачу шеконехь хилар гучуделира.

Цундела аса ерриг а юха язйира сайн текст, аса хIинцца хьахийнарг тидаме эцар Iалашонца. 2009-чу шеран ГIадужу-баттахь чекхяьккхира аса хIара. Кху кепара хIара зорбане а йоккху аса, цул тIаьхьа хиллачо хIара ширйина хиларх а кхеташ».

Эстемирова Наталья ер баккъалла а дагахь кхетначух тера ду Литтелл Джонатанна:

Литтелл Джонатан: «Суна евзаш яцара Эстемирова Наталья. Цкъа а ца гинера суна иза цо дакъалоцуш хиллачу дуккха а дуьненаюкъарчу конференцешкахь. Соьлж-ГIалахь а суна иза ца гинера. Тобвбеца беттан 15-чу дийнахь сарахь суна хиира цуьнан герз а диттина охьатесна дакъа карийна хилар.

Мел дала орца доцуш ша йисина хилла хетта хир ду цунна, ша йихкина а йолуш, ВАЗ-2107 олучу машен чохь инзаре яхъелла хан йоккхуш а, ша е кечбеллачу нехан когашкахь Iуьллуш а. Мел сатийсина хилла хир ду цо, уггара ирчаниг хир дац-кх бохуш.

Амма, машен чура ара а такхийна, масатоьпан бух тоьхна шен мара кагбича, шен куьгаш дIадихкина тIийриг, цIий лелар а сацош, тIеозийча, иза кхетта хир ю доллучух а. Эххаре а цу тайпа байина а, я байа дIалийцина а нах бацара цо лоьхуш хилларш?!..

Цхьанне а хуур дац, цуьнан оайланаш муха хилла! Цхьанне а хуур дац цо хIу дийцина ша е баьхкинчу нахе. Дехарш дан гIиртина-те иза, цара шена етташ? Цунна дукха дика хаара уьш хIу нах бу! Церан цхьанге а къинхетам боций. ...

Нагахь кху дахарх льацна суна цхьаъ хаахь, цуьнан тIаьххьара ойланаш шен йоьIах лаьцна хилла хир ю. Цуьнан дог эккхаш хилла хир ду, шен доьзалхочух ша йолуш. ТIакхха иза йийра. Инзаре, къиза. Цуьнан дакъа хьуьнхахь охьакхоьссинера, иза шира зарзделла галий долуш санна, «кхечарна шайх хин дерг хаийта»!

Массо а хIума хийцалуш ду кху дуьненахь. Де-буьйца, хенахIоттам, адамийн дахар. Мацца хийцаделла а Iедал а хийцалур ду Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а. Хьуна муха го Нохчийчоьнан а, нохчийн а кхане?

Литтелл Джонатан: «Биллагала хин долчух лаьцна чIагIйела ойла яц сан. Хууш вац со хIун хир ду. Ша Кадыров Рамазан кхоччуш возуш ву Путинах. Нагахь цхьана дийнахь Путин режим йохахь, Путин урхаллера дIа а ваьлла кхечу ницкъаш Iедалш шайн караэцахь Кадыров политикан ницкъ дIабала а мега.

Хир йолчу конфликтан хьелаш дийцича, нагахь Кадыровн агIора бевллачу хилла болчу тIемалойн командираш юха а Оьрсийчоьна дуьхьал бовла сацам бахь юха а тIом хир бу. Амма карарчу ситуацица цигахь дукха къезиг хьелаш ду цигара хьал машаран кепехь хийцалур ду аьлла.

Цигахь цхьа а меттиг бац демократин кепана а, маьрша пресса хиларна а, йозуш йоцучу вовшахтохараллашна а, кхин долчунна а хила ма еззара юкъаралла кхиийта оьшуш долчунна. Цигахь диктатура ю. Ткъа диктатурин чакхе ницкъ а беш хила мегаш ю».
XS
SM
MD
LG