ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш шайна гIо дан гIерта Нохчийчура бIаьрзе нах


Къилбаседа Кавказ - БIаьрзе стаг ву некъаца вогIуш, 14ГIад2012
Къилбаседа Кавказ - БIаьрзе стаг ву некъаца вогIуш, 14ГIад2012

Эзарнаш заьIап нах бу бехаш Нохчийчохь. ТIамо чолакх бинарш боцурш дуккха а бу царна юкъахь бIаьрса доцуш берш. И нах аттачу даккха гIерташ бу шайн дахар. Царах ву компьютерца гергарло лелош волу Мальцагов Рустам.

Интервью яла цхьанакхетар ву, аьлла, Мальцагов Рустамца барт бинчулла тIаьхьа, дукха хан яьлле, цо ша телефон туьхира, ша билгалъяькхкинчу меттера, кхиъ цхьа километар генахь ву аьлла. Хьо ма сихха кхаьчна цига аьлла хаьттича, хIара гена меттиг ма яц, аьлла, гIехьчулла цецваьлла жоп делира цо. Соьлжа-гIаларчу хьалха Первомайски олуш хилчу, хIинца Шейх Митаев Iелийн цIе лелочу урамехь, навигацийн программан тIехь билгалъяха езаш меттигаш ю шен бохура цо.

Рустам Мальцагов: «Телефолн чу хIоттина программа ю сан. Са гуш боцчу нахана; царна, оьшуш йолу меттиг схьалаха а, царна кхоьллина ю хIара программа. ХIара программа Нохчийочхь лелош цхьа а вац. Москохахь, компьютеран курсаш яха ваханчу хенахь, цигахь схьаэцан ю ас иза. Интернет чохь вай Соьлжа-гIалан карта ду, амма, урамийн цIераш а, кхидерг а нийс дац цигахь. Цундела, и болх бан гIерташ, керла билгалонаш а хIиттош хIара болх беш ву-кх со».

Дийнахь иттех меттиг билгал а йоккхий, уьш шен телефон чохь йолчу программи тIе язъйо Рустама. Ала догIу, бIаьрса дерг а хьоьгура волуш, телефонан озца, иза ша йина йолуш санна лелайо цо.

Мальцагов Рустам: "ХIинца вай «Хьалал» туьканна хьалхахь ду, шейх Митаев Iелийн урамехь. Кхузахь а билгало хIоттош ю ас. Карти тIехь яцара сан хIара меттиг. Кхуза дIаязъйо вайи за. БIаьр са доцучеран хIар аьттонаш хилла бац. Ас карта дуза ма дуьзнехь, Интернете доккхура ду иза. Муьлахчу са гуш воцучу стеган аьтто хира бу, и карта схьа а эцна, цуьнцани лела».

Рустам ша Iаьржа куьзганаш лелош вац. Каарахь йолчу Iасано бен билгал ца воккху иза бIаьрса дац аьлла. Шен ца лаьа боху цо, кхечу адамех къаьсташ хила а, царна шех къахетийта а. Мацах цхьамо ма аллара, ша бIаьрса дайна ву, коьрта телхина вац, бохуш, Москохах шеца хиллачуьнах лаьцна хIума дийцира Рустама. Иза а ду, оццу, навигацийн гIирсаца доьзна.

Мальцагов Рустам: «Москоха вахнера со, сайн цхьан гIуллакхан. Курский вокзалехь, таксистан тIе а вахана, хIокху адресца дIаваха веза, элира ас. Шена иза мичахь ду ца хаа, аьлла жоп делира цо. Таксистийн Iедал ду-кх, тIевеан волу стаг, цунна меттигаш ца йовзарах терра, эрна хекха а хоьхкий, цуьнгара ахча доккхуш. Хьуна адрес ца хаа, ас буьйцура бу хьуна некъ.

Ас телефонца, цига дIаверза, кхузахь чуверза бохуш сайн оьшучу вигира иза. 170 сом бен ца даькхкира соьгара. Цецваьлла иза, хIара тайпа хIума суна, доьххьара гуш ду эллира цо».

Мальцагов Рустама кечдечу картех пайда оьцуш тахана Нохчийчохь изий, масех стаг бен вац. Амма, жимма хан яьлча, иза лелора йолуш дукха нах бу бохура, бIаьрса доцчу Сардалов Аптис.

Сардалов Апти: «И карта Рустама ша дина ду. Цу тIехь, хьайн оьшуш мел йолу меттиг билгалъйоккху ахь. Хьо кхаьчначу меттехь, саца а соций, до иза. Ориентир галъяьлча, вонуо чIогIа гIо до-кх цо».

Нохчийчохь бIаьрса доцчу цхьантуохараллийн куьйгалхочо Каримова Хьавас, билгал йоху, цу тайпа могашална иэшам хилчеран коьрта баланаш муьлха бу. ДIасалела аьтто ца хилар-иза хьалхарчу меттигехь ду боху цо.

Каримова Хьава: «Екаш йолу светофораш хIоттае бохуш, даиманна и гIуллакх айдеш ду оха. Еза а яц уьш, хала хIума а дац иза. Хьалха, Совета Iедал долчу хенахь, уьш, массанхьа йолуш яра».

БIаьрса доцу нах ца кхета, заьIапхойн долчу похIмех а, говзаллах а хIунда пайда ца оьцу Iедалш. Шайна юккъахь, музыканташ а, яздархой а, кхечу тIегIан тIехь болх беш нах бу. Шайна а лаьа Iедална а, махкана а, могIарерачу нахана пайдехь хила, боху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG