ТIекхочийла долу линкаш

Ницкъахойн каралуш ду кIошташкара Iедал


Нохчийчоь -- Теркйист-кIоштан керла куьйгалхо Куцаев Шемал, Соьлжан кIоштан полицин коьртехь вара тIаьххьарчу хенахь.

Нохчийчоь -- Теркйист-кIоштан керла куьйгалхо Куцаев Шемал, Соьлжан кIоштан полицин коьртехь вара тIаьххьарчу хенахь.

Нохчийчоьнан цхьайолчу кIоштийн коьртера куьйгалхой хийцина мехкан администратора Кадыров Рамзана. И стенна дина, наха муха тΙеоьцу, теллира Маршо Радионо.


Официалехь Iорадаккхарца, латтанаш тIехь хьарамлонаш лелаярна даржера дIаваьккхина итт шарахьТеркйист-кIоштан гIантда Iийна Ахметханов Султан.

«Ши шо хьалха Теркйистехь латтанашца доьзна дукха нийсадацарш, низамаш талхор гучудийлинера. Цу хенахь Ахметхановс бакъо а йоцуш дIасадеккъа латтанаш ша юха а дерзор ду, галдаьлларг нисдеш, къепе а хIоттор ю, аьлла, тIелацам бинера. Амма лартIа далийна хIумма а дац, кхин тIе а галдаьллехь бен.

Кху тIаьххьарчу эха шарчохь Ахметханов Султана дIасадекъна бIе гергга лаьттан дакъош. Кхин дIа а и ловш Iа дагахь вац со. Ахметханов цу даржера дIаваьккхина. Цуьнан метта хIоттийна Куцаев Шемал, кху тIаьхьарчу 3-4 шарахь цу кIоштахь полицин урхаллин хьаькам лаьттина волу».

Ша бина хийцамаш кхетош, иштта дIахьедар дина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо керла хIоттийначу гIантдена тIедиллина, бух болуш а, боцуш а дIасадекъна латтанаш, хан а ца йолуьйтуш, сихонца юхадерзор.

Иштта хийцина Соьлж-гIалин кIоштан гIантда а. Дукха хан яцара оцу метте Нагаев Iаднан хIоттийна. Цу даржера мукъа а ваьккхина, кхин а жоьпаллин болх ковдийна цуьнга. Ткъа Соьлж-гIалин кIоштан коьрте хIоттийнарг а ву оццу кIоштахь полицин хьаькам лаьттина Арсанукаев Iела.

Бахархоша къаьсттина цецбийларца тIеэцнарг ду Теркйистан гIантда вохавар. Хууш ма-хиллара, Ахметханов Султан эвлаяан Iусман -Хьаьжин тIаьхьенах стаг ларалуш хиларал сов, Нохчийчохь уггаре лакхара, мехала лоруш долу совгIат, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарх орден елла Iедалан белхо а вара.

Бакъду кIоштахь и даржера вохийна новкъадеънарш а хила тарло, амма вуно дукха бу и дIаваккхарх кхаъ хилларш. Цхьаберш чIогIа дегайовха бу керла хIоттийначу кIоштан куьйгалхочо нийсо а лелош, хьарамлонаш чекхйовлуьйтур яц аьлла.

Керла ваийтинчу хьаькамах Куцаев Шемалх дуьйцуш ю Теркйист-кIоштара яхархо Юсупова Малика. Кхо шо хьалха шен чевнаш йинчу кIантана дан хIума доцуш, ша а, кхиберш а, бIаьрза хьийзинчу муьрехь, Шемала хаза нехан санна гIо лецира, бохуш дуьйцура Маликас.

КIоштахь керла хьаькам хIоттаварца доьзна дукхахболчу бахархойн ойланаш Дикане сатуьйсуш ю . Уьш хьаьгна бу иза, мискачу нехан бала а кхочуш, нийсонан а, бакъонан а да хиларх.
XS
SM
MD
LG