ТIекхочийла долу линкаш

Дахаран некъ харжар - жоьпаллин гIулч


Нохчийчоь-- Соьлж-ГIаларчу мехкадаьттан институтан студенташ, 2011

Нохчийчоь-- Соьлж-ГIаларчу мехкадаьттан институтан студенташ, 2011

Нохчийчуьра доьшуш долу бераш а, ишколашкахь дерш а, шай сатийсамаш ду хъIокху дахарпехь. Амма, замано, шен ойланаш хуьлу, церан кхолламех. муха, хьежамаш бу. таханлерачу берийн а, кхиазхой а, шай кханенна.

Цхьа хIума шеко а йоцуш билгалдаккха мегар ду, таханлерачу Нохчийчохь, кегирхой а , берийн лаамаш, герзца, эскархошца а, полисхошца а боьзна бац. Гарехь, дийца бахьанаш а доцуш, даго хьоьхуш хила там бу царна, иза шай коьрта некъ боцийла.

ТIаьххьара горгали бекна, экзаменш дIалуш, селхана хилла болу дешархой, харжамашна хьалхахь хIиттина, мича деша бахча гIоле ду бохуш. Амма, и сатийсамаш вахьтаIабо, дIалучу экзаменашна хьалхахь болчу кхерамаша. Оцу хенахь долчу берашна вуочу гIенахь а доьхьал хоьттина хира дацара, дахарехь шаьш ла безаш болу бала а, мел хала хира ду, шен безаш болу болх харжа а, адам хилла хIокху дуьненахь дIалела а.

Ишколаш яьхна долу бераш, ян экзаменаш гIелбинехь а, ян кхечу бахьанашца далахь а, ца лиира, оцу хьокъехь бистхила, амма. Ишколехь кхиъ массийта шарахь деша безарш, къамеле бовла.

Абубакар цIе йолчу 10 классе ваьллачу Соьлжа-гIаларчу вахархочуьнна цергийн лор ваха лууш ду. Амма, иза билгала тешна вац, ша оцу лакхене кхачалура вуйла. Делан карахь ду ша дерг, аьлла къамел дира цо.

Абубакар: «Со юха шарахь дешна волу шву. Стоматолого деша ваха лууш ву со. Кхиъ дешарш ду, амма, суна и болх чIогIа безаш ву. Хуура ду-кх, муха нислура ду. Лаа-м цига лаьара. ГIуллакх ца хилахь, бетон кего дIагIура ву-кх цхьанахь. Делан карахь ду ша дерг».

Милцойн болх безаш хуьлу, нохчийн цхьаболу дешархой. Бераш а кхета, герз а, низам а карахь долчуьнгахь нийсо а бакъо а ю аьлла. Заурбек цIе йолу жима стаг, паргIат кепара латар Iамош волу массийта шо ду. Цунна шен кхоллам спортаца го.

Заурбек: «Со жима волчу дуьйна ву латар Iамош. Спортехула дIаваха луура дара суна. Тренер болх хазахета суна. Бераш Iамо луура дара суна. Хуура ду-кх, со школа яьккхича хIун хира ду».

Таханлерачу заманан кегирхойн культурийца шай кхане хила луурш а кIезга бац Нохчийчохь. Масла, махкахь чIогIа даьржина ду паркур олуш долу, Францера схьадаьлла долу кхиссадалар. Цуьнца цхьа терра уллехь ду, рэп ешар а. Соьлжа-гIаана йистехь, Бухан юьртахь вехаш волу ИбрахIиман, шен I4 шо бен дацах а, хууш ду, шех воьвзуш волу рэп алархо хира ву аьлла.

ИбрахIим: «Со воккха хилча, рэп алархо хила луура дара суна. Эминем хазахета суна. Вай нохчийн Юрт-да олуш верг а ву рэп йоьшуш, кхиъ «Мертвые дельфины» олуш тоба а яра вай».

Ишколехь, хьалхарчу классашкахь хьехархо йолчу Залинас хоьтту ша куьйгалла дечу классера берашка, царна мила хила лаьа олий. Тайпа-тайпана белхаш беза берашна, аьлла дийцира цо.

Залина: «Сан классехь ас хIиттина., берашна мила хила лаьа аьлла. Цхьаболчарна, ашй дайша санна таксисташ хила лаьа. Сан классехь волчу шина кIантан повар хиал лууш ву. Туькан чохь болх беш хила луурш а бу. Шорта ахча а долуш, болх а ца беш, тоьллачу машенаца лела луурш а бу. Космонавташ бац, хIаваI кеманна пилоташ а бац царна юккъахь».

ХIора шарахь аьлча санна шан Iуналла дечу классехь ишшта хеттарш до Залинас. Халахеташ далахь, цо билгалдоккху, хьехархо хила лууш бац аьлла.

Залина: «Ас цаьрга шо долалуш а, иза чекхадолуш а хотту, мила хила лаьа олий. Цхьаболчеран хийцаелла хуьлу лаамаш. Со-м хьоьжуш Iийна цаьрга, цхьаммо а хьехархо ма ца олу аьлла. Цхьана йоIа элира.Иза а цхьа гIийла элира цо,Ю аьлча а ца аьлча а хIун дара теша бохуш».

Нохчийчохь, де а буьйса а ца къастош Iедалша, йоьхьарлаьцна ду, тIекхуьу чкъор кхетош-кхиор. Берийн бошмашкахь хIинца, хIора де долош ду, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан гимнашца. Бераша, иза хаза а хеташ Iамайо, лакха а локху. Амма, дукхачу хьолехь, Оьрсийчоьнан гимн сийлахь хеташ санна, иза къаьстана чIогIа Iамайо царна, хIокху 5 шо кхаьчначу йоIана санна.
XS
SM
MD
LG