ТIекхочийла долу линкаш

Хьиджабех яржо цхьа а позици яц Кремлан. Иштта аьлла президентан Путинан пресс-гIоьнчас Песковс, «Говорит Москва» радиостанцина жоп луш.

«Хьиджабан проблемах а, позицех а дийца со хIуттур вацара. Кремлера иза даржа деза аьлла а ца хета суна. Хетарехь, нахе вовшашца листалуш хIума ду иза. Кхето деза, федералан тIегIанехь, я кхузахь иза листа догIу, я ца догIу, я иза регионийн Iедалан бакъо ю. Стандартехь лела деза и саннарг, олийла дац. ХIора а пачхьалкхехь шайн-шайн ду иза къастор», - боху Песковс.

Школашкахь хьиджабаш лелаяйта лууш йоцчу Оьрсийчоьнан дешаран министрца Кадыров Рамзанан иккхина къовсам берзош, Нохчийчоьнан парламенто школашкахь бусалба духар лело магош низам арахецарца доьзна деллера Песковга журналисташа шайн хаттар.

XS
SM
MD
LG