ТIекхочийла долу линкаш

Товбеца-бутт - нохчийн исторехь


Нохчийчоь -- Мансуран тIера Дудаевна тIекхаччалц, "Вайн Дагестан" журналан леррина арахецаран коьрта агIо, ГIур1995

Нохчийчоь -- Мансуран тIера Дудаевна тIекхаччалц, "Вайн Дагестан" журналан леррина арахецаран коьрта агIо, ГIур1995

Историн хьостамах тера ю, хIуъа а тIеолла аьтто болуш болчу, аьлла дуьненна а вевзаш волчу яздархочо Дюма Александара. ХIинца а кхоччуш язйина йоцучу нохчийн исторехь дуккха а ю сингаттаме а, къиза а яьхкина хенаш. Царах лаьцна яздинчу наха шайна луучу агIор тидина уьш, Дюмас бийцина хьостаманна санна, бакъ-ду дац ца бохаш шайн хетачу агIора хиламаш тIе а ухкуш.


Иза сийлахь артист ву олуш, хилла дерриг а дуьнентIехь. Муьлххачу а паччахьо а, пачхьалкхан куьйгалхочо а дозаллица тIеоьцуш хилла иза, цуьнга салам а делла маршалла хатта. Мичча а ша дIакхачча цо дIабоккхуш ца хилла ша къомах нохчийн хилар хаийта лелош болу холхазан куй.

Дерриг а дуьнентIехь вевзуш волу Эсамбаев Махьмуд вина Товбеца-беттан 15-чу дийнахь 1924-чу шарахь.

2008-чу шарахь Соьлж-гIалахь хIоллам хIоттийра цуьнан сийна лерина. Цигахь дакъалоцуш хиллачу Махьмудан бераллехь хиллачу доттагIо Йоккхачу АтагIарчу Солсаев Абуезида дага луьйца:

Солсаев Абуезид: «Жима волуш дуьйна къастина вара иза. Цхьаьна юкъанна нислора тхо ара дволий цхьаьнакхеташ. Тхо тхайн чура ара довлара, иза шен чура ара валара. Тхуна т1е куьйгаш т1ехь а вог1ий, халхаран бал бакхар цо. Берийн вовшашца дов даьлча, дов дан мегар дац олий, забаре а доккхий, берийн барт бора цо. Тамашийна вр-кх иза жима волуш дуьйна а».

Эсамбаев Махьмуд кхелхина 7-чу Январехь 2000-чу шарахь.

Ткъа 227 шо хьалха 1785-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чу дийнахь Шейх Мансур коьртахь волчу эскаро Каргински олуш йолу редут схьа а йоккхий, гоне лоцу ГIизлар-гIап.

Кхин а ши шо даьлча, Нохчийчохь эскар гулдан аьтто а ца болий, ГIоба-хил дехьа воьду Мансур.

1791-чу шарахь аьхка, Анапа-гIап йоккхуш, оьрсийн эскарша йисаре а лоций, Петарбухарчу Шлисселбург-гIоьпехь дIавалар нисло Шейх Мансуран.

Товбеца-беттан 7-чу дийнахь 1825-чу шарахь, инарла Греков коьртехь а волуш, оьрсийн эскар кхоча Герзель-эвла.

Товбеца-беттан 12-чу дийнахь Таймин Биболатан эскаро гоне лоца Герзель.

Оццу шарахь Товбеца-беттан 16-чу дийнахь инарлаш Грековс а, Лисаневича а дийцаршка кхойкху цу тIамехь дакъа лоцуш болу 318 нохчий а, ногIий а. Тешна бехк а бой, уьш хIаллак бан хьовсу уьш.

Иккхинчу тасадаларехь Майртуьпарчу Оччар-хьаж моллас воь инарла Греков. Ткъа Лисаневичана онда чов йо. Инарла Лисаневич ле цхьа кIира даьлча. Оьрсийн салтташа, тоьпаш йеттий, воь 200 сов нохчий а, ногIий а. Коьртачу декъана уьш хуьлу дешна нах.

Товбеца-беттан 7-чу дийнахь 1840 шарахь инарло Галафеевс куьйгалла деш долчу эскарша Йоккха АтагIа а, Чехкар-гIала а, ГIойтIа а, Хьалха-Марта а, Гихта а ягош цаьрна юькъахь хуьлу оьрсийн вевзаш волу поэт поручик Лермонтов Михаил. Оццу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь ВаларгтIехь нохчашца хиллачу тIамехь дакъа лаьцна аьлла, цунна ло Владмиран цIарах йолу орден. И тIом чекхбаьлча язйо Лермонтов Михаила ше дика йевзаш йолу «Валерик» цIе йолу байт. Цуьнах лаьцна дуьйцу Чабаев Лемас.

Чабаев Лема: «1840-чу шеран аьхкно юха а хазйинчу Нохчийчу ламанхой къарбан йогIу Тенгински полк. Цуьнан могIаршкахь хуьлу Лермонтов. Цо шен маьIана до хуьлучуьнан. Императоро а, цуьнан бено а лета ваийтинчу къонахчунна догIуш дац йо еш йолу ойланаш яр. ТIеман куьранна юккъехула язйо цо евзуш йолу байт «Валерик».

ЦIахь маршонехь, валарх-висарх еш ойла а йоцуш, синкъерамашка а лелаш ехачу, шен езаре язйина цо иза. Шегарчу хьоланий а, Даймахкахь бисинчу накъостийн хьоланий а юкъа, шаьш вовшах къастош дуккха а хьелаш доьлла хилар гойту Лермонтовс. Ца тов цунна дуьненан тоьллачу Iаламна къел а баьана шайн бIаьно беш болу тIом.

Цунна шеко а йоцуш, къордийна адамашна юкъахь лела гамо а, хьагI а, мостагIалла а. Кхин дIаечу ойланца дуьззина досту цо шен дог.

Я думал: жалкий человек.
Чего он хочет!? небо ясно,
Под небом места много всем,
Но беспрестанно и напрасно
Один враждует он — зачем?
Галуб прервал мое мечтанье,
Ударив по плечу; он был
Кунак мой: я его спросил,
Как месту этому названье?
Он отвечал мне: Валерик,
А перевесть на ваш язык,
Так будет речка смерти: верно,
Дано старинными людьми.

Валерик байт, кхеташ ма-хиллара, юьззина йогIу Лермонтовн амалца. Цхьана агIора заманан воI хила а везаш, импери цIарах кавказхо къар ван веана иза. Вукха агIора ша а, шайн бIо а нийса ца хиларх а кхета иза. Ткъа Валерик-байто гойту, харц тIемашкахь ша дIахьош долчу шен дахарх иза воккхавевеш ца хилар а, и тайпа дахар цунна къордийна хилар а».

Кхин а цхьа шо даьлча майоро Николай Мартыновс воь Лермонтов Михаил Пятигорск-гIалина генабоццуш болчу Машук-ломан йистехь.

1845-чу шарахь Товбеца-баттахь хуьлу исторехь дукха чIогIа хьехаш йоцу, амма мехала йолу тIеман операци. Имам Шемила кхоьллинчу Имаматан коьрта шахьар лоруш йолу ДаьргIа схьаяккха сацам бо оьрсийн паччахьан Кавказехь долчу эскаран буьйранчо княза Воронцовс.

Инарлашна юкъахь, хеташ ма-хиллара, коьрта шахьара схьа а яьккхкина дIабоьрзур бу моьтташ хилла Воронцовна иттаннаш шерашкахь схьабогIуш болу Кавказера тIом. Цо дагалаьцначуьнан хIун жамI хилира дуьйцуш ву историн Iилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: «Цуьнах «Ичкерийское сражение» а олу, «Даргийнский поход» а олу. Товбеца-баттахь Iаламат доккху эскар теттина хилла ДаьргIа схьаяккха. Кхузахь 21 батальон хилла. 46 йоккха топ а хилла. ГIо деш гIалгIазакхийн эскарш а хилла. Тактика а хийцина цара, Дагестанехула тIелатар дан сацам а беш.

ДIоггара дукха яккхийн дуьхьалонаш а йоцуш нохчийн дозане кхаьчна уьш. Вайна хууш ма-хиллара, ДаьргIа Дагестанан дозанна дукха гена яц. ДаьргIана чу баха аьтто баьлла церан. Нохчаша и юрт йитина. Иза оьрсийн эскарша, дIа а лаьцна, ягийна.

Амма цул тIаьхьа, Воронцовн эскаршна го а бина, уьш охьаата долийна. Оьрсийн кхетта шаьш эшна хиларх. Хиина царна шайн гIалат даьллий. Цул тIаьхьа церан Iалашо ца хилла имам Шемил вохо. Пачхьалкх дIаяккха еза боху ойланаш йита дезна церан. Дерриг а эскар хIаллак а ца дойтуш, ах мукъане а кхелхьара муха доккхур дар-те аьлла, оцу хьолана тIебаьхна хилла уьш.

И эскар доха-м дина, амма цхьана декъан къелхьара дала аьтто баьлла. Герзелехь резервехь дитина кхин а цхьа эскар хилла церан. Иза дуьхьала а деана, цхьа дакъа къелхьара даьлла. Масала, терахьашца дуьстича, 4000 сов стаг вийна а, чевнаш йина а хилла. Царна юкъахь инарла а хилла 168 эпсар а хилла.

Коьрта маьIна ду кхузахь, ДаьргIахь хиллачу тIеман политикан тIаьхьло хилар. 1845-гIа шарахь дуьйна оьрсийн куьйгалхоша, хьалха ма-хиллара нисса дIа тIамца чекхбовла а ца гIерташ, тIе тидам бахийтина халкъана юкъахь йолчу морзагIаллех а, халкъана юкъахь болчу цатемех, адамийн гIийла агIонех а пайдарна эца.

Цунна алссам ахча теттина хилла оьрсийн пачхьалкхо. Иза ду-кх 1845 шарахь хиллачу тIеман коьрта жамI».

1852-чу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь СемаIашка-эвлан херцарш тIехь оьрсаша юьлла Самашкинская олуш йолу станица.

Товбеца-беттан 15-чу дийнахь 1859 шарахь Оьрсийн эскарша ерриг а аьлча санна дIалоца Нохчийчоь. ТIемаш бар дехьа долу Дагестане.

1888-чу шарахь Товбеца-беттан 14-чу дийнахь паччахьан Iедалша дIакхайкха до Нохчийчура а, ГIалгIайчура а хьаннаш пачхьалкхан долахь ю олий.

Кулакаш хIаллакх бина ца Iаш, нохчийн буржуазин национализм хIаллак йо шаьш олий, цхьана дийнахь Товбеца-баттахь 1937-чу шарахь Нохчийчурчу болшевикийн Iедалша дIалоца 14 эзар стаг, вуьшта аьлча, дерриг нохчийн къоман 3 процент бахархой.

Товбеца-беттан 8-чу дийнахь1941-чу шарахь Совета пачхьалкхан чьхьарчу гуллакхийн наркомо Берия Лаврентийс омра до Гуьржийчохь Ахалхеван-къоштIахь тIеман операци дIахьо олий. Цу операцин Берияс билгаляьккхина йолу Iалашо хуьлу нохчийн бандех бисина болу Гуьржийчурчу Ахалхеван-кIоштIахь Хилдехьарчу а, МаIастарчу а чIожашкахь дIалевчIкъина болу зуламхой байар.

Товбеца-беттан 7-чу дийнахь 1941 шарахь НКВД-н ьандитизмаца къийсам латточу тобанан куьйгалхочуьнан когаметто Жуковс НКВД-н наркоман когаметте Кобуловга рапорт дохьуьйту Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах лоций.

Цу тIехь дуьйцуш хуьлу Нохчийчурчу чекистех лаьттачу бандитизмаца къийсам латточу тобано хIумма а деш дац ярташкахь олий. Агенташна юкъахь дукха бу шина а агIонна болх беш болу нах. Амма агенташна юкъахь чистка йеш цхьа а стаг вац бохаш, яздо Жуковс.

1944-чу шарахь Товбеца-баттахь цхьацца низамаш дохийна аьлла, Казахстанехь НКВД-но дIалоцу 2196 махкахваьккхиан волу стаг. Царах, наггахь а бен гIалгIай, я кхарачо воцуш, берш аьлча санна хуьлу нохчий.

1956-чу шарахь Товбеца-беттан 16-чу дийнахь Совета пачхьалкхан Лаккхарчу Советан Президиумо указ ара доккху Казахстанехь а, Юккъерчу Азехь а, Сибрех а болчу нохчашна шаьш бехачу ярташкара дIасабовла бакъо луш. Амма нохчий ара бохуш цаьргара дIабаьккхина болу бахам юха ло аьлла, ца хуьлу цу тIехь.

1992-чу шарахь Товбеца-беттан 22-чу дийнахь «го цIан бе» олий, кхайхкам бо Дудаев ЖовхIаре кхаа нохчийн парламентан дупутато, Сосланбеков Юсуп коьртехь а волуш. Нагахь иза цо ца дахь, шаьш, ницкъах пайда а оьцуш, дийра ду иза олий, кхерам тосу цара. Цу гIулкхо бух буьллу Нохчийчоьнан президент волчу Дудаев Жовх1арна а, парламентана а юкъахь иккхийнчу девнан.

Товбеца-беттан 30-чу дийнахь 1995-чу шарахь Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а векалша машар барт бо тIом сацо а, оьрсийн эскарш юхадаха а, Нохчийчохь харжамаш бан а. И барт беш юкъарло лелош хуьлу Европехь Кхерамазаллехула а, Цхьаьнабелхан а Вовшахтохараллан Соьлж-гIалахь йолу мисси.

Нохчийчохь, хьалхара тIом боьдаш, хьалхара машаран барт бина хан дагалуьйцуш ву цу хенахь ПОСТФАКТУМ (Postfactum) олуш хиллачу Оьрсийчурчу хаамийн агенталлехь болх беш хилла волу Султанов Ахьмад.

Султанов Ахьмад: «Къаьсттина аса тидам бинарг цхьа хIума дара. Дийцарш дIадоьлху меттиг, нах тIе ца гIертийта, милицино гонехь латтош яра. Цигара дехьо ваьлча, даиман а лаьтташ йоккху митинг хилара.

Дийцарш а дина, сарахь садаIа дIабоьлхуш, Масхадовс а Имаев Iусмана а, цу митингана тIе а боьлхий, цигахь дIахIоттийначу машенна тIе а бовлий, къамел дора. ТIом дIабера бу, самагатде олий, жимма нахана синтем бора цара.

ЦхьахIума дика дага догIу суна. Оцу дийцаршкахь дакъа лоцуш болчарна гIарол деш болчерна юкъахь къастина цхьа ши жимастаг вара. Хачукаев Мохьмад бохуш цхьа нохчийн тIемло а вара, цIен берет а тиллина, цхьа оьрсий а вара. Цаьршина вовшашца уьйраш тасаеллера. Журналисташа цаьршинан сурташ дахара, нохчин а, оьрсин а барт хилла бохуш, и шиъ велалуш а, мара ветталуш а.

Оцу оьрсийчо цхьаьана дийнахь совгIатанна урс делира Хачукаев Мохьмаданна, шен хаьнтIара схьа а даьккхина. Вукхо, кхин дуьхьала яла хIумма а ца хилла, ши-кхо патарма белира.

Кхоно, дийцарш жамI а доцуш дIа а дирзина, тIом юха а болабелча, тIемалой хьуьнхахь хиллера Iаш. Цхьана дийнахь Хачукаевна делла долу урс кхуьссуш хиллера уьш, нийсалла дIалатош. Эххар а цуьнан мукъ кагбелча гучудаьллера цу чохь леррина йиллина радиомаяк хилар.

ЦултIаьхьа тIемалоша дийцара, шаьш дIахIиттинчу муьлххачу а меттехь даиман а тIе бомбанаш еттара шайна бохуш. Уьш кхеташ ца хиллера, иза муха хуьлу бохучух. ТIом дIаболу аьлла, дицаршка веанчу салтичо деллачу уьрсана чохь йоллуш хилла-кх кхаьрна бомбанаш мичахь тоха еза аьлла, сигнал луш йолу и маяк».

1995-чу шарахь машаран барт бар доьзна хуьлу Басаев Шемилан тобано Оьрсийчурчу Буденовск-гIала рейд йина хиларца.

2006-чу шарахь Товбеца-беттан 10-чу дийнахь, кирадIасалелочу машенна чохь долу герз а эккхий, кхелха Басаев Шемил. ФСБ-н версица иза хуьлу, цара кечйина йолу, леррина операци. ТIкъа нохчийн тIемалоша дийцарехь, иза дара ларамаза хилла эккхар.

Иштта бара Товбеца-баттахь нохчийн исторехь хилла цхьаболу хиламаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG